«Украи́на» — цхьа могӀа мехкийн историн цӀе, кхин а хӀокху заманара пачхьалкхан Украинин цӀе а.

Топоним схьайалар нисйе бӀаьра

Украина дош долуш дара Киевн Русан заманара дуьйна — лаххара а, XII бӀешарахь дуьйна. Дуьххьара иза хьахайо Киевн тептарера Ипатьевн гуламехь, йевза XV—XVI бӀешерашкара испискашкара, 1187 шарахь переяславлан эла Владимир Глебович валар хьахош («Кеп:Lang-orv2»)[1], ТӀаьхьуо Украина хьахайо оццу тептарехь 1189 шарахьКеп:Lang-orv2»)[1] а, Галицкан-Волынан тептарехь 1213 шарахьКеп:Lang-orv2»)[2]. Кхин а Галицкан-Волынан тептарехь 1268 шарахь хаало йогӀу демонимКеп:Lang-orv2»)[3].

Коьрта верси нисйе бӀаьра

 
Переяславлан гӀопан Полкостень гӀала, Цунна уллехь XII бӀешарахь хилла половхошца тӀом

Дукхаха болу Ӏилманчаша къобал йо версица[4][5], «Украина» цӀе йоьзна йу дозанца. Зализняк Андрей дийцарехь, иза хьалайоьду шира оьрсийн даше «укра́ина» — дозанера область, олаллин йистера латта. «Окраина» дешан йуьхьанцара маьӀна мелла а къаьсташ хилла, иза догӀура йисташкара арахьара латтанашна, олаллин йерриг гуонахьара йисташна[6]. «Украина» дош йуьхьанца дуьйна леладора Киевн Русан а, цхьацца шеш долу дозанера оьрсийн олаллашна. Оцу маьӀнехь Украина дешан этимологин маьӀне хьовсу российн[7] а, иштта украинийн а, малхбузен а Ӏилманчаш, масала Субтельный Орест[8], Магочий Пол[9], Прицак Омельян[10], Грушевский Михаил[11], Огиенко Иван[12], Толочко Пётр[13], кхин берш. Оцу версин тӀехь йу Украинайовзаран энциклопеди[14], Украинийн меттан этимологин дошам[15], Украинин историн энциклопеди[16].

МаьӀнин эволюци нисйе бӀаьра

Дукхаха болчу историкашна хетарехь[4], дуьххьара термин «Оукраина» хьахор догӀу Переяславлан (Посулан дуьхьалонан аса), Галицкан, Волынан олаллийн дозанера мехкашна. Дуккха а украинийн тептарийн талламхоша иштта лору, 1187 шеран, хьалхара йозанаш лелийна переяраславхойн синоним санна йа берриг половхойн дозанера мохк санна[4]. Оцу заманара XVIII бӀешерна герга кхаччалц и дош леладора «дозанера латташ» маьӀнехь, цхьа билгала дозанаш долчу регионна тӀе ца тосуш[17]:183[18], цунна йукъахь генна таханлера Украинин махканна генна арара, масала «пскован украина», «окан украина»[16]. цунна йукъахь генна таханлера Украинин махканна генна арара, масала «пскован украина», «окан украина»[16]. «ЖӀарех дош» чохь оьрсийн XII бӀешеран жайнахочо йаздина, тӀекъам дин йухадаьлла йистошка, цигахь адамаш хӀинца а ламазаш деш бу ширачу деланашна, амма дора иза къайлаха: «…хӀинца а украинехь цара ламазаш до наьӀалт хилла Перунна, Хорсанна, Мокошина, шаданна»[19].

 
«Наха Украина олу, гуонахьара провинцешца долу йеса аренийн йукъара сурт». Боплана Гийоман 1648 шеран карта, дина Владислав IV-гӀачо заказ дина. Къилбаседе картин лахахь

Брокгаузан а, Ефронан а дошамахь хаамаш ма-барра, малхбузера Подольера къилбехьара Днепран хикхоче кхаччалц а, малхбузехьа шена йукъа хин йолу Екатеринославан губернин доккхаха долу латтанийн дакъа чулоцу («очаковн аре») баьржина Къилба Русан мехкан дакъа а, Речь Посполити йукъа даханчул тӀаьхьа официалан доцуш ала долийра «Украина»[20]. Иза доьзна дара, и Къилба Русин мехкаш аренийн дозанашца Речь Посполитина а дозанера мехкаш хиларца. Грондский Самуила, Хмельницкийн гӀаттаман историн полякийн автор (1660 шеран гергга), йаздина: «Латинан margo (доза) – полякийн маттахь kraj, цигара схьа Украина — паччахьаллин (полякийн) йистехь лаьтта область»[21][22]. «Ukraina» дешан маьӀна туьду Польшин пачхьалкхан дозанера латтанаш олий, изза далийра полякийн историко Бартошевич Юлиана Оргельбранд Самуэлан «Массерайукъара энциклопедехь»[23].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Хьосташ а, билгалдахарш а нисйе бӀаьра

  1. 1 2 ЛІТОПИС РУСЬКИЙ за Іпатіївським списком. Кіевскій лЂтописный сводъ. Въ лЂто 6694 (1186) — въ лЂто 6698 (1190). litopys.kiev.ua. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 16 апрель. Архивйина 2021 шеран 1 февралехь
  2. ЛІТОПИС РУСЬКИЙ за Іпатіївським списком. Галицко-Волынскій сводъ. Въ лЂто 6709 (1201) — въ лЂто 6725 (1217). litopys.kiev.ua. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 16 апрель. Архивйина 2021 шеран 6 октябрехь
  3. ЛІТОПИС РУСЬКИЙ за Іпатіївським списком. Галицко-Волынскій сводъ. Въ лЂто 6773 (1265) — въ лЂто 6787 (1279). litopys.kiev.ua. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 16 апрель. Архивйина 2021 шеран 20 январехь
  4. 1 2 3 Галушко К. Україна: назва крізь віки Архивйина 2017-09-09 — Wayback Machine // Народження країни. Від краю до держави. Назва, символіка, територія і кордони України. — Харків: Клуб сімейного дозвілля, 2016. — С. 10.
  5. Schlögel, 2018: «Ukraina is generally thought to mean ‘borderland’».
  6. Андрей Зализняк. О ложной лингвистике и квазиистории. Научно-просветительный журнал «Скепсис» (2011 шеран 1 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 12 апрель. Архивйина 2015 шеран 11 апрелехь
  7. Этимологический словарь Фасмера
  8. Orest Subtelny. Ukraine: A History. University of Toronto Press, 1988
  9. A History of Ukraine. University of Toronto Press, 1996 ISBN 0-8020-0830-5
  10. From Kievan Rus' to modern Ukraine: Formation of the Ukrainian nation (with Mykhailo Hrushevski and John Stephen Reshetar). Cambridge, Mass.: Ukrainian Studies Fund, Harvard University, 1984.
  11. Грушевський М. Історія України-Руси. Том II. Розділ V. Стор. 4
  12. Історія української літературної мови. Київ — 2001 (Перше видання Вінніпег — 1949). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 5 август. Архивйина 2015 шеран 21 сентябрехь
  13. Толочко П. П. «От Руси к Украине» («Від Русі до України». 1997
  14. Енциклопедія українознавства. У 10-х томах. / Головний редактор Володимир Кубійович. — Париж; Нью-Йорк: Молоде життя, 1954—1989. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 9 январь. Архивйина 2021 шеран 11 февралехь
  15. Етимологічний словник української мови: У 7 т. / Редкол. О. С. Мельничук (голов. ред.) та ін. — К.: Наук. думка, 1983 — Т. 6: У — Я / Уклад.: Г. П. Півторак та ін. — 2012. — 568 с. ISBN 978-966-00-0197-8.
  16. 1 2 3 Ясь О. В. Україна, назва. Енциклопедія історії України: Україна—Українці. Кн. 1 / Редкол.: В. А. Смолій (голова) та ін. НАН України. Інститут історії України. - К.: В-во «Наукова думка», 2018.. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 1 апрель. Архивйина 2020 шеран 15 июлехь
  17. Пономарьов А. П. Етнічність та етнічна історія України: Курс лекцій. — К.: Либідь, 1996. — 272 с.: іл. І8ВМ 5-325-00615-0.
  18. Е. С. Острась. Звідки пішла назва Україна //Вісник Донецького університету, Сер. Б: Гуманітарні науки, Вип.1, 2008 Архивйина 2013-11-01 — Wayback Machine
  19. Рыбаков Б. А. Трактат, написанный на корабле // История и культура античного мира. — М.: «Наука», 1977. — С. 185—188
  20. Украина // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  21. «Margo enim polonice kray; inde Ukrajna, quasi provincia ad fines regni posita».
  22. При заключении Люблинской унии, которой было создано объединённое польско-литовское государство, эти южнорусские земли были переданы Литвой Королевству Польскому
  23. Encyklopedyja Powszechna. Warszawa. 1867. T.25. S. 957: «Ukraina. W starodawnym języku polskim ukraina, był to wyraz pospolity i oznaczał ziemię leżącą na kresach, na pograniczu państwa, u kraju, u brzegu».

Литература нисйе бӀаьра