Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ
Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ[1][2] (оьрс. Петирова Петимат Руслановна) (йина 1982 шеран 12 февралехь[1][3], Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Веданан кӀоштара, Элистанжа эвлахь[1]) — нохчийн поэтесса[4][5] а, журналист[5] а, Нохчийн Республикин йаздархойн бертан декъахо[5] а, Нохчийн Республикин журналистийн бертан декъахо а[5]. 2017 шеран октябрехь дуьйна — литературин-исбаьхьаллин «Гоч» журналан коьрта редактор[6].
Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ | |
---|---|
оьрс. Петирова, Петимат Руслановна | |
| |
ГӀуллакхан тайпа | Поэтесса, журналист |
Йина терахь | 1982 шеран 12 февраль (42 шо) |
Йина меттиг | Элистанжа Веданан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР |
Гражданалла | Росси |
Да | Руслан |
Нана | Тамуса |
Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйан1998 шарахь чекхйаьккхира Элистанжин йуккъера ишкол, ткъа 2004 шарахь — Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет [1][3].
Карьера
бӀаьра нисйанМасех шарахь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болх бира Хоттанехь. 2006 шарахь дуьйна болх бира Соьлжа-ГӀалахь жайнин арахецараллехь[5].
Петирова ПетӀамат белхан мукъа хенахь шен деза гӀуллакх леладо — байташ йазйо. Шен хьалхара гулам арахийцира 2009 шарахь. ПетӀамата нохчийн маттахь бен ца йазйо[7]. 2008 - 2017 шерашкахь ПетӀамат «Исламан зӀаьнарш» газетан коьрта редакторан даржехь йара[8][5].
2006—2008 шерашкахь болх бира жайнин арахецараллехь Соьлжа-ГӀалахь. ПетӀаматан байташ зорба тухуш йу журналашкахь: «Нана», «Орга», «Вайнах», «СтелаӀад», газеташкахь «Исламан зӀаьнарш», «Даймохк», «Хьехархо», забарен-емалин журналехь «ЗӀуга». Йаздан йолаелла прозехь, публицистикехь. ПетӀаматан байташ а, дийцарш а йукъадахана «МаргӀалш», «Нохчийн дийцар» гуламашка. Арабаьлла цуьнан байтийн гулам «Сатийсаман заза»[1][3].
2015 шарахь арабаьлла филологин Ӏилманийн кандидатан, Ӏилманан белхалочун Яндарбиев Хь. Ш. йаззам, «Нохчийн поэзин сатийсаман бос» цӀе йолуш, иза лерина йу поэтессин кхоллараллин талламан. Поэзе янле цуо болх бира хьехархо, журналист, йара дахаро зийна[9].
2017 шарахь ПетӀамат литературин-исбаьхьаллин «Гоч» журналан болх дӀаболон ойланца йистхилира. Карладаьккхина журнал араделира 999 экземпляр тиражца. Карладаьккхина «Гоч» журналан хьалхара лоьмар арахийцира ПетӀаматан ахчанах. Журнал хӀинца а дац пачхьалкхо финансаш латтош. МогӀамаш нохчийн матте бехира ПетӀамата а, цуьнан белхан накъосташа — нохчийн поэташа а, йаздархоша а[10]. ПетӀамат йу Нохчийн Республикин йаздархойн бертан декъахо а, Нохчийн Республикин журналистийн бертан а декъахо[5].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 Prometheus.
- ↑ Зори Ислама — духовно-просветительская газета Архивйина 2020-03-07 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 checheninfo.
- ↑ В Общественной палате ЧР прошел творческий вечер поэтессы Петимат Петировой
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 grozny-inform.
- ↑ Второе дыхание. Элина Хамзатова Архивйина 2018-06-14 — Wayback Machine
- ↑ В Грозном отметили Всемирный день писателя 03.03.2015 Архивйина 2018-06-14 — Wayback Machine
- ↑ В Грозном определены победители II Республиканского конкурса «Нохчийн мотт — сан дозалла» 26.04.2011 . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 15 июнехь Архивйина 2018-06-15 — Wayback Machine
- ↑ НОВЫЕ ПУБЛИКАЦИИ СОТРУДНИКОВ ИНСТИТУТА РАЗВИТИЯ ОБРАЗОВАНИЯ ЧР. Чахкиева Р. А. Архивйина 2018-06-16 — Wayback Machine
- ↑ Издание журнала «Гоч» возобновлено в Чечне 08.12.2017 Архивйина 2021-10-08 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Петимат Петирова: Перевод — творчество мужественных 03 Январь 2018 Архивйина 2018-07-01 — Wayback Machine
- Историко-культурологический онлайн журнал «PROMETHEUS» № 15 . ru.scribd.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 22 сентябрехь Архивйина 2013-09-22 — Wayback Machine
- Яндарбиев Х. Ш. Цвет надежды чеченской поэзии . checheninfo.ru (2015 шеран 20 октябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 июнь.
- Цагуева Луиза. Петимат Петирова: «Главное - оставаться человеком в любом деле» . grozny-inform.ru (2015 шеран 4 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 июнь.