Чартой — нохчийн тайпанех цхьа тайпа, Нохчмахкахойн тукхаман йукъара. Чокаев Катис дийцарехь Чартой тайпа цхьанне тукхум йукъа ца догӀу[1]. Тайпанан векалийн яьхна ДНК-тесташ гойту уьш J2 а, R1b а гаплотобанера хилар[2].

Къена тайпа
Чартой
Кхин цӀерш Чертой
Этноиерархи
Раса Кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин • дин
ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
     Нохчийчоь: хууш дац
     ДегӀаста: хууш дац
     ГӀалгӀайчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Географи

Тайпанан йуьрт лору Чартой-йурт йа Чартали (Гуьржийчоь). Амма Нохчийчохь а йу меттигаш тайпанан цӀарах тера, масала, Нохч-КӀиелан къилбехьара кӀотар Чарода (саьлнаш) йа Нохч-КӀиелан йист Чарадойн овла.

1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь лаьттина Чертойн эвла.

Дийцарехь, Гуьмсе йиллина XVII бӀешо долалуш акъарийн латташ тӀе Гуьмс-хин герга охьабаьхкинчу Чартойша[3].

Топонимаш

  • Чарода - Нохч-КӀиелан къилбехьара кӀотар.
  • Чарадойн овла - Нохч-КӀиелан йист.
  • Чарадойн кешнаш ду Нохч-КӀиелан чохь.
  • Нохч-КӀиелан къилба-малхбузехь лаьтта Чарад-корта.
  • Нохчийн акъарийн тӀехь Мескар-Эвлан къилбаседехьа, Жалкхан аьтту бердаца бу Чартой-Барз[4].
  • Ӏаларан къилбехьа, ХӀуо бассара Ӏинан кӀоштехь ду Чартойн кешнаш.

Схьабовлар

А.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а Чартойн тайпанан цӀе йаьлла лору ломан Гуьржийчоьнан Пшавиера топоним-ойконимах Чарталих. ЦӀеран билггала долу маьӀна ца даккхало. Хила тарло, дош кхолларан бух кхузахь Ча (че) — акхаро, -р, -та, -ли — нохчийн маттахь алсама йолу суффиксаш. Иштта суффикс -л гуьржийн маттахь а йу. Ча тотеман дийнат хилла хьалхарчу заманахь. Цигара схьа, ала мегар ду, Чартали — Чартойн тайпанан даймохк бу, ткъа кхин а гуьржийн фамилин Чарталишвилин а. Тамашийна ду цхьаьана Черточо, НГӀАССР Совет министровхь йолу Нохч-ГӀалгӀайн гуманитаран Ӏилманийн институтан хиллачу белхалочун Сиражуддин Чингисханович Эльмурзаевн дийцар, шен ворхӀалгӀачу ден цӀе Григорий а хилла, иза керста гуьржий а хилла бохуш долу[5].

А.Сулеймановн хетарехь Чарадой – этноним йу йуста мегаш йолу, ДегӀастанара чародойшца.

Талламхоша боху тайпанаш чIантий а, чартой а хьалха хӀинцалерачу къилбаседа ломан Гуьржийчохь йолчу ЧIантио а, Чартали а эвланашкахь баьхначу вайнахах бух болуш ду[6].

Дайшкара деана дийцаршкахь, тайпанаш Чертой, Ялхой, Бийтарой схьадевлла XVII бӀешарахь кхаа вешех – Ялхох, Битрох, Чертох. Церан дай а, уьш а баьхна Нажи-Йуьртан кӀоштарчу Гилнахь, ткъа кхин а хьалха баьхна Гуьржийчоьнан дозанашца.

Баржар

Тайпанан векалш беха меттигаш: Бена-Йурт, БердакӀел, Галне, Гуьмсе, Доьлаке, Къеди-Йурт, Илсхан-Йурт, Ишоре, Лаха Невре, Мескар-Эвла, Нойбера, Цоци-Эвла, ЧӀулга-Йурт, Шела, Ӏаларой-Эвла, Ӏелин-Йурт, кхин а[3].

Бекъабалар

Чартой бекъало некъешка: Аьстмар некьи, Гакин некъе (J2), Гойн некъе, Зокин некъе, Исмайлан некъе, Кешкарой, Суьнтаран некъе, ТӀалтӀин некъе, ЧӀугин некъе

ГӀарабевлла Чартой

  • Ахтаханов, Руслан Абуевич (1953 шеран 14 мартехь(19530314)2011 шеран 15 ноябрехь) — нохчийн поэт, Россин йаздархойн Союзан декъашхо, Боровик Артеман цӀарахчу премин лауреат, Современни гуманитарни академин проректор.
  • Кишиева Хеда - Кунта-Хьаьжа Кишиевн нана, Дадагов ХӀибин йоӀ хилла, зийарат ду Эртанахь (Хьаьжи юрт) Веданан кӀоштахь.
  • Мамакаев, Ӏаьрби Шамсуддинович (1918–1958) — нохчийн йаздархо. Вина Теркан кӀоштан Лаха-Неврехь. Дуьххьара байташ зорба тоьхна 1934 шарахь. 1940 шарахь арайаьлла дуьххьарлера сборник поэтан – «Теркан тулгӀенаш». МамакаевгӀеран схьадовлар Гильнера ду, Сунтар-некъех бу уьш, дукхах болу Сунтар некъе беха Гуьмсеь а, Лаха-Неврехь а.
  • Мациев Ахьматнохчийн Ӏилманча, хьехархо, нохчийн йозан бухбиллинчарах цхьаъ, 50 сов Ӏилманийн белхан автор, Филологин Ӏилманийн кандидат[7].
  • Мичиган Эски — 1851 шарахь дуьйна имам Шемалан Мичиган гуонан наиб[8][9]. Схьавалар Теркйисттера ду. Цигара кхелхина Нойбера. 1857 шеран июлехь каравахна паччахьан бӀаьччаллийна. Ваха БоргӀане охьахаийна, дӀавоьллина БӀачи-Йуртахь.
  • ХӀовка — 1824-1825 шерашкахь Нохчийчоьнан имам, цӀера Гермчигара хилла.
  • Хасханов, Руслан Самадович — художник.
  • Чартойн Сунтар — император Александр Ӏ-чун гӀарулера эпсар[10].
  • Эльмурзаев, Сераждин Чингисханович (1911-1974) — филолог а, историк а, ворхӀ том йолчу «Нохчийн фольклоран» автор.


Билгалдахарш

  1. К ВОПРОСУ ОБ «ОТДЕЛЬНЫХ» И «ПРИШЛЫХ» ТАЙПАХ В СОЦИАЛЬНОЙ СТРУКТУ РЕ ТРАДИЦИОННОГО ОБЩЕСТ ВА ЧЕЧНИ
  2. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  4. А. А. Головлёв * НЕКОТОРЫЕ БИОЛОГИЧЕСКИЕ И ГЕОГРАФИЧЕСКИЕ ТЕРМИНЫ И ТОПОНИМЫ НА ЧЕЧЕНСКОМ ЯЗЫКЕ 2007 год
  5. Вестник Академии наук Чеченской Республики, No 2 (15), 2011 — C. 192
  6. «Мы — единый народ» Джамбулат Сулейманов (Болатойха Джамболат)
  7. Головлёв, 2007, с. 279.
  8. Далхан Хожаев. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Издательство «СЕДА» 1998 ISBN 5-85973-012-8. С. 176
  9. Эски - бывший наиб имама Шамиля
  10. Князья Турловы

Литература