Себу (гӀала)
Себу́ (Cebú) — шен барамца йоьалгӀа[1] а, уггаре шира а Филиппинашкара гӀала ю. Себун агломерацин уггаре йоккха гӀала ю. Лаьтта Себу гӀайренан малхбален берда тӀехь, Мактан гӀайренан дуьххьала. Йоккха порт. Бахархой — 866 эз. вахархо (2010).
ГӀала | |||
Себу | |||
---|---|---|---|
Cebú | |||
|
|||
10°14′27″ къ. ш. 123°50′14″ м. д.HGЯO | |||
Пачхьалкх | Филиппинаш | ||
Истори а, географи а | |||
Йиллина | 1565 шо | ||
Майда |
|
||
Центран локхалла | 135 метр | ||
Бахархой | |||
Бахархой | 866 171 стаг (2010) | ||
Луьсталла | 2700 стаг/км² | ||
Агломераци | Себу 2 551 100 | ||
Идентификаторан терахьаш | |||
Телефонан код | +63 32 | ||
Поштан индексаш | 6000 | ||
cebu.gov.ph | |||
Картин тӀехь | |||
Истори
бӀаьра нисйанГӀала 1565 шарахь Лопес де Легаспис 44 шо хьалха Магеллан охьавоьссинчехь йиллина лору. Велла сийлахь новкъахо Себун луларчу гӀайрен тӀехь — Мактанехь. Манила йиллале хьалха ялх шарахь Себу Филиппинашкахь коьрта европин гӀала лаьттира. Оцу шерашкахь йина Сан-Педро гӀап XIX бӀешо чекхдаллалц йисира испанин олаллин бастион къилба Филиппинашкахь. Кхин а Себу гӀайрен тӀехь йолало керсталлин истори Филиппинашкахь. Магеллана хӀоттийна Себухь дечиган жӀар. Оригиналан жӀарах йисинарг чуйоьллина тиндало диттах йинчу кхечу, Ӏаьржа жӀаран. 1595 шарахь кхоьллира университет Сан-Карлос.
Топономика
бӀаьра нисйанГӀалан цӀе схьаяьлла филиппинийн «sebu» дашах, цуьнан маьӀна дийнатийн мохь ду. Испанхой бахкале дуккха а хьалха Себу яра овхойн эвла, урхаллехь Раджи Хумабон а волуш.
Дешар
бӀаьра нисйанТахана Себухь итт университет ю.
Климат
бӀаьра нисйанКлимат тропикан — йовха а, тӀуьна а, шеран юккъера температуран барам +26,5 °C. Майра октябрь кхаччалц хьоькху къилба-малхбузера муссон «хабакат», ткъа ноябрера апрель кхаччалц — бекъа мехаш «амихан».
Себу климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | |
Юккъера максимум, °C | 29,9 | 30,2 | 31,2 | 32,3 | 33,0 | 32,1 | 31,7 | 31,9 | 31,7 | 31,6 | 31,2 | 30,3 | |
Юккъера температура, °C | 26,8 | 27,0 | 27,8 | 28,8 | 29,4 | 28,7 | 28,3 | 28,4 | 28,7 | {{{Окт_юкъ}}} | {{{Ноя_юкъ}}} | {{{Дек_юкъ}}} | |
Юккъера минимум, °C | 23,8 | 23,7 | 24,4 | 25,4 | 25,9 | 25,3 | 24,9 | 25,0 | 24,8 | 24,7 | 24,7 | 24,2 | |
Йочанан норма, мм | 78,1 | 62,3 | 41,5 | 29,1 | 54,8 | 149,9 | 157,0 | 136,5 | 167,3 | 148,4 | 131,4 | 103,8 |
Вежараллин гӀаланаш
бӀаьра нисйан- Бандунг, ХӀиндонези
- Барселона, Испани
- Беэр-Шева, Исраил
- Пусан, Къилба Корей
- Чула-Виста, АЦШ
- Гвадалахара, Мексика
- Харлеммермер, Нидерландаш
- Сямынь, Цийчоь
- Гаосюн, Тайвань
- Кортрейк, Бельги
- Любляна, Словени
- Парраматта, Австрали
- Салинас (Калифорни), АЦШ
- Сиэтл, АЦШ
- Петарбух, Росси
- Вальпараисо, Чили
- Владимир, Росси[2]
- Владивосток, Росси[3]
- Йосу, Къилба Корей
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Официальный сайт Себу Архивйина 2012-06-24 — Wayback Machine
ХӀара Филиппинийн географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |