Селезнёв, Геннадий Николаевич
Селезнёв Генна́дий Никола́евич (вина 1947 шеран 6 ноябрехь, Серов, Свердловскан область, РСФСР, ССРС — велла 2015 шеран 19 июлехь, Москох, Росси) — советийн а, российн а пачхьалкхан, политикин гӀуллакххо.
Селезнёв Геннадий Николаевич | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
|
|||||||
Президент | Ельцин Борис Путин Владимир |
||||||
Хьалха хилларг | Рыбкин Иван | ||||||
Когаметтаниг | Грызлов Борис | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ковалёв Валентин | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж кхоьллина | ||||||
Когаметтаниг | Игорь Ашурбейли | ||||||
Вина терахь | 1947 шеран 6 ноябрь | ||||||
Вина меттиг | Серов, Свердловн область, ССРС | ||||||
Кхелхина терахь | 2015 шеран 19 июль (67 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москва, Росси | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Зуда | Селезнёва (Маслова) Ирина Борисовна | ||||||
Бераш | Селезнёва Татьяна Геннадьевна | ||||||
Парти |
ССКП (1968—1991) РФКП (1992—2002) Росси денйаран парти (2002—2015) |
||||||
Дешар | |||||||
ГӀуллакхалла | политик | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Болхбаран меттиг | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ССКП ЦК декъахо (1990—1991), РФ шолгӀа а, кхоалгӀа кхайкхаман Пачхьалкхан думин председатель (1996—2003), РФ хьалхарчу йеа кхайкхаман Пачхьалкхан думин депутат (1993—2007). Аьрру политикин « Росси денйаран» парти коьллинарг, Мособлбанкан директорийн кхеташонан председатель (2009—2014), Дуьненайукъара «Цхьаьна» телекинофоруман председатель[1]. Президент Федерации конного спорта России (2005—2010)[2][3].
1980 - 1993 шерийн муьрехь «Комсомолан бакъдерг», «Хьехархочун газет», «Бакъдерг» газетийн коьрта редактор.
Коммунистел тӀаьхьарчу Россехь Селезнёв вара уггаре лакхара коммунист, 8 шарахь гергга лаьттира пачхьалкхан тӀегӀанера доьалгӀачу даржехь, цуьнца цхьаьна 1996—2002 шерашкахь вара РФКП ЦК Президиуман декъахо. Баьржинчу маххадорца, хаъал дакъалаьцна российн парламентаризм хӀоттарехь[4][5][6].
Биографи
бӀаьра нисйанБераллера а, жималлера а шераш
бӀаьра нисйанВина Свердловскан областера Серовхь. Хьалха кхелхина да, кхиийна нанас а, ненан майрано а. 7 шерера 10 шо хиллалц ваьхна ненаненаца Чудски Борехь, цигахь чекхйаьккхина йуьхьанцара ишкол. 11 шо долуш кхелхина нана йолчу Ленинграде, цигахь чекхйаьккхина Выборган кӀоштара N 471 йолу ишколан 8 класс[7]. Бераллехь дуьйна Геннадийн йезайелира говраш. Цунах лаьцна Селезнёвс дагалоьцура: «Сан дахарехь даиман а уллехь дара божалш, белхан говраш: тхуна берашца цхьаьна хазахетара Ӏу хуьйцуш, тӀаккха буса говраш хоьхкура». Жималлехь Ӏемира говран спортан ишколехь[8].
1964 шарахь чекхйаьккхира говзаллин-техникин доьшийла. 1964 - 1966 шерашкахь Ленинградера № 730 йолчу предприятехь (Ленинградан пачхьалкхан компрессоран заводехь) токарь болхбира[9]. Ша Селезнёвс дуьйцура: «ГТД итт баттахь дешначул тӀаьхьа хьажийра ленинградан „Компрессор“ заводе, ткъа болх бинчул тӀаьхьа оьхура суьйренан ишколе».
1966—1967 шерашкахь гӀуллакхехь вара Архангельскан областан Мирни гӀалара ракетийн эскаршкахь[7]. 1967 шарахь деша хӀоьттира ССРС Министрийн Кхеташонера ССРС ПКхК Москохан лакхара дозанан баьччаллин доьшийле, амма тӀаьхьо йукъараваьккхира цигара могашаллин хьал бахьнехь[10]. Цул тӀаьхьа Советийн Эскарехь гӀуллакхехь вара[9].
Журналистикехь
бӀаьра нисйан1974 шарахь дуьхьала воцуш чекхйаьккхира ЛПУ А. А. Ждановн цӀарах журналистикин факультет[9] вместе с О. К. Рудновым. В 1974—1980 годах — заместитель главного редактора, главный редактор областной газеты ВЛКСМ «Смена» (Ленинград)[9].
1980 шо — ЙЛККС ЦК пропагандин а, агитацин а декъан куьйгалхочун хьалхара гӀовс[9], Москох гӀалин ЙЛККС ЦК бюрон декъахо.
1980—1988 шерашкахь — «Комсомолан бакъдерг» газетан коьрта редактор[9]. Селезнёвс «Комсомолан бакъдерг» газетехь болх бечу муьрехь йукъайоу «дуьххьал йолу аса» («КБ» газетан дешархойн телефонан къамелашкахь гӀарабевллачу политикашца а, йукъараллин гӀуллакххошца), йукъадовлу бесара хӀора кӀиранан «Комсомолан бакъдерг» газетан тӀедеш долу сов газет — «Къамелхо» газет (ССРС хьалхара бесара хӀора кӀиранан газет), кхин дерш а. Оццу хенахь Селезнёв волуш «Комсомолан бакъдерг» газето дӀайиллира советийн рок-музыкин дуьхьала кампани (йаззам «Сийна олхазарх йина рагу», кхин а)[10].
1988 шеран декабрера 1991 шеран февраль кхаччалц — «Хьехархойн газетан» коьрта редактор[9]. Оцу даржехь гӀолецира «ССРС шеран хьехархо» къовсам кхуллуш.
Пачхьалкхан Къинхьегаман комитетан кегийрхойн институтан журналистикин кафедрин куьйгалхо, хьалха хилла Лакхара комсомолан ишкол. Селезневс лекцеш йеша кхайкхинчу хьехархошна йукъахь бара тайп-тайпана политикин некъ лело а, пачхьалкхашкара а нах — Кьеза Джульетто, Слоним Маша, Лысенко Анатолий, Калугин Олег, Поздняев Михаил, Иванов Юрий, Пономарёва Ксения, Пилипенко Юрий. Селезнёвн курсера арахецархошна шеш журналистикехь карийна ца Ӏа — шен кхоллараллин некъ хаьржина йишлакхархочо Любавин Сергейс, актрисас Старостина Еленас.
1990 шеран июлехь дуьйна[10] 1991 шеран август кхаччалц — ССКП ЦК декъахо.
1991 шеран февралера август кхаччалц — «Бакъдерг» газетан коьрта редакторан хьалхара гӀовс[9], ткъа 1991 шеран августан хиламаш — «Бакъдерг» газетан коьрта редактор[9].
1991 шеран августехь хӀоьттира «Бакъдерг Интернешнл» АЙ вице-президентан дарже[9].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Къаьмнийн доттагӀаллин орден (1986 шеран 23 январь) — Кегийрхой коммунистийн агӀора кхиорехь болх барна[11]
- орден «Даймахкан хьалха гӀуллакхаш дарна» II тӀегӀанан орденан (1997 шеран 6 ноябрь) — Пачхьалкхан гӀуллакхаш дарна а, российн парламентаризм кхиорехь ша доккха дакъа лацарна а[12]
- ДоттагӀаллин орден (2001 шеран 18 апрель, Пачхьалкхийн — ЛДП декъашхойн парламенташна йукъара ассамблей кхеташоно)[13]
- Скорина Францискан орден (2001 шеран 12 январь, Белорусси) — Беларусин а, Российн а къаьмнашна йукъахь цхьаьнагӀуллакхаш дарна а, доттагӀалла чӀагӀйарна а, кхиорна а ша доккха дакъа лацарна[14]
- Лааме ДоттагӀаллин Пачхьалкхан грамота (2001 шеран 1 июнь) — Лааме ДоттагӀаллин Пачхьалкх кхиорехь а, чӀагӀйарехь а жигара болх барна[15]
Иэс
бӀаьра нисйан2019 шеран 21 ноябрехь Петарбухан пачхьалкхан университетан Ректоран флигелан гӀишлон тӀехь дӀадиллира иэсан у[16][17][18][19].
Библиографи
бӀаьра нисйан- Имя с первой полосы: герои эпохи — герои «Комсомольской правды» / Селезнев Г. Н., ред.; Андриянов В. И., ред.; Афанасьев А. В., сост.; Долгополов, Н. М., сост.; Лаврова К. Н., сост.; Овчинникова Л. П.,с ост.; Хабидулин В., сост.; Шуткевич В. М., сост.; Янчук Г. В. сост.; Селезнев Г. Н., автор предисловия и т.п.; Шевцов М. К., худ. — М.: Правда, 1985. — 589, [3] с. 200 000 экз.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Утверждён состав Совета по общественному телевидению . Kremlin.ru (2012 шеран 18 июль). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 февраль. Архивйина 2013 шеран 15 февралехь
- ↑ Ушёл из жизни Геннадий Селезнёв
- ↑ Умер Геннадий Селезнёв Архивйина 2018-07-06 — Wayback Machine
- ↑ НТВ. Геннадий Селезнёв (1947—2015)
- ↑ Вести. Ru Политик над схваткой: в Москве скончался Геннадий Селезнёв
- ↑ «Единая Россия»: экс-спикер Госдумы Селезнёв был мастером компромисса
- ↑ 1 2 Селезнев Геннадий Николаевич - 6 ноября 1947 г - 19 июля 2015 г | Neftegaz.RU . neftegaz.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 май.
- ↑ Gazeta.ru, 20 июля 2015. Умер Геннадий Селезнев Архивйина 2018-07-06 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Lobbying.ru | Селезнев Геннадий Николаевич . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 20 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 5 мартехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 [http://www.panorama.ru/gov/gov20038.shtml Russian Governement
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета СССР от 23 января 1986 года № 4052—XI «О награждении орденами и медалями СССР наиболее отличившихся работников редакции газеты „Комсомольская правда“ и типографии имени В. И. Ленина издательства ЦК КПСС „Правда“, занятых выпуском газеты»
- ↑ http://graph.document.kremlin.ru/documents/1150322(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Постановление Совета Межпарламентской Ассамблеи государств — участников Содружества Независимых Государств от 18 апреля 2001 г. № 17 О награждении орденом «Содружество» . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 5 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 28 июлехь
- ↑ Указ Президента Республики Беларусь от 12 января 2001 года № 22 «О награждении Г. М. Селезнёва, Ю. М. Лужкова и В. А. Садовничего орденом Франциска Скорины» . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 8 июнехь Архивйина 2019-06-08 — Wayback Machine
- ↑ Протокольное решение Совета глав государств СНГ «О награждении Грамотой Содружества Независимых Государств» (Принято в г. Минске 1 июня 2001 года) . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 6 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 22 апрелехь Архивйина 2016-04-22 — Wayback Machine
- ↑ [https://piter.tv/event/V_Peterburge_otkrili_memorialnuyu_dosku_Gennadiyu_Seleznevu/ В Петербурге появилась мемориальная доска Геннадию Селезневу
- ↑ [https://spbu.ru/news-events/novosti/po-iniciative-spbgu-v-peterburge-poyavyatsya-novye-memorialnye-doski-izvestnym По инициативе СПбГУ в Петербурге появятся новые мемориальные доски известным ученым - Санкт-Петербургский государственный университет
- ↑ [https://spb.aif.ru/society/people/memorialnaya_doska_zhurnalistu_seleznevu_poyavitsya_v_sankt-peterburge Мемориальная доска журналисту Селезневу появится в Санкт-Петербурге | Люди | ОБЩЕСТВО | АиФ Санкт-Петербург
- ↑ [https://topspb.tv/news/2019/11/21/memorialnuyu-dosku-gennadiyu-seleznevu-otkryli-na-fasade-rektorskogo-fligelya-spbgu/ Мемориальную доску Геннадию Селезневу открыли на фасаде ректорского флигеля СПбГУ | Телеканал "Санкт-Петербург
Литература
бӀаьра нисйан- Селезнёв, Геннадий Николаевич // Румыния — Сен-Жан-де-Люз. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 695. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 29). — ISBN 978-5-85270-366-8.