Хасханов, Руслан Самадович
Хасханов, Руслан Самадович — (вин. 1973 шеран 15 март, ДегӀаста, Хаси-Эвл) — Норвегехь Ӏаш волу нохчийн исбаьхьалча. Норвегин исбаьхьалчийн бертан декъашхо[1].
Хасханов, Руслан Самадович | |
---|---|
Вина терахь | 1973 шеран 15 март (51 шо) |
Вина меттиг | Хаси-Эвл, РСФСР, ССРС |
Гражданалла |
Росси → Норвеги |
ГӀулаккхан тайпа | исбаьхьалча |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1973 шарахь Хаси-Эвлахь нохчийн-Ӏовхойн доьзалех[2]. Дай бевлла Ширча-Эвлара. Тайпана чарто ву[3].
Карьера
бӀаьра нисйанРуслан гайтаман исбаьхьалла лелош ву ишколехь доьшуш волучу хенахь дуьйна, 1989 шарахь дас а, нанас а меттигера Хаси-Эвлан исбаьхьаллин берийн ишколе велира, цуо цигахь дийшира 1989 шо кхаччалц, цу шарахь М. А. Джемалан цӀарах йолу ДегӀастанан исбаьхьаллин училище деша вахара иза, ткъа 1997 шарахь Пиетарбухехь йолу Репинан цӀарах йолу исбаьхьаллин Академехь дешар дӀадолийра. Оцу хенахь Русланан белхашна леррина тидам-бан болабелира исбаьхьаллин корматалла йолу нах[1][2].
1998 шарахь Руслан Къилба Корей дӀакхайкхира – корейхойн исбаьхьалчашца цхьана гайтамаш беш дакъалаца а, цул сов Ульсан гӀалара долара исбаьхьаллин ишколехь хьеха а[2].
2003 шарахь Норвеге кхелхира, Нохчийчохь тӀом хилар бахьнехь цига дукха нохчий дӀабахана. Норвегин Драммен гӀалахь цуьнан исбаьхьаллин дахаран керла этап йолайелира. Норвегехь а, Малхбуза Европин пачхьалкхашкахь а гайтамаш бира Руслана. 2006 шарахь цуо йиллина шен долахь йолуш исбаьхьаллин ишкол «Ренессанс» цӀе а тиллина[2]. Норвегин коьрта гӀала йолучу Ослохь исбаьхьаллин ишколашкахь а, академешкахь а хьоьхуш ву Руслан. Норвегин исбаьхьалчийн бертан декъашхо ву[1][2].
Русланан белхаш — Осло гӀалин уггар гӀарайаьллачу галерейшкахь бу. Норвегхошна уггар хазахета нохчийн баккхийн нехан суьрташ. Мукъа йолу хан каратэ Ӏамош йоккху Руслана[4].
«Россия» телеканалан интервьюхь Руслана элира [4]:
"ЦӀенна со гена мел хили, цунах йолу ойла совъйуьйлу. Со кхузза яйчохь кхехкийча а хира вац норвегхо"
Доьзал
бӀаьра нисйанЗуда, бераш ду.
Гайтарш
бӀаьра нисйан- 1997 - Имам Шемалан 200 шо дузарна гайтарш, Росси, Петарбух[1]
- 1999 - Кеп:Байракх/Къилба Корейн Ульсан гӀалахь хилла гайтарш
- 2002 - Нохчийн исбаьхьалчийн Исбаьхьаллин Академехь гайтарш, Росси, Москох гӀала[1]
- 2004 - Гайтарш галерейхь Норвеги, Тюнсет гӀалахь[1]
- 2005 - "Stasjon" галерейхь гайтарш, Норвеги, Моелв гӀала[1]
- 2007- "Athene" галерейхь гайтарш, Норвеги, Берген гӀала[1]
- 2007 - "Ретт вест" чохь гайтарш Норвеги, Шлеместад гӀала[1]
- 2007 - "Athene" галерейхь гайтарш, Норвеги, Драммен гӀала[1]
- 2007- "Stasjon" галерейхь гайтарш, Норвеги, Лиер гӀала[1]
- 2007 - "Athene" галерейхь гайтарш, Норвеги, Ставангер гӀала[1]
- 2008 - "Gustava" галерейхь гайтарш, Норвеги, Хамар гӀала[1]
- 2008 - Музейхь гайтарш, Норвеги, Драммен гӀала[1]
Галерей
бӀаьра нисйан-
Экслибрис "Нохчий дайн къайле ларйийриг"
-
Шейх Мансур говр тӀехь, автор исбаьхьалча Хасханов Руслан
-
Шейх Мансур
-
Ӏовхойн Шихмирза
-
Ушурма
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 Руслан Хасханов . Министерство культуры Чеченской республики (2014). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 март. Архивйина 2018-03-16 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 Европейский ренессанс чеченского художника . Роза Межиева (2013 шеран 16 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018-3-16.
- ↑ Выпуск 6: Руслан Хасханов. Художник . Мовсур Загаев, Хадижа (Стелла) (2018). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 март. Архивйина 2018-03-16 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Чеченцы не прижились в Европе . Ася Емельянова (28 апреля 2013). ТӀекхочу дата: 2018-3-16.
Литература
бӀаьра нисйан- Леча Ильясов. КУЛЬТУРА ЧЕЧЕНСКОГО НАРОДА. — Москва, 2009. — 264 с. — ISBN 5-264-00693-0.