Сатуев Хусейн Джунидович (1939 шеран 11 апрель, Ӏалхан-Йурт, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 1995 шеран 6 февраль, Ӏалхан-Йурт, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийн Республика) — нохчийн поэт, СССР йаздархойн бертан декъашхо (1979).

Сатуев Хусейн (Хьусайн) Джунидович
ГӀуллакхан тайпа Поэт
Вина терахь 1939({{padleft:1939|4|0}})
Вина меттиг Ӏалхан-Йурт, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1995 шеран 6 февраль({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Кхелхина меттиг Ӏалхан-Йурт, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийн Республика
Корматалла поэт
Гражданалла ССРС СССР

Биографи нисйе бӀаьра

Хусейн Сатуев винера 1939 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хьалха-Мартанан кӀоштан Ӏалхан-Йуртахь. Цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан филологин факультет 1963 шарахь.

Иза вара школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш. Шен дахаран тӀаьххьара шерашкахь иза вара республикин йаздархойн союзехь консультант болх беш. Цо йазйина байташ йара оьрсийн а, кхоьчу а меттанашка йохуш. Тахана а лоькхуш йу цуьнан байташца йаьккхина эшараш.

Цо нохчийн матте йаьккхира цхьайолу Николай Некрасован байташ а, таханлера оьрсийн поэташ йазйина байташ а. Иштта цо нохчийн матте йаьккхира Ханпаша Нурадиловах лаьцна йолу Николай Сергеевс йазйина поэма «ЦӀишах буьзна малх».

Библиографи нисйе бӀаьра

  • «Дитя гор» (1967)
  • «Напевы матери» (1969)
  • «Знамя отцов» (1975)
  • «Йист йоцу аре» (1978)
  • «БӀаьстенан мукъамаш» (1981)
  • «ЦӀий а, зезагаш а» (1981)
  • «Хазалла йовзар» (1984)
  • «Дахаран абат» (1988)
  • «Чов йина илли» (1991)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра