Фарийка (Ӏаьр. فريكة‎‎ / ALA-LC: фарика) — йоккхучу хенахь даттаран процесс йина къуоначу кӀах йаьккхина Ӏов. Иза ламастан даар ду Гергара Малхбалехь[1], алсама леладо малхбален, Ӏаьрбийн, палестинан, мисран кухнехь, кхин а леладо Къилбаседа Африкехь а, кхечу луларчу мехкашкахь а[2][3]. Иза кечдеш кӀа хьокху кенаш мажделла, буьртиг кӀеда болуш; тӀаккха иза гулдо цӀевнашка, дакъадо малхехь. Дакъийна цӀевнаш лардеш кхорзу цӀеран тӀаьхь, ча а, буьртагийн чкъор а дагийтархьама, шеш буьртигаш доха ца до. Буьртагийн лакхарчу тӀуналло лардо уьш дагарх. Цул тӀаьхьа кхаьрзина кӀа охьу, йуха а дакъадо малхехь, цхьабосса а, цхьаьна чомехь а, текстурехь а хилийтархьама. Кенара даккхаран а, тиларан а процессах схьайаьлла оцу Ӏевнан цӀе, фарийка, иза «тилар» бохург ду. ТӀаьхьа оту буьртигаш кегийра кийсигашка, тӀаккха уьш тера хуьлу баьццара булгурах[2].

Тера даар, мекхах дина, хьахийна Инжил чохь[4]. Фарийка хьахадо 13 бӀешеран йуьхьигера БагӀдадан йуургийн жайнахь, фарикъийя аьлла. Оцу рецептехь жижиг кхорзу даьттан чохь, цӀийдо хица, туьханца, корицан чкъоьраца. Цул тӀаьхьа туху къуона кӀаца («фарийка») иэйина, якъийна кориандр. Кийча даар охьадуьллу куминца, корицица, керла уьстагӀан дуьмца[2].

Мисрахь фарийка хьалха дуьллу, хьамам биль-фарикъ (къуона кӀа чудоьллина кхокха). Иштта фарийка кечдо Мисрахь хохаца а, помидорашца а, ткъа наггахь котамца а. Шурпат фарикъ биль-мукТунисера фарийкан а, даьӀахкан тӀуьман а чорпа йу. Фарийка лахма, къуона кӀен каьрзина уьстагӀан жижигца дина пилу ду, цунах къуона кхоьш а, пинин бӀараш а туху, даймохк Шема йу, ткъа шурпа аль-фарийкапалестӀинан къуона кӀах а, коиамах а йина чорпа йу[2].

Шемахь фарийка кечдо уьстагӀан жижиган тӀаьхь, хох а, даьтта а, миндал а, Ӏаьржа бурч а, корица а, кумин а, туьха а тухий[5].

Исраилехь ламастан меттигера Друзийн йукъараллаш хӀинца а кечдо фарийка ширачу кепара.

Дааран мехалла

бӀаьра нисйан

100 грамм йекъа Ӏевнан йукъахь йу:[6]

  • Энергетикан мехалла: 1471 кДж / 352 ккал
  • Клетчатка: 16,5 г гергга
  • Белокаш: 12,6 г гергга
  • Углеводаш: 72 г, царна йукъахь 0,8 г шекар
  • Хьоналла: 2,7 г, царна йукъахь 0,2 г эвсаре даьтта
  • Кальций: 53 мг
  • Эчиг: 4.5 мг
  • Натрий: 6 мг
  • Калий: 440 мг

Фарийкан дааран мехалла йуста мегар ду кхечу Ӏевнийн дааршца[7]. Цхьаболчарна го фарийка, «суперкхача»[8] санна, амма талламхоша[9] и термин лору «Ӏилманан талламаша гӀийла тешалла дина маркетинган хӀил». Фарийка дуста мегар ду ишттачу диетан сурсаташца, масала, киноа а, фарро а, цунна чохь ду, кхечу Ӏевнашначохьчул, лаххара а диазза сов кхачан хьесий, уьш коьртаниг лаьтта охьуш йоцу клетчаткех. Цуьнан иштта йу лахара гликемин индекс, цундела мега даа шекаран диабет[10] хилчи а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Guttman, Vered Introducing freekeh, the hip grain of 2012. Haaretz.com (2012 шеран 19 январь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 август.
  2. 1 2 3 4 Freekeh — Farik — Green Wheat Clifford A. Wright.
  3. Anissa Helou, «Freekeh», in Alan Davidson, ed., The Oxford Companion to Food
  4. Leviticus 2:14
  5. Freekeh recipe on shahiya. Shahiya.com (2009 шеран 3 июнь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 август.
  6. Greenwheat Freekeh Nutritional Profile. Greenwheatfreekeh.com.au. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 август.
  7. Show Foods Архивйина 2016-04-27 — Wayback Machine
  8. Healthy Superfood Grains - Freekeh, Farro, Amaranth, Chia. Oprah.com (2011 шеран 13 январь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 август.
  9. 'Superfoods' and cancer : Cancer Research UK
  10. Health and Nutrition. Greenwheat Freekeh. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 23 сентябрехь Архивйина 2013-09-23 — Wayback Machine