Рыбкин, Иван Петрович
Ры́бкин Ива́н Петро́вич (вина 1946 шеран 20 октябрехь, Семигоркехь, Терновкан кӀошт, Воронежан область[1]) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, политикин Ӏилманийн доктор. 1-ра кхайкхаман Пачхьалкхан думин (1994—1996) председатель, РФ кхерамзаллин кхеташонан (1996—1998) секретарь.
Рыбкин Иван Петрович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж кхоьллина Хасбулатов Руслан (РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель) |
||||||
Когаметтаниг | Селезнёв Геннадий | ||||||
|
|||||||
Президент | Ельцин Борис | ||||||
Хьалха хилларг | Лебедь Александр | ||||||
Когаметтаниг | Кокошин Андрей | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Дарж кхоьллина | ||||||
Когаметтаниг | Шестаков Василий | ||||||
Вина терахь | 1946 шеран 20 октябрь (78 шо) | ||||||
Вина меттиг | Семигоркехь, Терновкан кӀошт, Воронежан область, РСФСР, ССРС | ||||||
Зуда | Рыбкина Альбина | ||||||
Парти |
ССКП, РСФСР КП, РФКП (1968—1994) Аграрийн парти, (1994—1995) Российн Социалистийн парти (1996—2003) |
||||||
Дешар | Волгоградан йуьртабахаман институт | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- [«Даймехкан гӀуллакх дарна»]] III тӀегӀан орден (1996 шеран 19 октябрехь) — пачхьалкхан гӀуллакхаш дарна, демократи кхиош доккха дакъа лацарна пайден йукъараллин гӀуллакхна[2].
- СовгӀатан герз – РФ дуьхьалонан министраллин цӀеран тапча ПСМ[3]
Биографи
бӀаьра нисйанСхьавалар
бӀаьра нисйанВина ахархойн доьзалехь. Ишкол чекъйаьккхира дешин мидалца[4]. Лакхара дешар дешна Волгоградан йуьртабахаман институтехь, иза тӀехдика чекхйаьккхира 1968 шарахь инженер-механик говзаллица, 1974 шарахь чекхйаьккхира оццу институтан аспирантура, 27 шо долуш хилира техникан Ӏилманийн кандидат[4]. 1991 шарахь чекхйаьккхира ССКП ЦК йукъараллин Ӏилманийн академи, ткъа 1993 шарахь РФ АГӀМ дипломатин академи.
1968—1969 шерашкахь «Ильичан весеташ» колхозехь (Волгоградан областера Новоаннинскан кӀоштан) лакхара инженер болх бира. Эскарехь гӀуллакх дира.
Политикин гӀуллакх
бӀаьра нисйан1987 шарахь дуьйна болх бира Волгоградан Советийн кӀошткоман хьалхара секретаран даржехь. 1991 шарахь РСФСР компартин ЦК декъан куьйгалхо вара, Августан путч а йоьхна, ССКП дӀасахецча дакъа лецира Российн Аграрийн парти йуьллуш. РФКП меттахӀотторан II гуламан инициаторех цхьаъ хилира, РСФСР коммунистийн гулам гулбаран Инициативан комитетан Президиуман декъахо. 1993 шеран февралехь РСФСР КП леррина гуламехь, цунах йира РФКП, хаьржира РФКП ЦКхК декъахо. 1993 шеран 14 февралехь хаьржира РФКП ЦИК председателан гӀовс, оцу даржехь лаьттира 1994 шеран 21 апрель кхаччалц. 1993 шеран 14 февралера 1994 шеран апрель кхаччалц РФКП ЦК (ЦКхК) Президиуман декъахо.
1994—1996 шерашкахь 1-ра кхайкхаман Пачхьалкхан думин председатель вара, кандидатура кховдийра РАП фракцис. «Тхуна оцу хеннахь бакъо йелира тхайн могӀанашкара спикеран дарже кандидат арататта, аса айсса кховдийра Рыбкин Иван», — дийцира РАП лидеро М. И. Лапшина[5]. Как вспоминал сам Рыбкин: «Когда получал в кабинете Ельцина удостоверение председателя Госдумы, сказал Борису Николаевичу: „Повторения Белого дома больше не будет никогда!..“»[4].
1995 шарахь Пачхьалкхан думе харжамашкахь (1995) кхолла а коьллина, коьрте хӀоьттира Йукъараллин-политикин боламан «Бартан», цуо «Российн регионаш» боламца цхьаьна кхоьллира Рыбкин Иванан харжаман блок. 1996 шарахь боламах йира «Российн Социалистийн парти», иштта дакъа лецира Пачхьалкхан думе харжамашкахь (1999), парламенте чекх а ца волуш.[6]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Рыбкин Иван Петрович Архивйина 2009-03-28 — Wayback Machine // Сайт Госдумы ФС РФ
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 19 октября 1996 года № 1465 «О награждении орденом «За заслуги перед Отечеством» III степени Рыбкина И.П.»
- ↑ "Именное оружие из рук Павла Грачева получили многие штатские. Так, пистолетом ПСМ награждены и ярый охотник, тогдашний грозный премьер Виктор Черномырдин, и на вид такие мирные политики, как Иван Рыбкин, Сергей Филатов, Юрий Батурин"
Как раздаривали пистолеты // "Аргументы и факты", № 28 от 8 июля 1998 - ↑ 1 2 3 Олег Пересин: «Настройщик» Архивйина 2020-07-16 — Wayback Machine. «Итоги», № 11 (875), 18.03.2013
- ↑ Записная книжка лидера АПР. М., 2003. С. 5
- ↑ Социалистическая партия России Ивана Рыбкина