Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс
Ӏаламаташ деш волу Николайн Эвлаяан цӀарах хӀорданан килс (оьрс. Морско́й собо́р святи́теля Никола́я Чудотво́рца) я Николан ставропигиалан ХӀорданан зиярт (оьрс. Никольский ставропигиальный Морской собор)- Россин имперехь йина тӀаьххьара а, уггаре йоккха а хӀордан килс ю. ГӀишло яран мур- 1903-гӀа-1913-гӀа шераш. Ленинградан областехь, Кронштадт шахьрехь лаьтташ ю. Килсан неовизантийн куц ду. Проектан архитектор ву Косяков В. А..
Сийлахь меттиг | |
Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс | |
---|---|
Ставропигиальный морской собор Николая Чудотворца | |
59°59′30″ къ. ш. 29°46′40″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Оьрсийчоь |
ГӀала | Кронштадт |
Лаьтта меттиг | 1, Якорни майда |
Дин | Ортодоксан Керсталла |
Епархи | Петарбухан (ставропигиалан) |
Архитектурин хатӀ | неовизантийн |
Проектан автор | В. А. Косяков |
Архитектор | Василий Антонович Косяков |
Йиллинарг | вице-адмирал Н. И. Казнаков а; протопресвитер Александр (Желобовский) а |
Дуьххьара хьахор | 1897-гӀа шо |
Йиллина терахь | 1913 шо, асаран беттан (июнь) 23-гӀа де |
Реликвеш а, сийлаллаш а | Веза-воккхачу Николайн декъий |
Статус | ОТӀО № 7810287000 |
Локхалла | 70 метр |
ГӀирс | гранит |
Хьал | килс а, музейн экспозици а |
Сайт | kronshtadtsobor.ru |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1910-чу шарахь архитектор волу Косяков Василийс яздора:
«1902-чу шарахь дуьйна Кронштадтехь ХӀордан килс яран белхаш деш ду- иза шай гӀуллакхан декхар кхочушдеш дӀакхелхина болу флотан чинашан хӀоллам хир бу. Лакхара указо къобалйина проектаца юттуш ю зияртан гӀишло. Белхаш сихха дӀадахар тергаме эцна императоран возаллаш».
Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килсан Петарбухан епархин долехь ю. Кронштадтан благочинин гонан йукъайогӀуш ю.
Патриархан нийса дӀа муьтӀахь хилар а маьӀна ду зияртан ставропигиалан хьал хилар.
2013-гӀа шеран хӀутосург-баттахь (май) дуьйна Оьрсийнчоьнан ТӀеман-хӀорданан флотан коьрта килс санна а, Петарбухан епархин ТӀеман благочинин гонан йукъ санна а лоруш ю.
Динан дай
бӀаьра нисйанКилсан мозгӀарш | |
---|---|
Терахьаш | МозгӀарш |
1913-1918 шеран гӀуран бутт (декабрь) | протоиерей Василий Иоаннович Погодин ( вина шо 1862—кхелхина 1918-чу шеран гӀуран-бутт) |
1919-чу шеран кхолламан-бутт (январь) — 1919 шеран мангалан-бутт (июль) | мозгӀар Венедикт (Плотников) (в.ш.1872-1937-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна ) |
1919-чу шеран мангалан-бутт 3-гӀа де — 1920-чу шеран чиллин-бутт (февраль) | мозгӀар Братолюбов Василий Матвеевич (1873-1921-чу шеран бекарг-беттан (март) 28-гӀа де, тоьпаш тоьхна вийна) |
1920-чу шеран чиллин бутт (февраль) — 1920-чу шеран хӀутосург-бутт (май) | митра йолу протоиерей Павел Виноградов, 1920-чу шарахь набахте хьажийна, 1938-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна |
1920-чу шеран хӀутосург-бутт (май) — 1921-чу шеран бекарг-бутт (март) | мозгӀар Василий Братолюбов (1921-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна) |
1921-чу шеран бекарг-бутт (март) — 1927 | протоиерей Иосиф Антонович Чепик |
1927-чу шеран хӀутосург-бутт- 1929-чу шеран эсаран-беттан (октябрь) 14-гӀа де | протоиерей Михаил Кравченко |
1929-чу шеран эсаран беттан 14-гӀа де—2005 шо | Зиярт болх беш дацар |
2005-чу шеран эсаран-бутт —2014 ш. | протоиерей Мельник Святослав Викторович (вина 1965 шарахь) |
2014-чу шеран хӀутосург-беттан (май) 16-гӀа де — таханлера зама | архимандрит Алексий (Ганьжин) (вина 1960 ш.) |
Архитектура
бӀаьра нисйанКоьрта (малхбузера) фасад архитектор Василий Косяков |
Пурх хададар архитектор Василий Косяков |
Барельефан проект «Альфа а, Омега а» Косяков Василий а, Георгий а |
ЧӀурамхӀотторг Косяков Василий а, Георгий а |