Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019


Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019Российн футболан лигийн системан лакхарчу дивизионан чоьтехь 27-гӀа шо ду. «Гуьйре—бӀаьсте» системехь дӀахьо Российн чемпионатан 7-гӀа шо ду. Чемпионийн титул ларйира москохан «Локомотиво», турнир чекхъяла 3 тур йисинчу хенахь чемпион хилира петарбухан «Зенит» (5-за).

Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019
ДӀаяхьаран хан 2018 28 июлехь — 2019 26 майхь
Терахь декъашхойн 16
ГӀаланаш 13
Стадионаш 16
Официалан сайт rfpl.org
СовгӀатан меттигаш
Толамхо Зенит (Петарбух) (5-за)
ШолгӀа меттиг Локомотив (Москох)
КхоалгӀа меттиг Краснодар
Дублан хӀоттам ЦСКА (Москох)
Турниран статистика
Левзина матчаш 240
Чутоьхна голаш 542 (2,26 ловзарехь)
Бомбардир(аш) Российн байракх Чалов Фёдор (15 мячей)
Уггаре дика ловзархо Российн байракх Дзюба Артем
Берриг хьовсархой 4 036 196 (16 817 ловзарехь)
← 2017/18
2019/20 →

Футболех ловзарех Российн чемпионатан рогӀера хьалхеяккхар йолаелира 2018 шеран 28 июлехь, футболех ловзарех дуьненан чемпионат 2018 чекхйаьлла ши кӀира даьллачул тӀаьхьа, ткъа чекхъелира 2019 шеран 26 майхь[1]. Оцу шарахь дуьйна, 2005 шерера дуьйна дуьххьара, чемпионатан официалан титулан спонсор вац (цул хьалха иза вара Росгосстрах)[2]. Цул сов, турниро лелайо шен керла цӀе — РПЛ (Российн Премьер-Лига). Хьалхара цӀе — РФПЛ (Российн футболан премьер-лига).

Регламент

бӀаьра нисйан

Российн чемпионат 2018/2019 дӀахьо хьесапца «массо а хӀоранца» шина гуонехь шен а, къийсархочун а арен тӀаьхь. 2018/2019 шеран чемпионатан жамӀан турниран таблицин тӀаьхь 15-гӀа а, 16-гӀа а меттигаш даьхна клубийн командаш, премьер-лиган клубаш йукъарайовларан болх чекхбаьлча охьайовлу ФНЛ хьалхеяккхаре. 13-гӀа а, 14-гӀа а меттигашкара командаш, ловза шишша дехьаяларан матч (цӀахь а, хьошалгӀахь а) 2018/2019 шеран ФНЛ хьалхеяккхаран кхоалгӀа а, деалгӀа а меттигашкара командашца. Дехьаяларан матчан толамхо лору шина матчехь алсама голаш тоьхна команда, нагахь голаш цхьабосса хилахь — хьошалгӀахь алсама голаш тоьхнарг. ЦӀахь а, хьошалгӀахь а цхьабосса голаш тоьхна меттиг нислахь, тӀаккха шолгӀа матч чекхйаьлча са а ца доӀуш 15 минотехь лаьтта ши тайм тӀетоьхна хан ловзайо. тӀетоьхначу хенахь шинне командо цхьабосса голаш тохахь, толамхо хир ю хьешийн команда. ТӀетоьхначу хенахь голаш ца тохахь, толамхо билгалвоккхур ву 11 метран билгалон тӀера буьрка тохарца футболах ловзаран бакъонашца.

2018/2019 ФНЛ хьалхеяккхарехь хьалхара а, шолгӀа а меттигаш баьхнарш, ткъа иштта дехьаяларан матчийн толамхойн бакъо ло 2019/2020 шарахь Российн чемпионатехь ловза. 2018/2019 шеран дехьаяларан матчашкахь эшна командаш, ловзу 2019/2020 шеран ФНЛ хьалхеяккхарехь.

Клубаш-декъашхой

бӀаьра нисйан

2018 шеран 13 июнан хьолехь чемпионатехь дакъалаца бакъо йаьккхина 16 командо. Йиъ клуб-декъашхо Москохара ю, цхьацца Дон-тӀера-Ростов, Екатеринбург, Казань, Краснодар, Красноярск, Оренбург, Петарбух, Самара, Соьлжа-ГӀала, Тула, Уфа, ХӀинжа-ГӀала гӀаланашкара ю.

Коьрта йаззам: Футболех ловзарех Российн чемпионат 2018/2019 (хӀоттамаш)

Йукъарадахарш

бӀаьра нисйан

2018 шеран 13 июнехь РФС гулам хилира, цигахь сацам бира ФК «Амкаран» лицензи дӀаяккха клуб дӀасахецар бахьнехь[3]. 22 июнехь РФПЛ клубийн юкъарчу гуламехь сацам бира ХӀинжа-ГӀалара «Анжи» декъашхошна юкъатоха[4].

Хьалхарчу шеран жамӀашца Футболан къоман лиге охьелира лахара клубаш:

  • «Тосно», 15-гӀа меттиг йаьккхина йолу. ФКЪЛ юха а еина, шо даьллачул тӀаьхьа дӀасахецна.
  • «СКА-Хабаровск», 16- гӀа меттиг йаьккхина йолу. ФКЪЛ юхаеина, шо даьллачул тӀаьхьа.

2017/18 шеран ФКЪЛ хьалхеяккхаран жамӀашца премьер-лиге хьалаевлира лахара клубаш:

  • «Оренбург», 1-ра меттиг а йаьккхина, шо даьллачул тӀаьхьа юхайирзина премьер-лиге.
  • «Крылья Советов», 2-гӀа меттиг а йаьккхина, шо даьллачул тӀаьхьа юхайирзина премьер-лиге.
  • «Енисей», 3-гӀа меттиг йаьккхина, хьалабовларан матчехь иэшийна «Анжи». Исторехь дуьххьара премьер-лиге хьалайаьлла.

Къийсамаш дӀабахьаран меттигаш

бӀаьра нисйан

ХӀокху декъехь гайтина турниран декъашхойн географех хаамаш, хӀора стадион шен чухоамца, суртца, Российн картин тӀийра меттигца гойтуш.[5]

Краснодар Зенит (Петарбух) Ростов (Дон-тӀера-Ростов) Рубин (Казань)
Стадион ФК «Краснодар» Газпром Арена Ростов Арена Казань Арена
Чухоам: 35 059 Чухоам: 64 468 Чухоам: 45 000 Чухоам: 45 379
       
Арсенал (Тула) Ахьмат (Соьлжа-ГӀала) Анжи (ХӀинжа-ГӀала) Крылья Советов (Самара)
Арсенал Ахьмат Арена Анжи-Арена (Каспийск) Самара Арена
Чухоам: 20 074 Чухоам: 30 597 Чухоам: 26 400 Чухоам: 44 918
       
География участников Российн чемпионатан по футболу сезона 2018/2019
Оренбург Уфа Урал (Екатеринбург) Енисей (Красноярск)
Газовик Нефтяник Екатеринбург Арена Центран
Чухоам: 7 520 Чухоам: 15 132 Чухоам: 35 000 Чухоам: 15 000
       
Футбольные клубы Москвы в сезоне 2018/2019
Москохан футболан клубаш 2018/2019 шарахь
Спартак (Москох) ЦСКА (Москох)
Открытие Арена ВЭБ Арена
Чухоам: 45 360 Чухоам: 30 433
   
Локомотив (Москох) Динамо (Москох)
РЖД Арена Арена Химки
Чухоам: 27 320 Чухоам: 18 636
   

Резерван стадионаш

бӀаьра нисйан
Стадион ГӀала ДӀайиллина Чухоам
Фишт Сочи 2014 44 287
СКБ-Банк Арена Екатеринбург 2017 10 000
Геолог Тюмень 1982 (2011) 13 057
Арена Химки Химки 2008 18 636

Командийн декъашхой

бӀаьра нисйан

Официалан векалш

бӀаьра нисйан
Клуб Коьрта тренер Капитан
Анжи   Адиев Мохьмад   Владислав Кулик
Арсенал  /  Игорь Черевченко   Кирилл Комбаров
Ахьмат  /  Рашид Рахимов   Уциев Ризван
Динамо   Дмитрий Хохлов   Антон Шунин
Енисей   Дмитрий Аленичев   Александр Харитонов
Зенит   Сергей Семак   Александр Анюков
Краснодар   Олег Фоменко   Александр Мартынович
Крылья Советов  /  Миодраг Божович   Сергей Корниленко
Локомотив   Юрий Сёмин   Игорь Денисов
Оренбург   Владимир Федотов   Дмитрий Андреев
Ростов  /  Валерий Карпин  /  Александр Гацкан
Рубин  /  Кхурбан Бердыев   Руслан Камболов
Спартак  /  Олег Кононов   Денис Глушаков
Урал  /  Дмитрий Парфёнов   Артём Фидлер
Уфа   Вадим Евсеев   Павел Аликин
ЦСКА   Виктор Гончаренко   Игорь Акинфеев

Тренерийн хийцамаш

бӀаьра нисйан
Клуб ДӀавахна тренер ДӀавахаран бахьна ДӀавахаран хан Керла тренер ХӀоттийна терахь Стенгара
Зенит   Манчини Роберто Барт бохор Шерал хьалхара
мур
  Семак Сергей 2018 29 май Уфа
Арсенал  /  Божович Миодраг Барт чекхбалар  /  Кононов Олег 2018 1 июнь
Урал   Тарханов Александр Барт бохор  /  Парфёнов Дмитрий 2018 21 май Тосно
Анжи   Скрипченко Вадим Барт чекхбалар   Адиев Мохьмад 2018 4 июнь[6]
Уфа   Семак Сергей Барт бохор   Томаров Сергей 2018 13 июнь
Ахьмат   Ледяхов Игорь Барт бохор 6-гӀа тур чекхйаьлча  /  Рахимов Рашид 2018 5 сентябрь
Крылья Советов   Тихонов Андрей Барт бохор 9-гӀа тур чекхйаьлча   Кухлевский Владимир (д. кх.) 2018 4 октябрь Крылья Советов-кег
Крылья Советов   Кухлевский Владимир (д. кх.) Д. кх. мур чекхбалар 10-гӀа тур чекхйаьлча  /  Божович Миодраг 2018 8 октябрь[7] Арсенал
Спартак   Каррера Массимо Барт бохор 11-гӀа тур чекхйаьлча   Рауль Рианчо (д. кх.) 2018 22 октябрь
Енисей   Аленичев Дмитрий Официалан доцуш дӀаваккхар[8] 12-гӀа тур чекхйаьлча   Алексеев Александр (д. кх.) 2018 2 ноябрь Енисей-кег
Уфа   Томаров Сергей Барт бохор 13-гӀа тур чекхйаьлча   Кириченко Дмитрий 2018 7 ноябрь
Енисей   Алексеев Александр (д. кх.) Д. кх. Мур чекхбалар   Аленичев Дмитрий 2018 8 ноябрь
Спартак   Рауль Рианчо (д. кх.) Д. кх. Мур чекхбалар 14-гӀа тур чекхйаьлча  /  Кононов Олег 2018 12 ноябрь Арсенал
Арсенал  /  Кононов Олег Барт бохор  /  Черевченко Игорь 2018 13 ноябрь Балтика
Уфа   Кириченко Дмитрий Барт бохор 20-гӀа тур чекхйаьлча   Евсеев Вадим 2019 27 март СКА-Хабаровск

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан