Обарг
Обарг — лаьмнашка дӀа а вахана Ӏедал а, низам а кӀелара дӀа а ваьлла, талоран дахаре вирзина стаг; дуьхьанца — зулам дарна, дукха хьолахь стаг верна, тайпано шайна йукъара эккхийна волу кавказан ламанхо[1]. Термин даьржина хилла Къилбаседа Кавказехь, Гуьржийчохь (абраг), Абхазехь (абрагь), ткъа Азербайджанехь «Гачаг» олуш хилла.
Обарго нигат деш хилла массо а дахаран тамах дӀахада, массо а тӀамехь а, адамца а майра хила. Нигат деш хилла дукха хьолахь пхеа шарна[хьост?], оцу хенахь обарга дӀахадош хилла хьалхалера зӀенаш. Дахаре юхаверза обарган гӀодора хьешо — накъост кхечу тайпанара[1].
Кавказан тӀамехь
бӀаьра нисйанРоссийн империно Кавказ йоккхуш оьрсаша муьлххачу шайн муьтӀахь воцуш, ша я кегийрачу тобанашца партизанин тӀом беш волчу ламанхочух обарг олуш хилла[2]. Оьрсашна дуьхьал тӀом беш болчу ламанхойх чергазийн цӀе гаджерет лелош хилла[3].
Оцу хенахь обаргалла даьржина хилла; гӀарабевлла нохчийн обаргаш Назир-обарг, Вара, Кхарачой Атабай. Обаргаш кхуллура иттаннаш, бӀеннаш нах юкъахь болуш тобанаш, цара къоланаш, талораш дора, нах лечкъабора, дукхах дерг шайн чӀирхойн ярташкара.
Оьрсийн-японан тӀом
бӀаьра нисйан1880-1900-гӀа шерашкахь обаргалла цхьана ханна дӀатийра, амма карладелира Оьрсийн-японан тӀом болуш а, 1905—1907 шерашкара революци. Оцу хенара сурт довзийтана Елисаветполан губернин жандармерин инарла-майоро Полозовс: «Кавказехь 1905—1907 шеран революци гӀуллакх массанхьа цхьабосса дацара. Кхузахь иза кхин амал йолуш яра, Империн кхечу декъашкахь санна йоцуш… Нохчийчоь, ГӀалгӀайчоь, ГӀебарта, ДегӀаста, кхин бусулбачеран мехкашна оьрсийн революцийн партийн политикин тӀедехарш оьшуш ца хилира. Уьш, хаза а хеташ, оцу хенахь юккъерчу губернешкахь кхуллуш хиллачу кӀайнгвардин дошлойн хан могӀанашка юкъаболхара шайн лаамехь. Бакъду, лацалуш воцу Зеламха лелачу Терскан областехь обаргаш кӀеззиг тӀекхийтира». Гуьржийчохь а, Азербайджанехь а экспроприацеш, нах лечкъор, лаьцнарг мехах юхаверзош, террористийн белхаш алсама лаьттира.
Обаргаш тӀелетарш дора, хӀума кхерийна доккхура. Бакохан гонахьара маьхкдаьттан промыслийн дайша хӀора шарахь «ха дарна» 200 эзар сом лора[хьост?]; Каспий-хӀорд тӀехь чӀерий лоьцуш болчу наха обаргашна 100 а, сов а сом лора хӀорамма; яккхийра чӀерийн промыслийн дайша такхара 1000 а, кхин сов а сом шарахь. Хаси-Эвлахь вехаш волчу округан хьаькмо, прокуроро, кхин даржехь болчара, цигахь лаьттачу полко шина обаргана ши эзар сом шаран лора ха дарна. Ахча оцу гӀуллакхна бахархошкара гулдора, ткъа кехаташ тӀехь и ахча дайаран статьяхь «хехошна алапа» яздора[хьост?]. Къилбан ДегӀастанехь 1905—1913 шерашкахь Лаьзгийн Икра юртара обарга Бубас шен 20 стеган гӀераца Ӏазапехь латтийра Бакохара ХӀинжа-гӀала кхаччалц болчу Таркхойн хӀордан бердйист. Меттигера бахархой бахьана долуш цуьнан тобан барам 200 стаге кхаччалц тӀетоха йишйолуш бара. Цуо ясакх яккхара чӀеран промыслашкара, яккхийра бошмийн дайшкара, Дербентера хьалдолчу совдегаршкара. ГӀаланашкара цунна герз а, гӀирс а кхачара[4].
1910-гӀа шераш
бӀаьра нисйан1910-гӀа шерашкахь хилла уггар гӀарабевлла кавказан обаргаш. Уьш лела меттигаш охьаевлла гӀаланашка, аренашка а, ломан кӀажошка а охьакхелхинчу яккхийра ярташка, амма къайлабовлура уьш ломахь. Оцу хенахь обаргаш юкъагӀерта буьйлабелира ломан йукъараллин экономикин а, динан а гӀуллакхашна. Юьртийн а, округан а Ӏедалан дезара обаргаш аьлларг дина ломанхошна тоьхна налогаш лахъяха. Суннатехь болу ломан зударшна Бубас ца магийра шиӀиташна Дербентерчу промыслашка балха багӀа. Обаргаллин Ӏаткъамо халкъан кхетам айабаран тешалла ду оцу хенахь цхьа могӀа кхелхина обаргаш беза авлияаш (шейхаш) бу аьлла тӀелецира халкъо, масала азербайджанан обарг Ших-Заде[хьост?]. Церан кешнаш тӀе нах эха буьйлира Азербайджанехь, ДегӀастанехь, Нохчийчохь, ГӀебартахь. Уггар хӀилдолуш а, кӀелхьарабовлалуш а даиман лорура гӀалгӀайн талорхой, шаьш тӀе ма летта къайлабовлура лаьмнийн кӀоргехь, тӀекхача оцу меттигехь ца кхианиг лур а воцуче[хьост?]. Лекхачу лаьмнашкара хала дахаро ламанхошка талораш дайтора, лелош берг даиман а цхьа некъ бара готтачу Ӏинчухула, иза даиман а ларъеш яра. Амма та1заран экспедицеш, массо а Ӏинаш чуьра хьокху хьаннаш, оьрсийн салташа дохку некъаш арабехира ламанхой аренашка.
Буса обаргийн гӀера, гӀалин йистерачу цӀа чу а иккхина, герз диттира нехан хӀусамаш чу, говраш а йигна къайлабевлира, сатоссуш изза кхечу меттигехь а дира. Хехошца дӀаса герз диттина обаргаш къайлабевлира.
Бури-гӀала. 1911 шо 23 январь (5 февраль), газет «Оьрсийн дош».[5]
Российн Ӏедалан обаргашна доьхьал бечу белхан коьрта метод, оцу хенахь а, Кавказан тӀеман муьрехь а, тӀеман рейдаш а, та1заран экспедицеш а яра. 1908—1913 шерашкахь ДегӀастанан а, Теркан а областийн Ӏедалан обаргаш болчу кӀошташкахь латто дийзира, масала Кайтаган-Табасаранан, Темирханшурин округашкахь, регуляран эскарийн а, меттигера милицин алссама тобанаш. Обаргаш Ших-Заде а, Гушмазукаев Зеламха а кхелхира ломан милицица тӀом беш, Икрара Буба а, СагӀопшара Гараводжев Саламбек а шеш йийсаре бахара Ӏедална, аренан-тӀеман суьдан кхелаца 1913 шарахь ирх оьхкира.
Гражданийн тӀом
бӀаьра нисйанГражданийн тӀом болчу хенахь Ломан ДегӀастана, Нохчийчоь, Кхарачай, ГӀалгӀайчоь, ГӀебарта, Ставрополан мохк талорхойн гӀеранийн а, ламанхойн партизанийн тобанийн а майда хилира. Цхьайолу кегийра Хасу Юрт санна йолу гӀаланаш, буха хӀума ца дуьтуш къенйира цара, 1921 шарахь уьш йан а йацара. Дукхаха йолу талорийн гӀеранаш тӀомбира 1918—1920 шерашкахь даргӀойн Акхуша юртара шайх Ӏали-Хьажи а, большевикийн а агӀора. Амма цхьаберш тӀетевжира жӀайхойн шайхашна жӀайхойн Салта юртара Узун Хьажин а, ГоцӀин Нажмутдинан а.
1920 шарахь большевикаш хоттийра Къилбаседа Кавказехь советан Ӏедал, оцу гӀерийн обаргаш хиллаболу тхьамданаш шайн агӀора а баьхна, масала дегӀастанийн «цӀен партизанаш» Караев Кара а, Куппин Гирей а. 1921—1925 шерашкахь ГоцӀин Нажмудина обаргийн гӀоьнца советан дуьхьала партизанийн тӀом болийра ДегӀастанан а, Нохчийчоьнан а лаьмнашкахь. Талорхойн тобанаш болхбеш яра лаьмнашкахь 1930-гӀа шераш долалуш а, ткъа Нохчийчохь — Сийлахь Даймехкан тӀом болабаллалц.
Обаргийн ши тоба хьеелира Нохчийчохь тӀом дӀабаьллачул дуккха тӀехьа а, уьш халлакйира 1968—1970-гӀа шерашкахь. ТӀаьххьара нохчийн обарг Магомадов Хьасуха вийна 1976 шарахь[6].
Хьаьжа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Л. П. Семенов. «Лермонтов и фольклор Кавказа», Пятигорск, 1941, с.30
- ↑ Малая Советская Энциклопедия. Том первый. Аа—Ваниль. — М.: Акционерное об-во «Советская Энциклопедия», 1928.— С. 36.
- ↑ Торнау Ф. Ф. Воспоминания кавказского офицера. Часть вторая. 1835, 36, 37, 38 гг.
- ↑ С. Невский. ОРГАНИЗОВАННАЯ ПРЕСТУПНОСТЬ НА КАВКАЗЕ ВО ВТОРОЙ ПОЛОВИНЕ XIX — НАЧАЛЕ XX В. «История государства и права», 2008, № 18
- ↑ «Газетные старости» — газета «Русское слово»,5 февраля (23 января) 1911 года
- ↑ Хасуха Магомадов — Последний чеченский абрек Архивйина 2011-01-07 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Малая Советская Энциклопедия. Том первый. Аа—Ваниль. — М.: Акционерное об-во «Советская Энциклопедия», 1928.— 960 c.
- Новицкий И. Я. Управление этнополитикой Северного Кавказа. — Краснодар, 2011. — 270 с. — ISBN 978-5-94945-030-7.