ЧӀебарлойн кӀошт[2]Нохчийчоьнан административан кӀошт. Бахархойн дукхалла 6962 стаг (2009 шо). Дуьххьара 1925 шерахь кхоьллина йу Нохчийн Автономин Мехкана йукъахь, 1938 шере кхаччалца лаьттина а йу. 1935 шерахь Нохчи-ГIалгIайн АССР-на йукъахь меттахIоттийна йу, цул тIаьхьа 1944 шере кхаччалца лаьттина а йу. 1992 шерахь йуха а меттахIоттийна йу, тIаккха 2003 шерахь йуха а меттахIоттийначул тIаьхьа 2007 шере кхаччалци бен латта а ца лаьтти иза. ТIаьххьара 2012 шерахь йуха а меттахIоттийна йу иза, Нохчийн Республикана йукъахь а йолуш. Муниципалан "ЧӀебарлойн кӀошт" аьлла, бакъуонтIехь чIагIйина а йу иза. Административан центр — пхьа (эвла) Шара-Орга.

КӀошт
ЧӀебарлойн кӀошт
Пачхьалкх
Йукъайоду Нохчийн Республика
Истори а, географи а
Кхоллар 1925
Латта 52,5 км²
Локхалла
 • Максималан 2809 метр м
 • Йуккъера 1670 метр м
 • Минималан 1070 метр м
Сахьтан аса MSK-3 (UTC)
Бахархой
Бахархой 6962 стаг (2009)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87154
ЧӀебарлойн кӀошт картин тӀехь
ЧӀебарлойн кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ЧӀебарлойн кӀоштан дозанаш: къилбседехь — Веданан кӀоштаца, малхабалехь — Дагестанаца, къилбехь — Шаройн кӀоштаца, малхбузехь — Шуьйтан кӀоштаца а, Итон-Кхаьллан кӀоштаца а.

Нижала

Нохч-Кела

Чlебарла

Рига

Шара-Оргуне

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан