Церете́ли Зура́б Константи́нович (гуьрж. ზურაბ კონსტანტინეს ძე წერეთელი; вина 1934 4 январь, Тиблиси, ЧКСФСР, ССРС) — советийн а, российн а исбаьхьалча-монументалист, Ӏаламдиллархо, скульптор, хьехархо, профессор, ЮНЕСКО Дика маршонан векал. 1997 шарахь дуьйна — Российн исбаьхьаллин академин президент.

Церетели Зураб
гуьрж. ზურაბ წერეთელი
Вина терахь 1934 шеран 4 январь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (90 шо)
Вина меттиг Тиблиси
Гражданалла  ССРС
 Гуьржийчоь
 Росси
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча, скульптор, архитектор, политик
Жанр скульптура
Стиль абстракционизм, соцреализм
Дешар Тбилисин исбаьхьаллин академи
СовгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо — 1990
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Ленинан Орден — 1990 Халкъийн доттагӀаллин орден — 1980
Сийлаллин легионан орденан кавалер — 2010 Говзаллийн а, литературин а орденан эпсар (Франци)
Гражданийн гӀуллакхашна орденан кавалер (Испани) Габриэла Мистралан орденан кавалер Бернардо О’Хиггинсан орденан кавалер
Ахьмад Кадыровн Орден
Ахьмад Кадыровн Орден
Москохан гӀуллакхаш дарна къасторан хьаьрк
Сайт zurabtsereteli.com

ССРС ИА академик (1988; корреспондент-декъахо 1979). Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1990). ССРС Халкъан исбаьхьалча (1980). Российн Федерацин Халкъан исбаьхьалча (1994). Ленинан совгӀатан (1976), шина ССРС пачхьалкхан совгӀатийн (1970, 1982), Российн Федерацин пачхьалкхан совгӀатан (1996) лауреат. «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан буьззина кавалераш. ССКП декъахо 1965 шарахь дуьйна.

5000 сов Ӏаламдилларан, графикин, скульптурин, монументан-декоративан говзаллин (фрескаш, мозаикаш, панно), кхин а кхолламийн автор. Исбаьхьалча-монументалисто санна кечбина цхьа могӀа кхолламаш, масала, Ленинан мемориал Ульяновскехь, хьешийн комплекс Измайловохь, Хьешийн комплекс «Ялта-Интурист» Ялтехь, курортан гӀала Адлерехь, «Ривьера» парк Сочехь, Профсоюзийн гӀала Тиблисехь, Йоккха театран керла сцена Москохахь, кхин а; скульпторо санна кхоьллина дукха монументаш, царна йукъахь «ДоттагӀалла бӀешерашна» Москохахь, «Дикано зулам иэшадо» ВКъКх гӀишлон хьалха Нью-Йоркехь, «Керла адам дар» Севильяхь, «Цатешаман пен бохор» Лондонехь, Космодемьянская Зоян иэс Рузехь, кхин а.

Церетели Зураб вина 1934 шеран 4 январехь Тиблисехь гуьржийн доьзалехь. Цуьнан да Константин Георгиевич (1903—2002) Гуьржийчохь вевзара инженер-гӀишлошйархо санна, схьавалар ду ширачу гуьржийн Церетели тайпанан титулаш йоцучу гарах[1]. Нана — Нижарадзе Тамара Семёновна (1910—1991), иштта элийн тайпанан векал йу. ладаме Ӏаткъам бина жимачу Зурабан цуьнан ненан вашас Ӏаламдиллархочо Георгий Нижарадзес. Цуьнан хӀусамехь, кӀанта дӀахьора шен хенан ладаме дакъа, ткъа цигахь хуьлура гуьржийн исбаьхьалчаш — Какабадзе Давид, Кобуладзе Серго, Джапаридзе Уча, кхин берш а. Уьш хилира, сурт дилларан говзалле марзвеллачу, жимачу стеган хьалхара хьехархой.

1958 шарахь Церетели Зураба чекхйаькххира Тиблисин исбаьхьаллин академин Ӏаламдилларан факультет, балха хӀоьттира Гуьржийчоьнан Ӏилманийн академин Историн, археологин, этнографин институте.

1964 шарахь Ӏамийра Францехь, цигахь бевзира гӀарабевлла исбаьхьалчаш Пикассо Пабло а, Шагал Марк а.

1960-гӀа шераш чекхдовлуш волавелира жигара болх бан монументан областан говзаллехь. Россехь доцург, цуьнан скульптурин кхолламаш бу Бразилехь, Йоккха Британехь, Испанехь, АЦШхь, Францехь, Японехь, Гуьржийчохь, Беларуссехь, Литвехь.

1980-гӀа шарахь Москохан XXII Олимпийн ловзарийн коьрта исбаьхьалча хӀоттийра.

1988 шарахь хаьржира ССРС ИА бакъ волу декъахо (академик).

1996 шарахь хаьржина ЮНЕСКОн Дика лааман векал.

1997 шарахь дуьйна ву Российн исбаьхьаллийн академин Президент.

2003 шарахь Российн Федерацин башха гӀуллакхаш дарна Церетели Зурабан Российн президента Путин Владимира цунна йелира российн гражданалла[2].

Церетели кхин а Москохан хӀокху заманан музейн а, Церетели Зурабан говзаллин галерейн а директор ву.

2010 шеран февраль йуккъехь Церетели Зурабан йелира Сийлахь легионан орденан кавалеран цӀе. Оццу шеран июнан йуьххьехь АЦШан Говзаллин къоман йукъаралло цунна йелира дешин «Сийн мидал». З. Церетели ву дуьххьарлера и совгӀат дела гуьржийн а, россий а исбаьхьалча[3].

Кхолларалла

бӀаьра нисйан

Исбаьхьалча-монументалист

бӀаьра нисйан
 
Берийн бассейн курортан гӀалахь Адлерехь, 1973

Къобалвар

бӀаьра нисйан
 
«Даймехкан гӀуллакхдарна» I тӀегӀан орден йаларан церемонехь, 2010

Российн Федерацин а, ССРС а пачхьалкхан совгӀаташ

бӀаьра нисйан

Йукъараллин позици

бӀаьра нисйан

2014 шеран 11 мартехь Церетели Зурабан куьг гучуделира Российн Федерацин оьздангаллин гӀуллакххойн кхайкхаман бухахь, РФ президентан В. В. Путинан Украинера а, ГӀирмера а политикин гӀо лоцуш[11]. Амма шолгӀачу дийнахь, скульпторан гӀоьнчо Шагулашвили Сергис, гуьржийн «Интерпрессньюс» хаамагенталлин а, «Рустави-2» телеканалан а интервьюхь дӀахьедира, ма-дарра аьлча Церетелис кехаташна буха куьг ца йаздина, иза «цкъан а политикин йукъа ца гӀерта» аьлла[12][13].

Церетели Зураб вевза шен дикаллин гӀуллакхашца, берашца бечу белхашца. Исбаьхьалчо рожехь дӀахьо говзанча-классаш, цигахь гойту шен зиеделларг тӀекхуьучу чкъоьран.[14]

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Дворянские роды Российской империи.- Т.IV.- М., 1998.- С.232.
  2. Указ Президента Российской Федерации от 4 июня 2003 года № 601 «О приёме в гражданство Российской Федерации»
  3. Заслуги Зураба Церетели оценили золотом. Дни.РУ (2010 шеран 5 июнь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 июнь.
  4. Указ Президента Союза Советских Социалистических Республик от 11 ноября 1990 года № УП-997 «О присвоении звания Героя Социалистического Труда тов. Церетели З. К.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 14 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 4 январехь Архивйина 2014-01-04 — Wayback Machine
  5. Указ Президента Российской Федерации от 26 июля 2010 года № 934 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ I степени Церетели З. К.» ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 4 январехь Архивйина 2014-01-04 — Wayback Machine
  6. Награждённые государственными наградами Российской Федерации
  7. Указ Президента Российской Федерации от 4 января 2006 года № 11 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ II степени Церетели З. К.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 13 апрелехь Архивйина 2014-04-13 — Wayback Machine
  8. Указ Президента Российской Федерации от 29 апреля 1996 года № 612 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ III степени Церетели З. К.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 3 январехь
  9. З. К. Церетели вручён орден «За заслуги перед Отечеством» IV степени Архивйина 2014-04-13 — Wayback Machine
  10. Указ Президиума Верховного Совета СССР от 14 ноября 1980 года № 3301-X «О награждении орденами и медалями СССР работников, наиболее отличившихся при подготовке и проведении Игр XXII Олимпиады»
  11. Деятели культуры России — в поддержку позиции Президента по Украине и Крыму. Минкультуры России (2014 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 11 мартехь
  12. Зураб Церетели не подписывал письма по Украине, заявил его помощник. Эхо Кавказа. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 май.
  13. Церетели "не подписывал письма" в поддержку политики Путина. Радио Свобода (2014 шеран 12 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 май.
  14. Мастер-класс З.К.Церетели. www.rah.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 12 декабрь. Архивйина 2019-12-12 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан