Ла́манан рагӀ — дика къаьсташ басенаш йолу, еха асанца озийна рельефан айар. Уггаре лекха меттигаша до регӀан дукъ — дохаллехь озийна, рагӀ шина басенна йоькъу аса, цунах хидоькъе олу (дуьхь-дуьхьала лаьтта эркан майданаш йоькъу аса). РогӀан дохаллин йисташкахь дукъ дукха хьолахь охьатаьӀа. Дукъ тӀехула йоккху семан аса, йа рогӀан аса, иза гойту орографийн схеманашкахь.

Ламанан дукъ (рагӀ) космосера
Моравин дукъ (рагӀ)

Ламанан рогӀан кеп, йохалла, локхалла йозу кхолларан муьрах а, кхиаран исторех а, ткъа кхин а иза лаьтта ламанан породех а. РогӀан кӀажошкара дукъ тӀекхаччалц йолу меттиг масех бӀе метр тӀера, наггахь масех километре кхочу; рогӀан йохалла — иттаннаш, бӀенаш километраш, басеш дукха хьолахь Ӏункара хуьлу. Семан аса кепех алсама хуьлу нийсанаш а, гӀийра хьевзинаш а.

РаьгӀнийн йукъаметтиг

бӀаьра нисйан

Ламанан раьгӀана цхьаьнакхеттачу меттигех олу ламанан система.

Луларчу раьгӀнашна чутаьӀначу аренах раьгнаш йекъайалар олу.

Лаьмнийн генаш

бӀаьра нисйан

Йаккхий ламанан раьгӀнийн дукха хьолахь хуьлу лаьмнийн генаш — агӀонашкахула дӀасадоьлху генаш, уьш мелла а кегийра раьгӀнаш хуьлу.

Ламанан шодмаш

бӀаьра нисйан

Шиъ йа масех ламанан рагӀ цхьаьнакхета меттигах ламанан шед олу.

Ламанан зӀенаш

бӀаьра нисйан

Асанца ул-уллехь лаьтта, чутаӀарша екъна ламанан регӀанех массиваш олу, цара йо ламанан зӀенаш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан