Сото, Эрнандо де (конкистадор)
де Сóто Эрнáндо (испан. Hernando de Soto, 1498 шо гергга — 1542 шеран 21 майхь) — испанийн хӀордахо а, конкистадор а аделантадо даржаца, иза коьртехь вара европахойн дуьххьарлера Мексикан къилбаседа мохкбаккхаран экспедицин, хӀинцалерачу Цхьаьнатоьхна Штатийн мехкан кӀоргене; хилла дуьххьарлера Миссисипи хих а ваьлла документашца тешалла дитина европахо.
де Сóто Эрнáндо | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Конкистадор |
Вина терахь | 1498 шо гергга |
Вина меттиг | Испани, Эстремадура провинци, Бадахос йа Баркаррота |
Кхелхина терахь | 1542 шеран 21 майхь |
Кхелхина меттиг | Луизиана |
Гражданалла | Испани |
Пачхьалкх | Испани |
де Сóто Эрнáндо Викилармехь |
Къуона шераш
бӀаьра нисйанЭрнандо де Сото вина хьал доцучу идальгон доьзалехь Эстремадурехь йа Андалусехь. Шиъ гӀала — Бадахос а, Баркаррота а иза шайн гӀалахь вина бохуш. Хууш ду, цуо бералла цу шинхьа а йаьккханий, шен весетехь цуо йаздинера, ша дӀаволла Херес-де-лос-Кабальеросехь аьлла, цигахь боьхкинера цуьнан доьзалернаш а. Оцу хенахь Испани а, Португали а йуьзина йара Ӏаьржа Ӏаьрбий эшийначул тӀаьхьа тӀеман сий лоьхучу кегий нахах.
Де Сото Керлачу Дуьнен тӀеваха новкъа велира 1514 шарахь дуьххьарлерачу Панаман губернаторца, Давила Педрариасаца, тӀаьхьа цуьнан йоӀ йигара цуо. Центран Америкехь иза гӀаравелира дика бере, латархо, тактик санна, амма иштта вевзаш вара ша-тайпачу къизаллийца а. 1530 шарахь де Сото хилира Никарагуахь Леонан урхалча в. Иза вара Атлантикан а, Тийна а океанашна йукъара дехьаволийла лаха Ӏалашо йолчу Юкатан ахгӀайренан бердашкарчу экспедицин коьртехь. Иза иэшара дуьненахь а йехаш йолчу Малхбален базарахь йохк-иэцар лелорхьама. Экспедицин гӀуллакх ца хилчи, де Сото кхин талла таро ца хилла висира, Давила веллачул тӀаьхьа, йитира шен Никарагуара керт-ков. Цуо мах белла кеманаш лаьцна шен нах дехьабехира Писарро Франсискон Тумбесера хьалхарчу базе, Писарро Франсиско Перун кӀорге дӀавахале.
Инкашца тӀаме бахар
бӀаьра нисйан1531 шарахь дакъа лецира Франсиско Писаррос инкашна дуьхьал бечу тӀамехь. Писаррос де Сотох шен цхьа капитан вира. Писарро а, цуьнан нах а дуьххьала инкийн Атауальпан эскарца Кахамаркин уллехь Ӏиттабелча, Писаррос вахийтира де Сото пхийтта стагца Атауальпега цхьаьнакхета кхайкха. Писарро шолгӀачу дийнахь Атауальпин тӀелеттачу хенахь, де Сото салтийн кхаа тобанах цхьанна хьалха вара. Испанхоша лецира Атауальпа. Де Сото вахийтира инкийн эскаран лагере, цигахь цуьнан наха талор дира Атауальпан четар чохь.
Испанхоша латтийра Атауальпа тутмакх вина Кахамаркехь масех баттахь, иза схьаваккха луш долчу дешийно а, детийно а чоь юзуш йара. Оцу тутмакхаллин заманчохь де Сото доттагӀалла тасаделира Атауальпица, иза шахматех ловза а Ӏамийра. Оцу хенахь, мах кийча бара, испанхой карзахбехира инкийн эскар тӀелеташ ду Кахамаркин бохучу элдиташ. Писаррос де Сото вахийтира веа салтийца талла. Де Сото воцучу хенахь Кахамаркера испанхоша Атауальпа виен барт бира, инкийн эскаре иза кӀелхьара ца ваккхийта. Де Сото тӀаьхьуо йухавирзира шен цхьа а эскаран билгало ца карийна оцу кӀоштахь аьлла хаам бахьаш.
Атауальпа вийначул тӀаьхьа, Писарро а, цуьнан нах а бахара Куско, инкийн коьртачу шахьара. Кускон тӀекхоччуш Писаррос вахийтира шен ваша, Эрнандо де Сото а, шовзткъа стаг а хьалха. Авангардо тӀом бира инкийн эскаршца гӀалин уллехь, амма тӀом чекхбелира Франсиско Писарро бисинчу испахошца тӀекхиале. Инкийн эскар буьйсана йухаделира. Испанхоша талораш дира Кускохь, цигахь шортта деший а, детий а карийра царна. Атауальпан лагерера талорех а, Атауальпах беллачу мехах а, Кускон талорех а шен дакъа кхаьчна де Сото ваха хиира.
Куско боьлхачу новкъахь Атауальпан ваша Манко Инка Юпанки Писарроца цхьаьна кхийтира. Манко Атауальпех лечкъина вара ша виерна кхоьруш, чӀогӀа ирсе вара Писаррон куьйга кӀелахь. Писаррос Манко инкийн тхьамда вира. Де Сото Манкоца цхьаьна кампаних кхийтира Атауальпехьа хилла эскар хӀаллакдархьама.
1534 шарахь де Сото Кускон вице-губернатор даржехь вара, ткъа Писарро керла коьрта гӀала югӀуш вара (Лима) берда йисттехь. 1535 шарахь паччахьо Карл I-чо Франциско Писаррон белхан накъостах де Альмагрох инкийн империн къилба декъан губернатор вира. Писаррон а, де Альмагрон а къовсам белира Кускон урхалла къуьсуш. Де Альмагрос инкийн империн къилба декъа (Чили) къардан а, талла а планаш хӀиттийнера. Де Сотос шиеха гӀоьнча вар дийхира, амма де Альмагрос цунна жоп ца делира. Де Сото шен бахам схьа а гулбина, Испани цӀехьа вирзира 1536 шарахь.
Къилбаседа Америке вахар
бӀаьра нисйанШо даьлчи конкистадор хӀоттийра Кубан губернатор, исс кеманца а, 620 стегца лела вахара мохкбаккхархьама Къилбаседа Америке. 1539 шеран 30 майхь Флорида берда тӀе воьссира, теллира Тампа айма а, Саванна хин хикхоче а. Хьалхара Ӏа де Сотос даьккхира апалачийн коьрта шахьрахь Анхаикехь. Кхечира Къилба Каролина штатан хӀинцалерачу махка, цигахь йолчу Кофитачкийн тайпана йукъараллин зудчо-тхьамдано испанхоша доьххург делира, жовхарш тӀиера юург тӀекхаччалц, амма церан коьрта Ӏалашо — деши — цигахь ца хилира. Цул тӀаьхьа иза Блу-Ридж лаьмнех велира.
ХӀинцалерачу Алабама штата мехкан тӀехь де Сотон экспедицин кӀело йира индхойн мабила тайпанан тхьамдано Тускалуса. 9 сахьтехь бинчу тӀамехь испанхойн ши бӀе стаг вийра, цуьнца цхьаьна масех эзар индахойх а вийра, йагийра тайпанан коьрта шахьар. Толам башха дика а бацара — де Сотон хӀаллакхилира говрийн деалгӀа дакъа, дерриг аьлча санна даар а. Цул тӀаьхьа, цуо хьалхе дуьйна гергарло лело чикасо тайпане ши бӀе стаг ло шен эскаре аьлчи, индхоша уьш ца белира, тӀе а летира бийшинчу арахьара махкахошна. Кхелхира кхин а шовзткьа стаг, испанхойн дайра дисина герз; бакъ ду, чикасос арабовлийтира уьш шайн махкар, йерриг экспедиции хӀаллакӀян таро йоллушехь.
Хьалха Алабама хи тӀекхьаьчна волу де Сото, 1541 шеран 8 майхь европахойх дуьххьара Миссисипи хин бердашка кхечира. Иза Миссисипех а ваьлла, малхбузехьа вахара, кхечира Арканзас хин тогӀене. Цул тӀаьхьа маршрут йара хӀинцалера Арканзасан, Оклахоман, Техасан мехкашкахула. Шийлачу Ӏай хӀорш еана, йухавирзина, велира Луизианехь 1542 шеран 21 майхь. Ша валале де Сотос керла баьчча хӀоттийра Луис де Москосо Альварадо. Де Сотос индхошна ша леш воцу мелхан дела ву моьттуьйту дера, цуьнан экспедицин декъашхойн къайлаха дӀаверзо вийзира иза: веллачу баьччана дакъа гӀум йоьхкина юргӀана йукъа а доьллина, буса Миссисипин чу кхоьссира. Цуьнан новкъахой 1543 шеран сентябрехь йухабирзира Мексике.
МаьӀна а, иэс а
бӀаьра нисйанДе Сотон заманхошна лелар эран хетнехь а, цуьнан историн маьӀна даккха хала ду. Конкистадораш индхошкахь латтош йолу къизалло, цхьадолу тайпанаш дӀадахийтира Миссисипин тогӀи чура. Испанхойн евдда говраш йуьхьиг йолийра къилбаседаамерикин мустангийн. Цул сов, де Сотос дуьххьара довзийтира индхошна хьакхийн жижиг.
Сотон цӀе (Миссисипи хи гина дуьххьара европахо волун дела) лелайо Арканзас а, Теннесси а штаташ хӀутту тӀайно.
Конкистадоран Эрнандо де Сотон сийнна цӀе тиллина 1928 - 1961 шерашкахь хиллачу америкин автомобилан маркан (DeSoto).
Литература
бӀаьра нисйан- Магидович И. П. История открытия и исследования Северной Америки. М., 1962.
- Clayton, Lawrence A. Clayton, Vernon J. Knight and Edward C. Moore (Editor). The de Soto Chronicles: The Expedition of Hernando de Soto to North America in 1539–1543; University of Alabama Press 1996. ISBN 0-8173-0824-5
- Duncan, David Ewing. Hernando de Soto: A Savage Quest in the Americas; University of Oklahoma Press 1997. ISBN 0-517-58222-8
- Hudson, Charles M. Knights of Spain, Warriors of the Sun: Hernando De Soto and the South's Ancient Chiefdoms, University of the Georgia Press, 1997. ISBN 0-8203-1888-4
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан- Миссисипин оьздангалла
- Пакаха
- Тимукуа
- Кахамарка
- Ричард Хаклюйт — де Сотон ингалсан талмач