Ӏабдул-МуттӀалиб

Мухьаммадан деда
(Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 16 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2017, 24 октябрь).

Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф аль-Къурайш (Ӏаьр. ِعَبدُ المُطَّلِب بنُ هَاشِمِ بنِ عَبدِ مَنَاف القُرَشِي‎‎; гергга 480, Мадийнат — 579, Макка[1]) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ деда а, ӀабдуллахӀан а, Абу ТӀалибан а, Хьамзатан а, Абу ЛахӀабан а да а ву.

Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим
Ӏаьр. عبد المطلب بن هاشم‎‎
Файяд, Шайбатул-хьамд, Саййидул-БатӀхьаъ
Вича тиллина цӀе Шайбат ибн ХӀашим
Говзалла совдегар
Вина терахь 497
Вина меттиг Ясриб, Хьижаз
Кхелхина терахь 578
Кхелхина меттиг Макка, Хьижаз
ДӀавоьллина меттиг
Къам, некъе Къурайш, Бану ХӀашим, Ӏаьрбий
Да ХӀашим ибн Ӏабд Манаф
Нана Сальма бинт Ӏамр
Зуда ПетӀимат бинт Ӏамр
ХӀалат бинт ВахӀб
Сафият бинт Джандаб
Натилат бинт Джинаб
Лубна бинт ХӀаджар
МуманнаӀат бинт Ӏамр

ХӀашиман а, Сальман а кӀант вара, Сальмас цунна «Шайбат» аьлла, цӀе тиллира. Цхьана дийнахь ХӀашиман ваша МуттӀалиб Ясрибе веанера. МуттӀалибан лаьара шеца Шайбат Макки гӀала вига. ХӀашимас бакъо а йелла, шеца Шайбат вигира цо. Маккахь болчарна иза цуьнан лай ву моьттара, цундела цара «Ӏабдул-МуттӀалиб» аьлла цӀе тиллира цунна. Оцу цӀенан маьӀна «МуттӀалибан лай» бохург ду.

Мухьаммадан нана Аминат дӀакхелхира, Ӏабдул-МуттӀалиба дола дан схьаэцна шен кӀентан кӀант Мухьаммад, ши шо даьлча иза дӀакхелхира, тӀаккха иза кхаба схьаийцира Абу ТӀелипа.

КӀентий ЙоӀарий Зударий
Хьарисат Умм Хьаким Сафият
Ӏабд Манап/Абу ТӀелип Ӏаттикат Натилат
Зурар Баррат ПетӀимат
Зубайр Умаймат ХӀалат
Ӏабдул Ӏузза/Абу ЛахӀаб Арва Лубна
МусӀаб Сафият МуманнаӀат
Макъвам
Къосам
МугӀират
ӀабдуллахӀ
Ӏаббас
Хьамзат

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. арабская Википедия — 2003.