ДегӀаста
ДегӀастанан Республика (ДегӀаста[2]) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна йукъара республика[3]. Къилбаседа Кавказан Федералан гуон йукъадогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.
Республика (пачхьалкх) | |||||
ДегӀаста | |||||
---|---|---|---|---|---|
оьрс. Республика Дагестан | |||||
|
|||||
Гимн Дагестана, Дагестан, ты отчизна святая | |||||
42°59′02″ къ. ш. 47°30′18″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Адм. центр | ХӀинжа-ГӀала | ||||
Корта | Сергей Алимович Меликов | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1991 | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | MSD, UTC+3, Европа/Москох[1] | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
|
||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-DA | ||||
Телефонан код | 872 | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР йукъара автономин республика санна. Республикин коьрта гӀала — ХӀинжа-ГӀала.
Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.
ДегӀастанан Республикин Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастананахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна йукъахь йоза а ду, официалан статус а йу жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.
Этимологи
бӀаьра нисйанТаханлера ДегӀастанан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастанан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, йа мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.
Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастанан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[4]. Гуьржаша исторехь ДегӀастанан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (йа Лакз[5], йа Легийн латташ[6]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидой)[5][7].
«ДегӀаста» цӀе йевза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (туьркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[8]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[9]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе йукъайаьлла X/XVI бӀешерашкахь[10]. «ДегӀаста» цӀе нийса йац историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастанан АССР (хӀинца ДегӀастанан Республика) йукъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу йерриг майданах[8].
Географи
бӀаьра нисйанДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикин къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастанан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист йу (41°10' къ-с. ш.).
Гидрографи
бӀаьра нисйан-
Гӏой-хи кхоллало меттиг
ДегӀастанан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, йуккъера а республикин дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.
Эркаш
бӀаьра нисйанРеспубликин йуккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна йукъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[11]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.
ДегӀастанан къилбаседе климат йекъа хиларна эркашца къиен йу. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[12].
Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, йаккхий охьенаш а[12].
Самур ДегӀастанахь шен барамца шолгӀа эрк ду. Цуьнан майда 7,3 эз. км² йу. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Каспий-хӀорд чукхетачу меттигехь Самур геннашна декъа а лой дельта до. Эрк тӀаьхь а, цуьнан коьрта геннаш тӀаьхь а кхоъ ГЭС йан план йу. Самуран хиш иштта леладо йалташна хи дуьллуш: эрк чуьра долу Азербайджанан лулахь долу (Самур-Апшеронан татол) Къилба ДегӀастанан хи дуьллу татолаш (Самур-Дербентан татол)[12].
ГӀой-хи кхоллало ГӀазгӀумкийн ГӀой-хи, ЖӀайхойн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи цхьаьна а кхетий, ткъа уьш схьадовлу Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь. Цуьнан бассейнан майда йу 15,2 эз. км². ГӀой-хино ло ДегӀастанан йерриг гидроэнергоресурсех ах ресурсаш, кхунна тӀаьхь йу Чиркейн ГЭС, Миатлин ГЭС, Гельбахан ГЭС, Чирюртан ГЭС-1, Чирюртан ГЭС-2.
- Ӏаьмнаш
- Къоьзана Ӏам (Ботлихан кӀошт, Ӏоман доккхаха долу дакъа Нохчийчоьнан Веданан кӀоштехь ду[13] — Къилбаседа Кавказехь уггаре боккха а, кӀорга а ломан Ӏам
- Теркан лахенашкара Ӏаьмнаш
- Ак-Гёль Ӏам — ХӀинжа-ГӀала
Рельеф
бӀаьра нисйан-
ГӀой-хин Ӏин
-
Нуьйра лам
-
Шемалан кӀоштара Ӏин
ДегӀастанан орографи ша кепара йу: лаьмнийн кӀажойн 245 километр аса гӀоьрта пурх долчу даккъех, цара гуо бо доккхачу Ӏадца Чоьхьара ДегӀастанан. Коьрта ши эрк арадолу лаьмнашкара — Сулак къилбаседехьа, Самур къилбехьа. Ломан ДегӀастанан Ӏаламан дозанаш ду: Лайн а, Ишхеш а даккъаш — ГӀой-хин доккхачу Ӏине кхаччалц ду, Гимрин, Хьаннийн, Кокма, Джуфудаг, Ярудаг даккъаш — ГӀой-хин а, Самуран бассейнан а йуккъехь ду, Коьрта Кавказан дукъ — шине а бассейнан къилба-малхбузехьа ду[14].
Чоьхьара ДегӀаста, шеен рогӀехь, йекъало йуккъера лаьмнийн, акъари кепара кӀошт а, альпийн, лекха лаьмнийн кӀошт а[15].
Лаьмнаша дӀалоцу 25,5 эз. км² майда, ткъа ДегӀастанан берриг мехкан йуккъера локхалла йу 960 м. Уггаре лекха лам — Базардюзю (4466 м). ДегӀастанан лаьмнаш ден породаш, цӀеххьана къаьсташ йу. Коьртаниш царех — Ӏаьржа а, саз-латта кепара а сланцаш, чӀогӀа доломит долуш а, гӀийла щелоч долуш а кира маьӀданаш, ткъа иштта гӀамаран тӀулг а. Сланцийн даккъаш ду Лайн дукъ Дукълуо-Ломаца (4285 м), Богоссан дукъ Адалла-Шухгельмеэр (4151 м) бохьца, Шалиб Дюльтыдаг (4127 м) бохьца[16].
Каспийн бердйист а, Теркан-Куман а, Теркан-ГӀойхин тогӀен а аренийн доккхаха долу дакъа лаьтта дуьненан океанан тӀегӀанал 27 м лахахь[17].
Климат
бӀаьра нисйанДегӀастанан къилбаседехьарачу а, йуккъерачу а декъера климат йу барамера континенталан а, йекъа а[18].
ДегӀаста йекъна кхаа лаьттан-климатан зонашка:
- ломан — 850 (1000) м лакхе (майда 2,12 млн.га йа 39,9 % мехках)
- ломан кӀажошкара — 150 (200) - 850 (1000) м (майда 0,84 млн.га йа 16 % мехках)
- аренан — −28 - 150 (200) м (2,35 млн.га йа 43,3 % мехках)[19].
Январан йуккъера температураш +4 °C чӀожашкахь, −11 °C лекха лаьмнашкахь, июлан температура +30 °C чӀажашкахь, +8 °C лекха лаьмнашкахь. Шеран йочанаш хуьлу, Ӏай 200—300 мм, аьхка 600—800 мм[20].
Вегетацин мур бу 200—240 де[21].
Сахьтан аса
бӀаьра нисйан
Дагестан лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[22]. |
Ораматаш
бӀаьра нисйанДегӀаста географин агӀора йекъало ломан кӀажошкара, ломан, лекха ломан физикин-географин асанашна, хӀоранна а царна чохь йу тайп-тайпана ораматаш. ДегӀастахь йолу 4500 гергга кепара лакхара ораматаш, царех 1100 эндемикаш[23]. Аренашкахь коьртаниг ахгӀум-аренан ораматаш йовлу. Ломан кӀажошкара асанехь (600 м лакхара) баьржина байнаш а, хьаннаш а. Субальпийн а, альпийн а байнаш тӀаьхь алсама йу овсяница, клевер, астрагал, скабиоза, горечавка, кхин а бецаш. 3200—3600 м лакхахь алсама йу кӀорсамаш а, шело ловш йолу ораматаш а[24].
Истори
бӀаьра нисйанИсторин областаш
бӀаьра нисйанДегӀаста даиман а йекъалора историн-географин областашка: ЖӀайхойн мохк, Кайтаг, ГӀумкийчоь, Табасаран.
Палеолит
бӀаьра нисйанДегӀастанан махкахь нах баьхна 2 миллион шо гергга хьалха: ХӀордйистан ДегӀастара хӀуттийла Рубас-1 (2,2—2,3 млн шо хьалха)[25], Айникаб 1-2, Мухкай 1, Мухкай 2 хӀуттийлин чкъор 80 (1,8 млн шо хьалха), Мухкай 2 чкъор 129 (2,5 - 1,9 млн шо хьалха)[26][27], Гегалашур 1-3, Ругуджа[28], Урма-1[29]. Ах миллион шо сов ду Дарвагчай эрк тӀиерачу хӀуттийлан[30].
Антикалла
бӀаьра нисйанВайн эра долалуш таханлера ДегӀастанан дакъа дара Кавказан Албанин йукъахь.
Йуккъера бӀешераш
бӀаьра нисйанКӀошташ
бӀаьра нисйанГӀаланаш
бӀаьра нисйанГӀаланаш | 2006 | 2007 | 2008 |
---|---|---|---|
ХIинжа-ГIала | 49 801 | 49 801 | 46 813 |
Шури-ГӀала | 2095 | 2095 | 2095 |
Дагестански Огни | 927 | 927 | 927 |
Дербент | 7100 | 7100 | 6963 |
Избербаш | 2292 | 2292 | 2255 |
Каспийск | 3294 | 3294 | 3294 |
Кизилюрт | 2370 | 2370 | 2370 |
ГӀизлар | 3231 | 3231 | 3231 |
Хаси-Эвл | 3848 | 3848 | 3848 |
Южно-Сухокумск | 9170 | 9170 | 9170 |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанКомментареш
бӀаьра нисйан
- ↑ https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь . — Грозный, 1978. — С. 722. — 728 с.
- ↑ Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
- ↑ Юнус Дешериевич Дешериев. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963. — С. 554.Дуьххьарлера йоза (оьр.)
Н.Я. Марра тардолуьйтура, «Албани» дашо билгалбаккхар «ломан мохк»
- ↑ 1 2 Историческая карта Грузинского царства и соседних территорий
- ↑ [Armenia, Colchis, Iberia, Albania, Etc.jpg]
- ↑ Происхождение Хунз.
- ↑ 1 2 Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь / Отв. ред. P. A. Агеева. — М.: Русские словари, 1998. — С. 130. — ISBN 5-89216-029-7.
- ↑ Хазары: Миф и история. /Редколлегия: А. К. Аликберов, Т. М. Калинина, Т. М. Мастюгина, В. В. Наумкин, Е. Э. Носенко-Штейн (редактор-составитель), В. Я. Петрухин (редактор-составитель), В. С. Флёров, Р. Я. Эмануилов. Гешарим/Иерусалим — Мосты культуры/Москва, 2010.
- ↑ В.В. Бартольд. Сочинения. — Наука, 1965. — Т. 3. — С. 408.
- ↑ Республика Дагестан . Архивйина 2007 шеран 28 апрелехь Архивйина 2007-04-28 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Климат &124; Туризм в Дагестане . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 24 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 25 сентябрехь
- ↑ Берг Л.С. Рыбы пресных вод СССР и сопредельных стран. — М.—Л., 1948. — Т. 1. — С. 254. — 466 с.
- ↑ География ДегӀастанан . www.babochki-kavkaza.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
- ↑ География и природа ДегӀастанан . www.e-dag.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2020-10-24 — Wayback Machine
- ↑ О Дагестане . www.prd23.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2019-05-08 — Wayback Machine
- ↑ ДАГЕСТАН • Большая российская энциклопедия - электронная версия . bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2020-06-13 — Wayback Machine
- ↑ Географическое расположение, рельеф и климат ДегӀастанан . www.dagestanrsp.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2015-09-26 — Wayback Machine
- ↑ Диссертация: Приёмы увеличения мощности панотнозо слоя каменистый почв речных долин Приморской низменности Дагестана . Архивйина 2010 шеран 8 январехь Архивйина 2010-01-08 — Wayback Machine
- ↑ БОЛЬШАЯ СТРАНА :: РЕСПУБЛИКА ДАГЕСТАН
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуГеография и природа Дагестана
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (2011 шеран 3 июнь).
- ↑ Природа ДегӀастанан . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
- ↑ Республика ДегӀаста Географическая Карта (инг.). instructionstone. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Деревянко А. П., Анойкин А. А., Казанский А. Ю., Матасова Г. Г. Новые данные по обоснованию возраста раннепалеолитического комплекса артефактов местонахождения Рубас-1 (Приморский Дагестан) // Известия Алтайского государственного университета. Выпуск № 3 (87) / том 2 / 2015.
- ↑ Ожерельев Д. В. Культурно-хронологическое определение каменных находок из слоя 129 многослойной раннепалеолитической стоянки Мухкай II. Краткие сообщения Института археологии. Вып. 241 (2015)
- ↑ Чепалыга А. Л., Амирханов Х. А., Садчикова Т. А., Трубихин В. М., Пирогов А. Н. Геоархеология олдувайских стоянок горного Дагестана. Бюллетень Комиссии по изучению четвертичного периода. № 72. Москва. ГЕОС. 2013. — С. 73-94.
- ↑ По Дагестану два миллиона лет назад бродили хомо эректус . Архивйина 2013 шеран 20 декабрехь (Амирханов Хизрин интервью)
- ↑ Амирханов Х. А., Мащенко Е. Н. Урма 1 — местонахождение раннего плейстоцена в Центральном Дагестане (1.2. Памятник Урма-1) // Stratum Plus, 2012
- ↑ Ильская стоянка на Кубани
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |