Шенгелия, Рамаз Александрович

Шенге́лия Рама́з Алекса́ндрович (гуьрж. რამაზ ალექსანდრეს ძე შენგელია; 1957 шеран 1 январь, Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС2012 шеран 21 июнь, Церовани, Гуьржийчоь[3]) — советийн футболист, тӀелатархо. ССРС Спортан дуьненайукъара классан говзанча (1980). ССРС Хьакъ долу спортан говзанча (1981).

Футбол
Шенгелия Рамаз
Ramaz Shengelia (1957–2012) — Soviet Union NFT Forward (1979–1983) — 1982 FIFA World Cup.jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Шенгелия Рамаз Александрович
Вина терахь 1957 шеран 1 январь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})[1]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2012 шеран 21 июнь({{padleft:2012|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[2] (55 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСГуьржийчоьFlag of Georgia.svg Гуьржийчоь
Локхалла 173 см
Позици тӀелатархо
Клубан карьера[* 1]
1973—1976 Байракх ССРС Торпедо (Кутаиси) 75 (29)
1977—1988 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 283 (120)
1989 Швецин байракх Хольмсунд 13 (2)
СовгӀаташ а, мидалш а
Пачхьалкхан совгӀаташ
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча — 1981
ССРС халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Шенгелия Рамазан 2 лакхар дешар дара — цуо чекхъяьккхина Гуьржийн физкультуран институт а, ТПУ (юридически факультет, 1986).

КарьераНисйе

Ловза волавелла Кутаисин «Торпедон» кечаман тобанашкахь Хурцидзе Карло волчохь (1968). Ишколе дӀаоьцуш Рамаза ша цхьанне кепара ца гайтира, амма да тӀаьхьара а ца ваьлла кӀант тӀеийцира зуьш хан йиллина[4].

1978 шарахь Шенгелия кхайкхийра ССРС уггаре дика футболист аьлла, ткъа 1979 шарахь дебют хилира ССРС гулйина командин юкъахь. 1980 шарахь цунах хилира Европин чемпион кегийрхойн командашна юкъахь. ТӀаккха аиза ца вигира Москохан Олимпиаде.

1981 — Шенгелин уггаре аьтту хилла шо ду. Цунах, тиблисин «Динамо» юкъахь, — Кедан Кедан толамхо хилира, ССРС гулйина командица дехьаелира ДЧ-82 финалан декъе (левзира ерриг матчашкахь, шотландхошна гол туьйхира), юха а лерира мехкан уггаре дика футболист. Шенгелин голан «хьожа кхетара», лакхара стартан сихалла яра, функционалан кечам бара, аренан тӀехь ловзарна ша вериг дӀалора[5].

1981 шеран августехь левзира шеранл хьалхарчу Испанера «еаннан турнирехь». Динамохой ахфиналехь ийшира мадридан «Реалал» 2:4 (матч йоьдуш 2:1 хьалха хиллашехь), ткъа 3-гӀа меттиг къовсучу матчехь туьйлира «Баварел» — 2:1. Ерриг йиъ буьрка тиблисихошна юкъахь туьйхира Шенгелия Рамаза.

Ерриг ССРС гулйина командехь левзира 26 матчехь, чутуьйхира 10 гол.

1983 шерал тӀаьхьа спортхочун карьера охьанехьа яхара. Гулйина командехь иза кхин ца хуьлура, ткъа «Динамохь» башхаллица къаьсташ вацара. Юкъара даккха мегар ду 1987 шо, оцу хенахь Рамаз къегира УЕФАн Кедехь 87/88 6 матчехь 4 гол тоьхна, союзан хьалхеяккхарехь юкъавахара уггаре дика итт бомбардиран (11 гол 27 матчехь).

1989 шо дӀадаьхьира шведийн ФК «Хольмсунд» клубехь, цул тӀаьхьа чекхъяьккхира карьер. ТӀаьхьа Шенгелия дохковуьйлура, ша дукха хьалха ловзар дитарна[6].

1990 шеран 15 февралехь дуьйна, Гуьржийн футболан федераци кхолларан конференци дӀаяхьаран хенера, цуьнан структурехь болх бира. Цуьнан дарж дара Гуьржийн футболан федерацин гулйина командин декъан хьаькам (1990—1992). 1990-гӀа шерашна юккъехь масех шарахь хилира Чивадзе Александра Ӏамош йолу Гуьржийн гулйина командин техникин директор.

2004 шарахь иза Кутаисера Тиблиси юхавогӀуш новкъан бохаме кхечира. Лоьраша диагноз хӀоттийра коьртан хьен чухулура гематома ю аьлла, цул тӀаьхьа Шенгелия футболан арене наггахь бен ца волура ветеранийн командин юкъахь[7].

2012 шеран майхь хӀоттийра Гуьржийн футболан федерацин сийлахь вице-президент[8].

Велира 56-гӀа шо долуш 2012 шеран 21 июнехь дог гӀуо хилла шен юьртарчу цӀа чохь Тиблисин 15 км генахь йолу Церовани олучу меттигехь[9]. Тезет долуш Тиблисин юккъехь хӀоттийра йоккха экран, Шенгелин голашца футбол езархошка марзо эцийтархьама[7]. ДӀавоьллина Сабурталин кешнашкахь[10], Гуьржийчоьнан гӀарабевллачу гӀуллакххойн пантеонехь.

СтатистикаНисйе

Сезон Клуб Лига Чемпионат Кад Еврокедаш Кхин
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
1973   Торпедо (Кутаиси) Хьалхара Лига 1 0 0 0 0 0
1974   Торпедо (Кутаиси) Хьалхара Лига 14 2 0 0 0 0
1975   Торпедо (Кутаиси) Хьалхара Лига 33 15 1 0 0 0
1976   Торпедо (Кутаиси) Хьалхара Лига 27 12 0 0 0 0
1977   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 24 5 1 0 5 2
1978   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 28 15 6 1 4 2
1979   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 29 8 8 3 4 1
1980   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 32 17 6 1 4 2
1981   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 32 23 1 1 9 7
1982   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 26 16 2 1 6 1
1983   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 27 11 1 0 0 0
1984   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 29 9 3 2 0 0
1985   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 22 6 1 0 0 0
1986   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 3 0 0 0 0 0
1987   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 27 9 6 3 6 4
1988   Динамо (Тиблиси) Лакхара Лига 5 1 0 0 0
1989   Хольмсунд ШолгӀа Лига 13 2 ? ? 0 0
Ерриг 371 151 35 12 33 18

ИэсНисйе

2013 шарахь Шенгелин кӀентан Георгийн а, Рамазан накъостийн а ницкъашца кхоллира «Шенгелия Рамазан цӀарахь Диканаш даран фонд». Фондо гӀо дийр ду берийн футбол кхиош, говза бераш лохуш, ветеранашна гӀо деш, Рамазан цӀарах турнираш еш.

2013 шеран январехь Гуьржийчохь дӀаяьхьира Шенгелия Рамазан цӀарах хьалхара берийн турнир, финал дӀаяьхьира Кутаисехь, толамхой хилира Тиблисехь йолу Сулаквелидзе Тенгизан цӀарах академи. План ю, турнир ламастехь ян, масштабан а, дуьненайукъара а ян, тайп-тайпана мехкашкара декъахой а болуш[6].

БилгалдахаршНисйе

  1. Ramaz Shengelia // https://fbref.com/en/players/c572fa85/(бил-боцу.)
  2. Former Georgian striker Shengelia dies at 55
  3. Прославленный футболист ССРС Рамаз Шенгелия умер на 55-м году жизни
  4. Щурко Сергей. Рамаз Шенгелия: Вот если бы чемпионат мира был в 1981 // Футбол от «СЭ». — 1996. — № 31. — с. 4.
  5. Савелий Мышалов: «Каша для Папена»
  6. 1 2 Год без Рамаза Шенгелия: хроника, факты, воспоминания(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 22 февралехь. Теллина 2014 шеран 11 февралехь.
  7. 1 2 Важа Жвания: «Его внука зовут Рамазом»
  8. В Тиблиси вспоминают выдающегося футболиста Рамаза Шенгелия
  9. Ушел из жизни легендарный советский футболист, мастер спорта международного класса Рамаз Шенгелия // Первый канал, 21 июня 2012
  10. В Тиблиси простились с Рамазом Шенгелия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 8 ноябрехь. Теллина 2018 шеран 8 ноябрехь.

ХьажоргашНисйе