Хьусайн ибн Ӏалий

Мухьаммадан йоӀан кӀант, Ӏалий ибн Абу ТӀалибан а, ФатӀиматан а кӀант, шиӀашна гергахь кхоалгӀа имам
ХӀокху версин 13 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2017, 24 октябрь).

Абу Ӏабдулла́хӀ аль-Хьусайн ибн Ӏали́й ибн Абу ТӀа́либ аль-ХӀа́шими аль-Къураши́й аль-Мадани́й (Ӏаьр. أَبُو عَبدِ اللّٰهِ الحُسَينُ بنُ عَلِيِّ بنِ أَبِي طَالِبٍ الهَاشِمِيُّ المَدَنِيُّ‎‎; 626 шеран 9 январехь, Мадинат, Хьижаз680 шеран 12 октябрехь, Карбалаъ, Ӏиракъ, Умавийн халифат) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ йоӀан кӀант а, сахьаби а, шиӀашна гергахь кхоалгӀа имам а, Ӏалийн а, ФатӀиматан а кӀант а ву. Кхолларан дайх пхоьалгӀаниг ву иза. Цунна харц цӀе тиллина Мухьаммад пайхамаро ﷺ «Йалсаманин бахархойн кегийрхойн эла» аьлла, цо аьлла: «Хьасан а, Хьусайн а — йалсаманин бахархойн кегийрхойн ши эла ву».

Хьусайн ибн Ӏалий
Ӏаьр. الحسين بن علي‎‎
Айя София маьждиг чохь дӀатоьхна Хьусайнан цӀеран сурт
Айя София маьждиг чохь дӀатоьхна Хьусайнан цӀеран сурт
Аш-шахӀид, Саййиду шабаби ахӀлил-жаннат, Саййиду-ш-шухӀадаъ
Говзалла баьчча, Ӏеламстаг, поэт
Вина терахь 626 шеран 9 январь
Вина меттиг Мадинат, Хьижаз
Кхелхина терахь 680 шеран 12 октябрь (54 шо)
Кхелхина меттиг Карбалаъ, Ӏиракъ, Умавийн халифат
ДӀавоьллина меттиг
Да Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Нана ФатӀимат аз-ЗахӀраъ
Зуда Умм Лайлаъ, ШахӀрбану, Умм Исхьакъ бинт ТӀалхьат, Рубаб бинт Имру аль-Кайс
Динлелор Ислам
Дешархой Зайн аль-Абидин
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш