Эрмалойн драм
Драм (эрм. դրամ) — Эрмалойчоьнан а, Ломан Карабахан а пачхьалкхан ахча. Цхьа драм 100 лума (эрм. լումա) ду, амма лумаш факт хилла лелаш дац, хӀунда аьлча цунах мискъалзарратал хӀума ца йогӀу. Курс 1 АЦШ долларах 500 драм гергга делча, америкин центах ло 0,002 лума.
Эрмалойн драм (нох.) | |||||
---|---|---|---|---|---|
Հայկական դրամ (эрмал.) | |||||
| |||||
Кодаш а, символаш а | |||||
Кодаш ISO 4217 | AMD | ||||
Аббревиатураш | Ахчан хьаьрк AMD цакарий
| ||||
Лелаш долу меттигаш | |||||
Эмитент | Эрмалойчоь | ||||
Официально йоцу | Ломан-Карабахан Республика | ||||
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а | |||||
Къасторан | лума (1⁄100) | ||||
Монеташ а, банкноташ лелар | |||||
Банкноташ | 500, 1000, 2000, 5000, 10 000, 20 000, 50 000, 100 000 драм | ||||
Истори | |||||
Йукъадалор | 22.11.1993 | ||||
Ахча-хьалха хилларг | ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR) | ||||
Монеташ а, банкноташ а арахецар | |||||
Эмиссионни центр | Республика Эрмалойчоьн Центран банк | ||||
www.cba.am | |||||
Мах 25 февралехь 2015 шо | |||||
1 RUB | = 7,691 AMD | ||||
1 USD | = 481,4 AMD | ||||
1 EUR | = 546,2 AMD | ||||
1 GBP | = 746 AMD | ||||
1 JPY | = 4,052 AMD | ||||
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж». | |||||
Category:Banknotes of Armenia Викилармехь |
Ахча арахецаран бакъо Республика Эрмалойчоьнан Центран банкан бен йац. Эрмалойчоьнан пачхьалкхан ахча лелаш ду 1993 шеран 22 ноябрехь дуьйна. ХӀора шарахь оцу дийнахь даздо «драман де».[1]
Драман символ (֏) — шиъ ана сиз хьаькхна «Դրամ» («Драм») дешан хьалхара элп Դ (элпан цӀе: «да»), и графика (кеп) эрмалойн абатехь бен йац.
Истори
бӀаьра нисйанXI бӀешо чекхдолуш кхоллайелира Киликийн эрмалойн пачхьалкх. Цуьнан детийн нахартийн цхьаннан цӀе йара «драм»[2].
1991 шарахь ССРС мукъайаьллачул тӀаьхьа Эрмалойчоьно 2 шарахь Ӏийра къоман ахча а доцуш. Махкахь боьдуш къийсамаш бара соьман зонехь дисар пайдехь дуй теша бохуш. 1993 шеран 26 июлехь Российн Федерацин Центран Банко йукъадехира керла кепара банкноташ. Факт йара, Росси советийн сом лелачу зонера арайалар. Октябрехь — ноябрехь Туркменис а, Кхазакхстана а, Узбекистана а йукъадаьккхира шайн къоман ахча. Эрмалойчоь энергин къоьллан, блокадан, Карабахан тӀеман хьолашкахь, терго а ца йан луш советийн соьмаш чударжаран кхерамехь йисира, тӀаккха кхин а чӀогӀа йухур йара финансийн система, цунна ийшира шайн ахча йукъадаккхар[3][4].
1992 шарахь дуьйна кхоьллина йара «Эрмалойчоьнан къоман ахчан цӀе тилларан, кепийн, йукъадаккхаран механизмийн» комисси. Коьрта ахчан йуьйцу варианташ йара «Драм», «Стак», «Ибар», «Даекан», кегийра ахча (нахарташ) — «Манрадрам», «Ар», «Манр», «Ими», «Зуза», «Плик», «Лума». Комиссин йукъа бахара говзанчаш, пачхьалкхан лакхара даржера нах, царна йукъахь вара президент Л. А. Тер-Петросян а, вице-президент Г. Г. Арутюнян а. Кхаж сов баьлла коьртачу а, къасточу а ахчанашна цӀераш харжира «драм» а, «лума» а[5].
1993 шеран 27 апрелехь кхоьллина Республика Эрмалойчоьнан Центран банк, ткъа цуьнан хьалхара куьйгалхо хӀоттийра Исаакян Исаак[3]. Оцу шеран 22 ноябрехь Эрмалойчоьнан керла ахча хилира драм. Республикехула лело советийн сомаш, хийца дезара цхьаьна кӀирнах 200-х цхьаъ курсаца[4].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Армения отмечает двойной финансовый праздник: День драма и День банковского работника . newsarmenia.am. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 ноябрь.
- ↑ История денежного цикла: от первых упоминаний к созданию Закавказского комиссариата, 1917 . официальный сайт центрального банка Республики Армения. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 февраль.
- ↑ 1 2 Развитие финансово-кредитной системы Армении . официальный сайт Центрального банка Республики Армения. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 февраль.
- ↑ 1 2 На протяжении 15 лет своего существования армянский драм помогал упрочению армянской государственности // ARKA NEWS AGENCY. — 2008. — 1 ноябрехь.
- ↑ Из истории армянских монет: 22 ноября 1993 года – День рождения армянского драма . panarmenian.net. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 февраль.