Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цӀена берах хиларна килс
Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цӀена берах хиларна килс (оьрс. Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии)- Москвахь неоготикан кепехь килс ю. Адрес: Москох, Юккъера административни го, Малая Грузинская урам, 27/13 цӀено.
Сийлахь меттиг | |
Сийлахь ЙоӀстаг Марьям цӀена берах хиларна килс | |
---|---|
оьрс. Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии | |
55°46′02″ къ. ш. 37°34′16″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
ГӀала | Москва |
Лаьтта меттиг | Малая Грузинская урам |
Дин | Католицизм |
Епархи | Делан Ненан епархи |
Архитектурин хатӀ | неоготика |
Архитектор | Фома Богданович-Дворжецкий |
Йиллина терахь | 1911 шеран 21 декабрь |
Статус | ОТӀО № 7710184000 |
Хьал | Болх беш ю |
Сайт | catedra.ru |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Оьрсийчоьх уггаре йокхха католикийн зиярт ду иза. Митрополит Паоло Пеццис куьйгалла деш йолу Делан Ненан архиепархин коьрта килс ю. Москвахь кхоъ католикийн килс ю Сийлахь Людовикан килс а, Сийлахь Ольгин килс а, Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цӀена берах хиларна килс а. 1917-гӀа кхачале йина кхоалгӀа москван католикийн килс.
Килсехь оьрсийн а, полякийн а, корейн а, ингалсан а, французийн а, испанийн а, латинийн а меттанашкахь месса йо. Иштта а тридентан а, эрмалойн низамца а месса кхочуш йо.
Цул сов, кхузахь кегийнах гулло, катехизацин курсаш ю, органийн а, килсан а, классикан а, рок-музыкин а сагӀийн концерташ ло.
Килсан чохь библиотека а, килсан туька а, «Каритас» гӀоьналлин организацин региональни дакъа а, «Диканан исбаьхьалла» («Искусство добра») цӀе йолу гӀоьналлин фонд а ю.