РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет (РСФСР ПКхК) — РСФСР республикин пачхьалкханкхерамзалла латторехь урхаллин меже, болх бина 1955 шеран 26 мартера 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц а, 1991 шеран 5 майра 26 ноябрь кхаччалц болчу муьрашкахь.
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет | |
---|---|
оьрс. Комитет государственной безопасности РСФСР | |
Пачхьалкх | / РСФСР |
Кхоьллина |
1955 шеран 26 мартехь 1991 шеран 5 майхь |
ДӀасахецна (хийцина) |
1965 шеран 17 декабрехь 1991 шеран 26 ноябрехь[1] |
Юрисдикци |
РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиум (1991 шеран 10 июль кхаччалц) РСФСР Министрийн Кхеташо (1991 шеран 10 июль кхаччалц) РСФСР Президент ССРС ПКхК |
Штаб-квартира | Москох |
Бюджет | Къайла даьккхина |
Хьалха хилларг |
ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин министралла (1946—1953) |
Когаметтаниг | РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла |
Куьйгалла | |
Куьйгалхо | Виктор Валентинович Иваненко (тӀаьххьарниг) |
Цунах 1991 шеран 26 ноябрехь йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (РСФСР ФКхА)[1].
РСФСР ПКхК истори
бӀаьра нисйан1923 шеран 15 ноябрера 1941 шеран 5 апрель кхаччалц а, 1965 шеран 17 декабрера 1991 шеран 5 май кхаччалц а, РСФСРн СССР кхечу союзан республикийн санна яцара шен республикин кхерамзаллин меженаш (кхин а 1990 шо кхаччалц республикин яцара компарти — цуьнан меттана йара ССКП). Оцу муьрехь РСФСР махкахь — гӀаланашкахь, областашкахь, мехкашкахь, автономин гуонашкахь, автономин советийн социалистийн республикашкахь – массо а ПКхК меттигера республикин урхаллашна куьйгалла дора ерригсоюзан Комитето.
- 1955 шеран 26 мартера[2] 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц йара РСФСР Министрийн Кхеташонан Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет[3][4].
- Комитет меттахӀоттийра 1991 шеран 5 майхь РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиуман сацамца РСФСР Пачхьалкхан дуьхьалонан а, кхерамзаллин а комитет йекъаран новкъа[5]. Оцу хьолехь РСФСР ПКхК йукъайахара ССРС ПКхК системин, тӀаккха шинна куьйгакӀела йахара — союзан ПКхК а, РСФСР республикин Ӏедалан меженийн а. ШолгӀачу дийнахь (6 майхь) РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель волу Ельцин Бориса а, ССРС ПКхК председатель волу Крючков Владимира а РСФСР халкъан депутатийн гуламан сацам кхочуш беш, РСФСР ПКхК йухакхоллар чӀагӀдеш, куьг йаздира протоколан, союзан-республикин пачхьалкхан комитетан статус йелира[6]. МеттахӀоттийна российн пачхьалкхан кхерамзаллин гӀуллакхан штат 14 стаг бен яцара. Комитет РСФСР Лакхара Кхеташонан гӀишлонан чохь йара, шен долара меттигера меженаш а яцара[7]. Республикин инарлин прокуроран (1991—1993 шерашкара) В. Г. Степанковн хетарехь: "...иза советийн ПКхК Ӏаткъамах маьрша яла гӀортар дара. Амма цуьнан жима аппарат йара, вериг 100 стаг, болх беш бара уьш оццу Лубянкехь, Крючков санна"[8].
- 1991 шеран гурралц йухакхоьллина Комитетан штат йара масех стаг, амма ССРС ПКхК дӀайаккхаре терра, цуьнан бакъонаш а, барам а тӀекхета болабелира. ССРС ПКхК 1991 шеран августехь болийна хийцамаш бахьнехь, КъХПК йоьжначул тӀаьхьа, РСФСР ПКхК кара дӀаделира союзан ПКхК цхьацца дакъош, масала:
- 1991 шеран 21 августехь — ССРС ПКхК Москохан а, Москохан областан а урхалла[9]
- 1991 шеран 5 сентябрь — хьалха дуьххьала дӀа ССРС ПКхК куьйгакӀела хилла РСФСР дукхаха йолу субъектийн пачхьалкхан кхерамзаллин меженаш[7]
- 1991 шеран 1 ноябрь — оперативан-техникин урхалла, 7-гӀа урхалла, ССРС ПКхК 12 дакъа[7]
- 1991 шеран 26 ноябрь РСФСР Президента Б. Н. Ельцина омаран куьг йаздина, оцу омарца РСФСР ПКхК йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (ФКхА) РСФСР пачхьалкхан комитетан бакъонаш йолуш.
ПКхК куьйгалла
бӀаьра нисйанРСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель
бӀаьра нисйан- ? (1965 шо кхачале)
- Иваненко, Виктор Валентинович (д.кх. 1991 шеран майхь дуьйна; 1991 шеран 5 августа — 26 ноябрь)
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан хьалхара гӀовс
бӀаьра нисйан- ? (1965 шо кхаччалц)
- Поделякин, Владимир Андреевич (24 сентябрь — 26 ноябрь 1991)
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан гӀовсаш
бӀаьра нисйан- ? (1965 шо кхаччалц)
- Поделякин, Владимир Андреевич (1991 шеран май — 24 сентябрь)
- Орлов, Станислав Александрович (1991 шеран 24 сентябрь — 26 ноябрь)
- Фисенко, Владимир Никитич (1991 шеран 24 сентябрь — 26 ноябрь)
- Ямпольский, Валерий Борисович (1991 шеран 13 — 26 ноябрь)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Указ президента РСФСР от 26 ноября 1991 года № 233 «О преобразовании Комитета государственной безопасности РСФСР в Агентство федеральной безопасности РСФСР» . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 25 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь
- ↑ Заседания Верховного Совета РСФСР 4-го созыва, первая сессия (23-26 марта 1955 г.) : стенографический отчет. - 1955
- ↑ Конституция (Основной закон) РСФСР в редакции от 9 июля 1965 г.
- ↑ Закон РСФСР от 17 декабря 1965 г. "О внесении изменений и дополнений в текст Конституции (Основного Закона) РСФСР"
- ↑ Постановление Президиума Верховного Совета РСФСР от 5 мая 1991 года № 1165-I . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 26 августехь Архивйина 2014-08-26 — Wayback Machine
- ↑ История создания :: Федеральная Служба Безопасности
- ↑ 1 2 3 КГБ РСФСР
- ↑ Как 25 лет назад начинался путч и почему не сработал план ГКЧП
- ↑ Постановление Верховного Совета РСФСР от 21.08.1991 № 1625-I . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 29 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 29 октябрехь Архивйина 2014-10-29 — Wayback Machine