ЧӀерийдохург[1] йа Лайлакх (лат. Ciconia) — деха когаш долчу тобанера олхазарийн тайпа.

ЧӀерийдохург
Ӏаьржа чӀерийдохург
Ӏаьржа чӀерийдохург
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Ciconia Brisson, 1760

ЧӀерийдохурган деха дерзина зерзина цӀока йолу когаш ду; зӀок еха, нийса, конус кепара ю; хьалхара пӀелгаш хитина ду вовшех шуьйра неканан пардоца, пӀелгаш доца сирла-цӀен мӀараш йолуш ду; коьрта а, лаг а тӀехь цхьаццанхьа месаш йац.

Европехь шина кепара ду: Ӏаржа (С. nigra) а, кӀай (С. alba) а; хьалхарчун месаш таьӀана мокха ю; шолгӀачун, тӀемаш а, белаш а дӀаяьхчи, кӀайн месаш ю, зӀок а, когаш а цӀе бу. ДӀакхелха олхазарех ду, юккъера Европе догӀу февралехь, мартехь. Европа йоцучехь, хаало дуьненан малхбален эхиган кхечу меттигашкахь а. Юхадирзича охьаховшу декъачу геннех дитташ боьххьехь йа тхевнаш тӀехь динчу хьалхалеррачу бенаш чу; хиш алсамдолу меттигаш еза царна, алссама хуьлу Голландехь, Исландехь, Къилба Саксонехь. Ингалсехь уьш данне а дац[хьост?]. ЧӀерийдохургаш халлака ца йо, цуьндела уьш адамах тешам хеташ гӀишлошна уллохьа йогӀу.

ЧӀерийдохурган даар чӀара бу, пхьидарчий, моьлкъанаш, лаьхьарчий, этмаьӀигаш, дог1ан н1аьний, аренан дехкий, боьлкъазарш, сагалматаш. Стениг кӀайчу бесара 8 см гергга деха долчу 4-5 хӀоьан тӀехуу. Аз гӀийла ду, аьзнаш мочхалаш вовшех детташ до; ткъа кӀорнеш, бенахь долуш, цӀийза йа гӀийла декарх тера гӀовгӀа йо. Къона чӀерийдохург караӀамо атта ду. Дукха чӀогӀа еха[хьост?]. ЗӀок боьххьера цӀогане кхаччалц 1,3 м гергга еха ю; ирахь 1 м лекха ю.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978.

Хьаьжа иштта

бӀаьра нисйан