Шефер Херман «Херм» (инг. Herman H. "Herm" Schaefer; 1918 шеран 20 декабрехь, Форт-Уэйнехь, Индиана, АЦШ1980 шеран 21 мартехь, Индианаполисехь, Индиана, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. Шефер «Индиана Хузерс» йукъахь NCAA чемпион хилла цхьаъ бен воцу ловзархо хилла ца Ӏа, кхаа шеран дохаллехь, КъБЛ, БАА, КъБА чемпион хилла «Миннеаполис Лейкерс» клуб йукъахь.

Шефер Херм
инг. Herm Schaefer
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло / Вайн форвард / Ловзар дӀахьо турсло
Харц цӀераш Herm
Локхалла 183
Возалла 79
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1918 шеран 20 декабрь({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг Форт-Уэйн, Индиана, АЦШ
Кхелхина терахь: 1980 шеран 21 март({{padleft:1980|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг Индианаполис, Индиана, АЦШ
Ишкол Йуккъера католикийн (Форт-Уэйн, Индиана)
Колледж Индиана (1938—1941)
Статистика
Ловзарш 123
Очкош 932 (7,6 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 388 (3,2 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Шефер Херм вина 1918 шеран 20 декабрехь Форт-Уэйн гӀалахь (Индиана штатехь), дешна Форт-Уэйнан йуккъера католикин ишколехь, цигахь левзина меттигера баскетболан командехь шен уллерачу доттагӀчуьнца Армстронг Кёрлица.

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1941 шарахь чекхйаьккхина Блумингтонера Индианин университет, иза кхаа шеран дохаллехь левзина баскетболан «Индиана Хузерс» командехь, цигахь аьттонца карьера хилира. Шефер волуш «Хузерса» цкъа а ца йаьккхина рожера чемпионат, Big Ten конференцин турнир, амма цкъа АЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе кхаьчна (1940)[1][2][3].

1940 шарахь «Индиана Хузерс» хилира студентийн спорта къоман ассоциацин (NCAA) чемпионаш. 20 мартехь «Хузерс» йелира NCAA турниран йеаннан финале (инг. Final Four), цигахь йуьхьанца ахфиналан матчехь, 21 мартехь, иэшийра 39—30 чоьтаца Милкович Эдан «Дюкейн Дьюкс» команда, оцу матчехь Шефер шолгӀа хилира шен командехь жамӀаца, 8 очко кхоьссина[2][4], цул тӀаьхьа финалан ловзарехь, 30 мартехь, иэшийра 60—42 чоьтаца Энглман Ховардан «Канзас Джейхокс» команда, цигахь Херм жамӀаца воьлгӀа хилира шен командехь, 9 очко а кхоьссина[2][5].

Профессионалан карьера нисйе бӀаьра

Валар нисйе бӀаьра

Шефер Херм велла 1980 шеран 21 мартехь 62-гӀа шо долуш Индианаполис гӀалахь (Индиана штат)[6], дӀавоьллина Форт-Уэйнера лютеранийн «Конкорди» кешнашкахь. Веллачул тӀаьхьа Индианин Баскетболан сийлаллин зал йукъатоьхна[7].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1938-39 Big Ten Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  2. 1 2 3 1939-40 Big Ten Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  3. 1940-41 Big Ten Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  4. Indiana 39, Duquesne 30 (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  5. Kansas 42, Indiana 60 (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  6. Herman Schaefer, "United States Social Security Death Index" (инг.). familysearch.org. Family Search. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 4 апрель.
  7. Herman Schaefer - Indiana Basketball Hall of Fame (инг.). Indiana Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 май.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра