Тушети
Тушѐти (гуьрж. თუშეთი) — къилбаседа-малхбален Гуьржийчоьнан историн а, географин а ломан область.
Тушети
თუშეთი | |
---|---|
Карта | |
Регион, цунна юкъахь къоман парк Тушети, юкъатоха кховдийна ЮНЕСКОн дерриг дуьненан тӀаьхьенан испискан[1].
Географин хьал
бӀаьра нисйанАдминистративан агӀора Тушетино дӀалоцу КӀахети регионан Ахметан муниципалитетан къилбаседа дакъа.
Областо дӀалоцу Ӏаьндийн Койсу эркан а, и хи кхуллуш долчу Пирикитан а, Гомецаран а Алазанин лакхенашкара ломан боьра.
Тушети къастийна ю КӀахетех къилба агӀора, малхбузера Боккха Барбало бохь (3294 м) тӀиера малхбалера Шавиклде (3578 м) кхаччалц, Коьрта Кавказан дуькъан декъаца. Шена тӀехула, 1980-гӀа шарахь биллина автомобилан шоссе Пшавели —Абано дукъ даккхар — Омало чекхболу Абано дукъ даккхаро (2850 м), уьйр латтайо Тушетин таханлера уггаре йоккха эвлан Омалон кӀоштан юкъца Ахметаца.
Меттиг, климат, латта
бӀаьра нисйанДоккхаха долу лаьмнашна тIехь гуттаренна а лайш ду, дисинчарна тIаехь ло ца хуьлу чIогIа йовха ца хилчи. Дерзина лекха тархаш айаделла дум ассо а агIора, хьаннаш а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Климат луьра ю, чIогIа хийцалуш а ю меттиге хьаьжжина. Iа лаьтта бархI баттахь, гурахь а, бIаьста а чIогIа мехаш хуьлу, доцца аьлчи, Ӏалам башха дика дац оцу меттиган бахархошна, церан амалехь а, гIиллакхехь а гуш ю уьш бехачу лаьттан климат.
Латта кхузахь кIезиг леладо, деккъа даьхний ду бахархойн бахам, Iа дахделча церан хьал дика ца хуьлу. Оцу меттигехь беха шуой а, тушинаш а алсама реза бу шайн дахарна, церан амал а ю кIеда пхийнчул, цара дIалоцу кхин а лакхара Кавказан ломан акъареш. Пхийн хьена доцу латто ялта кIезиг даларна цара гуьржашца тIаргIа хуьйцу ялтан дуьхьала.