ШахӀадат
ШахӀа́дат (Ӏаьр. الشَّهَادَةُ «Тоьшалла») — иза ислам динехь ши тоьшалладар ду «АллахӀ воцург кхин дела вац» (Ӏаьр. لَا إِلٰهَ إِلَّا اللهُ) аьлла а, «Мухьаммад — Делан элча ву» (Ӏаьр. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ) аьлла а. Исламан шарӀо ма-бохху, стаг ислам дин чувогӀу цӀена хӀара дешнаш аларца: «Ас тоьшалладо до, АллахӀ воцург, кхин дела вац аьлла, ас тӀаккха а тоьшалла до, Мухьаммад — Делан элча ву аьлла» (Ӏаьр. أشْهَدُ أنْ لَا إلٰهَ إلَّا اللهُ وأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا رَسُولُ اللهِ [АшхӀаду ан ла̄ ила̄хӀа иллалла̄хӀ, ва ашхӀаду анна Мухьаммадан расӯлулла̄хӀ]) ( ) цуьнан маьӀнех догтешна а волуш.
Исламехь шахӀадатан хьукма
бӀаьра нисйанШи шахӀадат — иза исламан арканех хьалхарниг а, ийманан ков а ду. Къуръанан а, суннатан а тексташ толлучу хенахь, вайна гучудолу шахӀадат алар, шен дог цуьнах тешна а долуш, стаг Делан дин чу варан бехкам хилар а, и аьллачул тӀаьхьа бусалбанийн хьукманаш цунна тӀехь лелаш хилар а. Ткъа ийманах догтешна а волуш, шахӀадат ца далийнарг, иза бусалба вац. Цхьа а Делан дин чу а ца вогӀу, йа ийман диллина а ца хуьлу, и ши шахӀадат далийчий бен. Ибн Ӏумара хьадис дийцина, Мухьаммад пайхамаро ﷺ элира аьлла: «Соьга омрадина нахаца тӀом бе аьлла, цара АллахӀ воцург, кхин дела вац, Мухьаммад — Делан элча а ву аьлла тоьшалла даллалц»[1]. Имам ан-Нававийс аьлла-кх оцу хьадисах кхетош: «Оцу (хьадисо) гойту ийманан бехкам, шина шахӀадатна къера хилар дуй, цу шиннах догтешна а волуш, иштта пайхамаро мел деанчух догтешна хилар а»[2]. Иштта цо аьлла: «Мухьаддисех а, факъихӀех а, мутакаллимех а болчу суннатхойн Ӏеламнехан бартхилла, ийман диллина стаг, къиблат охӀланах лоруш волу, жоьжахатехь даим Ӏийр воцу, шен дагца чӀогӀа ислам динах догтешна а волуш, шеконех цӀена а волуш, ши шахӀадат далийчий а бен хуьлуш вац»[3].
МаьӀна
бӀаьра нисйанИслам динна лууш долу оцу предложенин маьӏна: къерахилар ду, АллахӀ воцург шена Ӏибадатдан хьакъ волуш, цхьа а дела вац аьлла. Аль-ХаттӀабис аьлла: «Дела цхьаъвечара “Ла илахӀа иллаллахӀ” алар, цуьнан маьӀна: Шена Ӏибадатдан цхьа а вац АллахӀ воцург бохург ду, ткъа Мухьаммад Дала адамашна ваийтина элча ву, ислам дин даржо а, уьш элчаналлина тӀаьхьахӀиттийта а»[4].
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ Сахьихь аль-Бухари, №25
- ↑ شرح النووي على مسلم 1/ 212.
- ↑ شرح النووي على مسلم 1/ 149.
- ↑ شأن الدعاء للخطابي ص33.