ТӀа́ьххьара гарго́л — дешар чекхдоккхучу дешархойн ламастан Ӏида (цхьан а хӀума ца дозу автоматаца болчу ишколан гарголашца). Ишколашкахь тӀаьххьара гарголаш дӀахьо май бутт бовш, дешар чекхдаьллачул тӀаьхьа, ткъа арахецаран экзаменаш йолаяланза а йолуш. ТӀаьххьара гарголо жамӀ до, тӀадам буьллу дукха шерашкара дешаран марафонан шен ерриг Ӏамолашца а, переменашца а, тергаман белхашца а, цӀахь бан луш хиллачу белхашца а.

ТӀаьххьара гаргол
ТӀаьххьара гаргол ЧӀулга-Юртарчу № 10 йолчу гимназехь
ТӀаьххьара гаргол ЧӀулга-Юртарчу № 10 йолчу гимназехь
Даздо  Росси
 Белорусси
 Украина
 Кхазакхстан
 ГӀиргӀазойчоь
 Эрмалойчоь
 Гуьржийчоь
Терахь 25 майхь
Даздар парад, линейкаш
Ӏадаташ ишколан духар
гаргол
«Арахецархочун» аса
Доьзна ду Арахецаран суьйре
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ТӀаьххьара гаргол Москохара № 856 йолчу ишколехь, 1981 шо

Ӏида йукъадаккха дагадеина советийн педагоган, РСФСР ишколан хьакъдолу хьехархочун Брюховецкий Фёдорна.
ТӀаьххьарчу гарголан лерина дуьххьара Ӏида, дӀадаьхьира 1948 шеран 25 майх Москохахь № 182 (хӀинца № 1388) йолчу ишколехь[1].

Ӏиданах лаьцна

бӀаьра нисйан

ТӀа́ьххьара гарго́л — арахоьцучарна а, хьехархошна а, дай-наношна а лерина доккха ишколан йукъара Ӏида ду. Даздаран церемонин йукъадогӀу хьеший, директор, хьалхара хьехархо, дай-наной бистхилар, хьалхара классера берийн бистхилар, 9-гӀа а, 11-гӀа а классашкара дешархойн баркаллин дош.

ГӀиллакхаш

бӀаьра нисйан

ХӀоьттинчу гӀиллакхца зудабераш духу ишколан духар, наггахь — кӀайн коч а, Ӏаьржа юбка а. КӀенташа оцу дийнахь лелайо оьзда костюмаш. Ехачу хенахь даьржина дара советийн муьран ишколан духар кӀайн хьалха уллург а йолуш, амма тӀаьхьарчу хенахь иза арататта долийна таханлерачу кепара духаро. Арахецаран дийнах къаьсташ хӀоьттинчу гӀиллакхца, бедаршна тӀехула кӀенташа а, йоӀарша а аса йоьхку тӀаьхь «Арахоьцург» («Выпускник») йоза долуш, ткъа костюмашна (йоӀаршна — фартукашна тӀе) тӀе наггахь тосу я кегийра гарголаш, я гаргол кепара седарчий[2].

Даздечу хенахь дукха хьолахь туху гаргол, символица гойтуш болу Ӏамола йолаялар а, чекхъялар а гойту ишколан гаргол. Цу тӀе гаргол туху хьалхарчу классера йоьӀа, иза белаш тӀаьь хьо цхьайтталгӀа классан дешархочо. ЦкъаццӀа арахоьцучара урам тӀе а бовлий стигал хоьцу хӀаваан китташ, ткъа керстачеран махкахь хьалхара ишколан вальс хелхара до.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ирина Макеева. В школах России прозвенит «последний звонок» — Парламентская газета
  2. Лещинская В. Праздники для старшеклассников: 9-11 класс. М.: Издательство Аделант, 2017.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан