Аль-Ӏаббас бин Ӏабдул-МуттӀелип аль-ХӀашими аль-Къураши (Ӏаьр. العباس بن عبد المطلب الهاشمي القرشي‎‎) — иза Мухьаммад-пайхамаран деваша ву, цуьнан асхьабех цхьаъ ву иза. Ӏабдул-МуттӀелипан а, Натилатан а кӀант ву.

Ӏаббас бин Ӏабдул-МуттӀелип
Ӏаьр. العباس بن عبد المطلب‎‎
Абуль Фазль, Сакъиль Хьарамайни
Вина терахь 566({{padleft:566|4|0}})
Вина меттиг Макка, Хьиджаз
Кхелхина терахь 653({{padleft:653|4|0}})
Кхелхина меттиг Мадинат, Хьиджаз, Бакъ халифат
ДӀавоьллина меттиг Аль-БакъиӀ
Къам Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим
Да Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим
Нана Натилат бинт Джанаб
Зуда Лубабат аль-Кубри

Биографи нисйе бӀаьра

Ӏаббас вина 566 шарахь, Маккахь, Натилат бинт Джанабас. Мухьаммадал пхи шо воккха хилла иза. Мухьаммадца цхьана цӀачохь кхиъна ву иза. Къоначу хенахь махлелош болх беш хилла Ӏаббас. Дукха хьалдолуш стаг а хилла иза. Шен вежаршца КаӀбат чохь гӀуллакх деш хилла цо, Замзам-хи луш хилла цо зияртхошна.