Ко́рстин Ило́на Ка́льювна (1980 шеран 30 май, Петарбух) — российн баскетболхо, тӀелета турсло/йайн форвард. Олимпийн ловзарийн шозза совгӀатхо, дуьненан чемпионатийн шозза совгӀатхо, кхузза Европин чемпион Российн гулйина командин йукъахь. Российн спортан хьакъ долу говзанча. Евролигин кхузза чемпион тайп-тайпана кхаа командехь.

Илона Корстин
оьрс. Корстин, Илона Кальювна
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло / Йайн форвард
Локхалла 182 см
Йозалла 67 кг
Гражданалла
Йина терахь 1980 шеран 30 май({{padleft:1980|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (43 шо)
Йина меттиг
Драфт КъБА 29-гӀа, 2001, Финикс Меркури

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
  • Дуьненан баскетболан зударийн йуьхь: 2006
  • MVP: Российн кедан (2007, 2008)
  • MVP: Дуьненан лигин (2007)
  • MVP: Европин Суперкедан (2009)
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Афина 2004 баскетбол
Борза Пекин 2008 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Цийчоь 2002
Дети Бразили 2006
Европин чемпионаташ
Дети Франци 2001
Деши Желтойчоь 2003
Дети Туркойчоь 2005
Деши Итали 2007
Дети Латви 2009
Деши Польша 2011
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1980 шеран 30 майхь Ленинградехь. Бераллехь нека Ӏамо лийлира, идира, спортан гимнастике лийлира, ткъа иштта къийсамашка ихира йайн атлетике, левзира теннисех. Баскетболех ловза Илона йолайелира Петроградан кӀоштарчу 86-гӀа ишколехь. Цул тӀаьхьа цуо баскетбол Ӏамор дӀадаьхьира Тржескал Кирин куьйгаллехь. Корстин Илоница цхьаьна Ӏемаш йара Абросимова Светлана, Степанова Мария, кхин а бевзаш болу российн баскетболхой[1][2]. Илонин хьалхара профессионалан клуб хилира «Форс-Мажор» Петарбух.

ВуьрхӀитта шо долуш дӀайахара Франце, хӀунда аьлча цуьнан нанас шолгӀа маре дира, ткъа цунна автоматаца французийн гражданалла делира. Цигахь иза деша йолайелира, «Бурж» йукъахь ловза а ловзуш, цунна йукъахь йаьккхира Францин чемпионат а, Евролига а. Корстине кхайкхира Францин гулйина командехь ловза, амма 2000 шарахь цуо сацам бира, ша Российн гулйина командехь ловзур йу аьлла[3].

2001 шарахь Корстин WNBA драфта шолгӀачу раундехь 29-гӀа лоьмарца хаьржира «Финикс Меркурис», цигахь иза левзира Степанова Марияца. «Буржал тӀаьхьа» Корстинан таро йара Италехь карьера ян, амма тренеро Капранов Вадима тешайира иза ВБМ-СГАУ Самара[4] йукъа йан.

2008 шеран ноябрь бутт чекхболуш ЦСКА къоьлла бахьнехь берриг къийсамашкара йукъараяла кийча йара. Корстин Илонега кхойкхура кхечу клубе. Амма карийра клубан финансаш латтор йолу керла спонсорш[5][6].

Корстин Российн гулйина командин капитан йара 2009 шеран Европин чемпионатехь[7]. Финалехь Росси ийшира Францел[8][9]. Европин чемпионат чекхйаьлча Корстина дӀахьедира, ша сагатдо российн зударийн баскетболах хин долчух, Российн хьалхейаккхарехь легионераш алсама хиларна, жимма хан йаьлча Российн гулйина командо мидалш йохург ца хиларна[10].

2009/10 шо чекхдаьлча Корстин «Спарта&К» Видни дехьайаларан цхьа бахьна ду, москохан бухара командин хьалха йаккхий Ӏалашонаш хӀиттор[11]. 2009 шеран августехь дакъа лецира «Баккхий къийсамаш» передача дӀайазйеш[12].

Корстина кхетийра, ша WNBA стенна ца ловзу, Америкера ловзарша новкъарло йо Российн гулйина командин къийсамашка кечйала аьлла[13].

2011 шеран Европин чемпионатан финалан матч чекйаьлча кхайкхийра, ша туркойн «Бешикташца» контракт йаздар[14]. Клубера финансийн къоьлла бахьнехь 2012 шеран февралехь шо чекхдаллалц контракт дира испанин «Авенидица»[15].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Первая красавица мирового баскетбола
  2. Детство дешие
  3. Илона Корстин. Биография. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 17 июлехь
  4. Чемпионка Европы по баскетболу Илона Корстин «После победы мы устроили грандиозный банкет». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 10 апрелехь
  5. Илона Корстин: «Когда ЦСКА закрыли, у меня чуть голова не взорвалась» Архивйина 2016-04-10 — Wayback Machine
  6. Илона Корстин: «Не могла представить, что ЦСКА может так взять, да лопнуть»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Капитаном сборной России будет Корстин. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 14 июнехь
  8. Корстин: в финальном матче нам просто не хватило сил. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 21 июнехь
  9. Корстин: снимаю перед француженками шляпу. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 24 июнехь
  10. Капитан сборной России Илона Корстин: Мы вернулись, как с войны…
  11. Корстин: «Спартак» сделал мне интересное предложение. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 20 июнехь
  12. Большие гонки Илоны Корстин
  13. Баскетболистка Илона Корстин: «Победу в Евролиге посвятим Шабтаю Калмановичу»
  14. Илона Корстин продолжит карьеру в «Бешикташе»
  15. Илона Корстин перешла в испанскую «Авениду»

Хьажоргаш нисйе бӀаьра