Роберт Фрэнсис «Бобби» Уонзер (инг. Robert Francis "Bobby" Wanzer; 1921 4 июнь, Бруклин, Нью-Йорк2016 23 январь, Питтсфорд, Нью-Йорк штат)[1]америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а.

Уонзер Бобби
инг. Bobby Wanzer
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло
Ловзар дӀахьо турсло
Харц цӀераш Bobby, Hooks
Локхалла 183
Возалла 77
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1921 шеран 4 июнь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттиг Бруклин, Нью-Йорк, АЦШ
Кхелхина терахь: 2016 шеран 23 январь({{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (94 шо)
Кхелхина меттиг Питтсфордехь, Нью-Йорк штатехь
Колледж Университет Сетон-Холл
(1942—1943, 1946—1948)
Драфт КъБА 10-гӀа (1-ра раунд), 1948, Рочестер Роялз
Статистика
Ловзарш 568
Очкош 6924 (12,2 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 1979 (3,5 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
1987 Баскетболан Сийлаллин зал

Ловзархочун карьера нисйе бӀаьра

Левзина тӀелета турслочун а, ловзар дӀахьо турслочун а позицехь. Дешна Сетон-Холлан университетехь, 1948 шарахь КъБА драфтехь хаьржира 10-гӀа лоьмарца «Рочестер Роялз» командо, шен йерриг спортан карьера дӀайаьхьира оцу клубехь. КъБАхь дерриг 9 шо даьккхира. 1950/51 шарахь Уонзер КъБА чемпион хилира «Роялз» командин йукъахь. Пхоьазза дакъалеци КъБА дерриг седарчийн матчехь (1952—1956). Кхузза йукъатоьхна КъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда (19521954 шерашкахь). 1987 шарахь баскетболан сийлаллин зал йукъатоьхна. КъБА карьерехь левзина 568 ловзарехь, цигахь кхоьссина 6924 очко (йуккъера барам 12,2 очко ловзарехь), 1979-зза схьаэцна, 1830-зза дӀайелла.

Уонзер хьалхара ловзархо ву 1951/52 шерашкахь гӀуданан асанан тӀера 90 % кхоьссина буьрка чуйоьжна (90,4).

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

ТӀаьххьара ловзархочун шина шарахь Уонзер шен хьомен «Рочестер Роялз» командин ловзу тренер (1955—1957) вара, ткъа профессионалан карьера чекхйаьккхича болх бира «Роялзехь» коьрта тренеран даржехь кхин а шина шарахь (1957—1959), амма оцу хенахь клубах ала долийра «Цинциннати Роялз».

1957/58 шарахь «Цинциннатехь» гулйелира дика коллектив, амма 1958 шеран марте командин лидершна Рикеттс Дик а, Стоукс Морис а чӀогӀа лазийра, иза бахьна долуш шиммо а йитира баскетбол, церан 24 шераш бен дацара. Риккеттс тӀаьхьа бейсболах ловза волавелира, ткъа Стоуксан кхетамчуьра ваьлла, коме воьжна, тӀаьххьара, меженаш севцца, лоьраша тӀаьхьо диагноз хӀоттийра цунна — чевннатӀаьхьара энцефалопати аьлла, цуо коьртан хьен функцеш йохийра. Иза къуона тренерна боккха бохам хилира, цундела, тӀаьхьарчу шарахь куьйгаллехь 18 матч дӀайаьхьна, Уонзер клубера дӀавелира.

ТӀаьхьуо иза тренер хилира Питтсфордера (Нью-Йорк штатан Монро гуон) Сент-Джон Фишеран колледжан командин, иза йу Рочестерал бархӀ миля гена.

1957 шарахь хӀоттийра Малхбузен командин КъБА дерриг седарчийн матчан коьрта тренер.

Статистика нисйе бӀаьра

Статистика КъБА нисйе бӀаьра

Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1948/49 Рочестер Роялз 60 37,9 82,3 3,1 10,2 4 31,7 70,6 2,3 9,5
1949/50 Рочестер Роялз 67 41,4 80,6 3,2 11,8 2 47,1 84,6 2,0 13,5
1950/51 Рочестер Роялз 68 40,1 85,0 3,4 2,7 10,8 14 47,1 91,0 5,1 4,2 12,5
1951/52 Рочестер Роялз 66 37,8 42,5 90,4 5,0 4,0 15,7 6 41,5 42,9 95,9 6,3 3,2 18,8
1952/53 Рочестер Роялз 70 36,8 36,7 81,2 5,0 3,6 14,6 3 38,7 37,8 85,2 7,0 3,0 17,0
1953/54 Рочестер Роялз 72 35,3 38,6 73,4 5,4 3,5 13,3 6 40,8 40,5 81,8 5,8 4,3 16,0
1954/55 Рочестер Роялз 72 33,0 39,5 78,6 5,2 3,4 13,1 3 33,3 45,7 91,7 7,0 2,7 18,0
1955/56 Рочестер Роялз 72 27,5 37,6 71,9 3,8 3,1 10,4 ЦЛ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1956/57 Рочестер Роялз 21 7,6 46,9 78,3 1,2 0,4 3,9 ЦЛ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
Дерриг 568 32,5 39,3 80,2 4,5 3,2 12,2 38 39,4 42,5 88,0 5,8 3,5 14,6
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Jeff DiVeronica. Rochester basketball legend Bobby Wanzer dies at 94(бил-боцу.). Democrat and Chronicle. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 26 апрель.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра