ЦӀечу-Аьхке
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ЦӀечу Аьхке, ЦӀеча Аьхк (нох. ЦIечу аьхкие, ЦIий Iанийнчу аьхке) — Нохчийчоьнан Соьлжан кӀоштара дӀатесна эвла, хӀинца йохийна йу. XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш (кхин хьалха а хила тарло) орстхойн синмехаллин а политикин а центр хилла. ЦӀечой тайп схьадаьлла эвла[~ 1]. 1890 шарахь эвлахь 25 керт хила, 192 бахархой хила, къам — нохчий[1].
ДӀатесна эвла | |
ЦӀечу-Аьхке | |
---|---|
нох. ЦӀечу-Аьхке | |
42°58′06″ къ. ш. 45°04′28″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | ГаланчӀожан кӀошт |
Истори а, географи а | |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 192[1] стаг (1890) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий[1] |
Динан хӀоттам | бусулба[1] |
Официалан мотт | Нохчийн мотт |
Картин тӀехь | |
ЦӀе
бӀаьра нисйанЦӀечу Аьхке эвлан цӀен этимологи маьӀна даьккхина талламхочо мохкӀаморхочо А. С. Сулеймановс: цӀеран хьалхара дакъа схьадаьлла цӀен а, кхаьрчан а, акхаройн а ЦӀа цӀе йолчу делин цӀарах, ткъа цӀеран шолгӀа дакъо билгалдоккху охьа доьду хи йа Ӏин. Кхин цӀе — ЦӀий Ӏанийнчу аьхке, дийцаршкахь кхузахь кхечу махкахошца цӀий Ӏанош тӀом хилла[2].
Географи
бӀаьра нисйанЭвлан йоьхна гӀишлош кӀоштан центр йолу Сипсо-ГӀала станицин къилба-малхбузехьа йу, Фортанга хин аьтту берда тӀехь, Лакха Алкун йуьртан 4 км генахь[2]. Уллора йарташ, Алкун йоцуш, къилбаседехь — ДаьттагӀа, къилбаседа-малхбузехь — Муьжичоь.
Истори
бӀаьра нисйанТалламхойн а, документийн а тоьшаллашца XVIII бӀаьшо чекхдолуш — XIX бӀаьшо долалуш, ЦӀечу Аьхке йара орстхой беха маьхкан синмехаллин а, политикин а центр[3]. Шен йукъара дуккха а вайнехан къаьмнаш схьадевлла долу, нохчийн, гӀалгӀайн этногенезехь дакъа лаьцна йолу Лам-Аьккхи олу исторически регион йукъахь бара и мохк. ТӀаьхар хьенахь йерриг ГаланчӀож кӀошт меттахота йа белхан ду дӀа доьлхуш, цу белхан йукъа йохуш йу ЦӀеча-ахка а[4].
Фамилеш
бӀаьра нисйан- ЦечоевгӀар
- ГардановгӀар
- БоковгӀар
- ОпиевгӀар
- СаралиевгӀар
- ГорчхановгӀар
- ГарчиевгӀар
- АлиевгӀар
- КурбановгӀар
- БариевгӀар
- БерсановгӀар
- ГовороджевгӀар
- ГубаевгӀар
- ДжантемировгӀар
- ЗарахматовгӀар
- ИлиевгӀар
- ИналовгӀар
- МазиевгӀар
- МусиевгӀар
- СулимановгӀар
- ТалибовгӀар
- ТатриевгӀар
- ТоркоевгӀар
- УмаевгӀар
- ЭкажевгӀар
- ЭлжаркиевгӀар
- ЭмиевгӀар
- ГагиевгӀар
- СапралиевгӀар
- ЦорхоевгӀар
- МуталиевгӀар
- ГетагажевгӀар
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- Комменташ
- ↑ Нахи, как и представители некоторых других северокавказских народов, использовали сложную и не всегда однозначную систему названий для существовавших в их среде форм объединений, часто употребляя целый ряд терминов — тукхумы/шахары, тайпы, гары, некъи, ца, доьзалы и другие. В кавказоведении, применительно к крупным формам таких объединений, используется термин «вольные общества» или просто «общества».
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 4 Статистические таблицы населенных мест Терской области / изд. Терск. стат. ком. под ред. Евг. Максимова. — Владикавказ, 1890—1891. — 7 т. Т. 2. Вып. 7 : Грозненский округ. — 1891. — 107, [1 с. : табл. с. 60
- ↑ 1 2 Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006.
- ↑ Ахмадов Я. 3., Ахмадов Ш. Б., Багаев М. X., Хизриев X. А. История Чечено-Ингушетии (дореволюционный период)//Учебное пособие. — Грозный, 1991. — С. 50.
- ↑ https://chechnyatoday.com/content/view/22727