Саракаев, Ибрагим-Бек

(Саракаев Ибрагим-Бек тӀера хьажжина кхуза)

Ибрагим-Бек Саракаев (1883 шеран 21 сентябрь, Ведана, Нохчийчоь, Росси — 1934 шо, Ведана, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — хьалхара нохчийн йаздархо а, публицист а, нохчийн фольклоран а, гӀиллакхан а историк.

Саракаев, Ибрагим-Бек
Саракаев Ибрагим-Бек паччахьан армин эпасаран дохарехь
Саракаев Ибрагим-Бек паччахьан армин эпасаран дохарехь
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, журналист, поэт, новеллист
Вина терахь 1883 шеран 21 сентябрь({{padleft:1883|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Вина меттиг Ведана, Нохчийн Республика, Россий импери
Кхелхина терахь 1934({{padleft:1934|4|0}})
Кхелхина меттиг Ведана, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Корматалла йаздархо, поэт, журналист, публицист, гочдархо
Гражданалла Росси РоссиССРС СССР
Нана Самта
Зуда Мариам Эльмурзаева
Бераш

Ибрагим-Бек вина 1883 шеран 21 сентябрехь Веданахь. Цьуна да дукха хьалха велира. Цул тӀехь дукха хан йалале цуьна нана Самта а йелира. Цера кхо бера дисира: ши кӀант Ибрагим а, Азиз а, йоӀ Мани а. Бераш хьалакхиира де вашас Сабай Сазоевич Саракаевс, Лейб-гвардин Уланан полкан поручикс. Иза кест-кеста цхьана меттера кхоьчухьа дӀаваха везаш хуьлура.

Ибрагим-Бекс XX бӀешо долалуш хенахь чекхйаьккхира БуритӀера реалан училище. 1902 шарахь иза Тифлисе вахара. Цигахь цо литературин а, журналистан болх болабира цу хенахь девзачу «Кавказ» журналехь.

1907 шарахь Ибрагим-Бек Саракаев БуритӀе дӀа а вахана «Терек» газете балха дӀахӀоттира (Оцу газетехь болх беш вара вевзаш волу революционер-большевик Сергей Киров).

Цу хенахь цо йазйира «Нохчо», «Чеченец», «Веданхо», шортта кхийолу произведениш. Амма уьш арахецар 19111914 шарашкахь бен ца нисделира. Иштта цо йазйира 30 сов статья Нохчийчоьнан халкъан а, латтан а гӀуллакхашах лаьцна, суьдхойн гӀуллакхашах а, культура а, дешар а кхиорах а. Оцу статьяшчохь цо нийса дӀаюцур Ӏедалан векалаш лелош йолу харцонаш.

Саракаевс арахийцира йаккхи историн а, философин а талламаш, масала «Мюридизм», «Шамилигара дов хаттар а, вер а», иштта кхиераш. Арахийцира Саракаеван шиъ боккха исбаьхьаллин а, документалан а болх: 1913 шарахь — «Нохчичоьн лаппагӀашкул»; 1914 шарахь — Нохчийчоь а, «Шамиль лацар а». Уьш йара Нохчийчоьнан исторехь хьалхара нохчис йазйина шен халкъанах бакъдерг дуьйцуш.

Хьалхар Дуьненан тӀом болабелча Ибрагим-Бек дӀайазвелира «Акха дивизийн» салти. Цуьна майраллин а, хьакъалин а цуьна сий деш иза эпсир вира. Цхьа зама ялча иза подполковник дарже кхечира.

Цуьна доьналлин цуна йелира Силаллийн Георгийн IV даржан орден, Силаллийн Аннин II даржан орден гӀалакхашца, Силаллийн Станиславан II даржан орден гӀалакхашца.

Совет Ӏедал дӀахӀоттича

бӀаьра нисйан

1914 шарахь Ибрагим-Бек Саракаевс тӀамтӀе воьду. Цигахь шен йиш хилча цо дийцараш йаздо, амма, царна реза воцуш, цо уьш наггахь бен зорбан тӀе ца йоккху. Шен дахаран тӀаьххьара 20 шарахь цо чӀогӀа кӀезга йазйора.

1917 шеран Февралин революци хиллачул тӀехь иза вара Тапа Чермоевн Ламан Ӏедалахь ша-тайпан косташан гӀуллакххо.

Граждански тӀеман хенахь Сергей Кировн рекомендацица иза вара XI ЦӀен Эскирахь буьйранчан латторан когаметтаниг. Нохчичохь Совет Ӏедал тоьлча иза хилира Нохчийн автономни областан милицин хьаькиман когаметтаниг. Иза НКВДс хьийзавора, амма иза ша велира 1934 шарахь Веданахь.

Сталинан хенахь Саракаев тайпан дукха нах Ӏедалас хӀаллакбира, амма 1990-гӀа шерашкахь уьш бехказбаьхнера.

1926 шарахь цо йалира йевзаш йолу журналистка Мариам Эльмурзаева. Иза йара Ламан Ӏедалан премьер-министран Тапа Чермоеван йишин йоӀ. Цера кхо бера дара: Азамат, Юсуп, Хамзат. Царех жиманиг, Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович (вина 1927 шарахь) хилира вевзаш волу журналист, йаздархо, поэт, гочдархо.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Опышко О. Л. Кавказская конная дивизия. 1914—1917 гг. Возвращение из небытия. Нальчик. «Эль-Фа». 2007. — 512 с., с.328 . — ISBN 978-5-88195-873-2
  • М. Гортикова. «Образы во времени». «Сердало». Газета Республики Ингушетия, № 2(9691), суббота, 14 января 2006, с. 3.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан