ХӀукӀайн адамаш
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀукӀайн адамаш я Кавказан адамаш (инг. White people, кхин а инг. брит. Caucasian people) — историн а, оьздангаллин-этнографин а термин, леладо тайп-тайпанчу контексташкахь.
Терминан маьӀна хенаца хийцало. Цхьацца хӀинцалерачу мехкашкахь, масала Керла Латта тӀехь (АЦШ), бахархой дукха хан йоццуш массашкахь кхалхар бахьнехь, чуйоьлла колониалан менталитетан классификаци пачхьалкхо къаьмнашца ца йо, ткъа расашца йо, кхетам «хӀукӀайн адамаш» хӀоьттина юкъадаьлла хӀора дийнан а дахарехь официалан а, бахаман а тӀегӀанехь. Башха къаьста иза расашна йукъара девне юкъаметтигаш йолчу мехкашкахь (АЦШ, КЪАР).
Истори
бӀаьра нисйан«ХӀукӀайн» термин чӀогӀа яьржина колониалан талламашкахь а, европахоша Америкехь, Азехь, Африкехь XV—XX бӀешарахь колониалан лецна мехкашкахь а. Цигахь хӀукӀайн кхетам дуьхьала хӀоттабо хӀукӀайн йоцучу расашна, царна цӀераш йелла шайн бесашца. Дуьненахь кӀайн чкъор долуш адамаш дац (альбиносаш доцурш) дуьххьал дӀа. Иштта дуьненахь дац можа чкъор дерш (азихой), цӀиен чкъор дерш (индахой) я берриг Ӏаьржа берш (хӀуӀаьржа), амма иштта билгалонаш йина адамаша шайн юкъахь.
Европахойн колонизаци йолийнера Испанис а, Португалис а, ткъа расизм а, европахойн билгало хӀукӀайн санна йолаелла кхин европин пачхьалкхаш колониалан арене евлча бен. «ХӀукӀайн расан» кхетам историца билгала критереш йолуш ца хилла. XVI бӀешарахь португалхоша «хӀукӀайчарна» юкъатухара Ӏаьрбой, хӀиндахой, ций, ткъа АЦШхь XIX бӀешарахь «хӀукӀайчарна» йукъара дӀабахора ирландхой а, италихой а. XX бӀешо долалуш «хӀукӀайн расин» юкъатуху европахой а, церан тӀаьхье а, жуьгтий боцурш, уьш «хӀукӀайн» лара болийра ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи.[1]
КхоалгӀачу Рейхехь «хӀукӀайн боцучу» бахархошна дуьхьала (жуьгтий, цигонаш) хӀиттийра дерриг административан хьесапаш, царна юкъахь гучубелира керла некъ — Ӏилманан расизм (псевдоӀилман теори). Цул сов, хӀукӀайнарш гуттаренна а питанца дуьхьала туьйсура «хӀукӀайн боцучарна». Иштта юкъабаьлла кхетам «Можа кхерам», «Малхбале чугӀортар», кхин а.