ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Суран тоба «Б» (лоьм. Heeresgruppe B) — Вермахтан суран тоба йу Шуренан шолгlачу тleман муьрехь.

Суран тоба «Б»
Суран тоба «Б» керахь йолу гlaш суран коьртачу куьйгаллин (ОКХ) хаьлжаг
Суран тоба «Б» керахь йолу гlaш суран коьртачу куьйгаллин (ОКХ) хаьлжаг
Хилла шераш 12.10.1939 – 22.06.1941
09.07.1942 – 09.02.1943
19.07.1943 – 26.11.1943
26.11.1943 – 17.04.1945
Пачхьалкх КхоалгӀа рейх Лоьмсойн мохк
Мажаройчоьнан байракх (1919—1946) Мажаройн мохк
Румыни Руминийн мохк
Итали паччахьалла (1861—1946) Италхойн мохк
Куьйга кӀелахь КхоалгӀа рейх Лоьмсойн мохк
Йукъа богӀу Вермахт
Дакъа лацар
Баьччаш
ГӀарабевлла баьччаш Федор фон Бок
Максимилиан фон Вейхс
Эрвин Роммел
Гуьнтер фон Клуьге
Валтер Модел

Тоба кхоллар , 1940-чу шеран тleмаш бусехь

бӀаьра нисйан

Суран тоба «Б» кхоьллина йара 1939-чу шарахь эсаран беттан 12-чу дийнахь Полякийн махкара бусене сехьайаьккхина йолу суран тобанан «Невре» (лоьм. Heeresgruppe Nord) цle хийцинчул тlaьхьа.Суран тобано «Б» Перенгийн тlaмехь дlaлецира Голландхойн а , Белгихойн а мохк.Тleман шолгlaчу декъехь Ла-Маншан хlopдийстехь тleмаш чекхболушехь тоба сехьайаьккхинера Сомма хине , цигахь цо тleлатар дира Парижехула Атлантикан laпказан йохаллехь.1940-чу шеран хьаьттан беттан 16-чу денна дуьйна доладелира сур дехьадаккхар боленан Пруссе.

Советан пачхьалкхана дуьхьал тloм балле хьалха цуьнан цle хийцира Суран тоба «Йукъ» тle.

Тleман гlyллакхаш болехь 1942-43-чу шерашкахь

бӀаьра нисйан

Йуха а суран тоба «Б» кхоьллинера 1942-чу шеран мангалан беттан 9-чу дийнахь суран тобанан «Негla» аьрру тleман вовшахкхетарех.Иза лаьтташ йара Сталин-гlaла дlaлаца а , Ийдал хине бовла а аьхкенан тleлатаран кечйинчу тleлатаран тобанан невренан йистехь.1943-чу шарахь чиллин баттахь гонехь долу суран тобанан «Б» вовшахкхетарш шаьш дохийнчул тlaьхьа карадахнера.Иззачу беттан 9-чу дийнахь цу тобанах бухайиснарг йеккъера «Йукъ» а , «Негla» а тобанаш чу