ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд (Ӏаьр. عبد الله بن عبد العزيز آل سعود / 1924 шеран 1 август) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан йолхалгӀа паччахь ву, «Шина маьждиган гӀуллакххо» а хилла 2005—2015 шерашкахь.
ХотӀан адрес Паччахь ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |
---|---|
АгӀонан цӀе |
Шина маьждиган гӀуллакххо خَادِمُ الْحَرَمَيْنِ الشَّرِيفَيْنِ |
Официальни кехаташ | Ши маьждиг лардеш волу паччахь |
Альтернативни хатӀ | Шина маьждиган гӀуллакххо-эла |
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан а, цуьнан бархӀалгӀа зудчун ФахӀдатан а кӀант ву. 1982—2005-чу шерашкахь — верасан принц а, премьер-министран дуьххьарлера когаметтаниг а вара. 1996-чу шеран 21 февралехь — ФахӀд паччахьан уллохь пачхьалкхан баккъалла волу гӀуллакххо вара.
Леш волчу хенахь уггар къена лелаш волу монарх вара иза.
2015-чу шеран 23-чу январехь кхаа дийнан госпитализацил тӀаьхьа кхелхина иза, пневмонин бахьана долуш[5]. ЦӀе йоцу каш чохь дӀавоьллина иза, «Аль-Ӏавд» олучу кешнашкахь[6].
Биографи
бӀаьра нисйанПринц
бӀаьра нисйанӀабдул-Ӏазизан воӀ ӀабдуллахӀ вина 1924-чу шарахь, Эр-Риядехь, СаӀудийчохь, Недждан а, Хьиджазан Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан доьзалехь, шен ненан ФахӀдатан цхьаъ бен воцу кӀант хилла иза. Цуьнан нана ФахӀдат бинт Ӏабдул-Ӏазиз Ӏашураъ «Шаммар» олучу тайпанах йара. ХӀара хилле, Ӏабдул-Ӏазизан зуда хилле, Ӏаьрбийн ахгӀайренан цхьана эмиратан куьйгалхочуьнгахь марехь йара СаӀуд Рашидехь, Ӏабдул-Ӏазизан луьра мостагӀ хилла волу. Рашиди вийначул тӀаьхьа, Ӏабдул-Ӏазиза шен зуда хилийтина ФахӀдат[7]. Иштта цо дӀадаьккхина паччахьан куьйган барт баккхар а[7]. Цуьнан шиъ йиша а хилла, массо вежарий цхьана дех схьабевлла бу[8].
Цкъа хьалха Маккин мэр хилла иза. 1962-чу шарахь цуьнан вашас Файсал паччахьа иза къаьмнийн гвардийн буьйранча хаьржинера, 1975-чу шарахь цуьнан вашас Халид паччахьа а хаьржинера иза, премьер-министран шолгӀа когаметтахочун гӀуллакх тӀеэцна хилла цо[9].
Паччахь хӀоттар
бӀаьра нисйан2005-чу шеран 1-чу августехь кхелхина ФахӀд паччахь. 3-чу августехь Ӏедалан гӀалахь ӀабдуллахӀин таж тиллар лаьтташ хилла[10].
2005-чу шарахь ӀабдуллахӀа стипендийн пачхьалкхан программа кхочушйина, малхбузехьарчу университеташка кегирхой Ӏамо дӀаоьхуьйтуш.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Lundy D. R. Abdullah ibn Abdulaziz al-Saud, King of Saudi Arabia // The Peerage (инг.)
- ↑ http://www.aljazeera.com/news/2015/01/king-abdullah-saudi-arabia-dies-150122232049573.html
- ↑ Аль-Арабия — 2003.
- ↑ 1 2 Lundy D. R. The Peerage (инг.)
- ↑ Король Саудовской Аравии Абдалла скончался на 91-м году жизни //ТАСС 23 января 2015
- ↑ Короля Саудовской Аравии похоронили в безымянной могиле — СМИ //Новое время 23 января 2015
- ↑ 1 2 48 минут:Король Саудовской Аравии — Абдалла ибн Абдель Азиз аль-Сауд. Программа радиостанции «Эхо Москвы» о мировых политических лидерах (2007 шеран 12 апрель).
- ↑ Евлалия Самедова, Андрей Терехов. Смерть короля взвинтила цены на нефть . Независимая газета (2005 шеран 2 август). Архивйина 2012 шеран 22 июнехь
- ↑ Алексеев, А. Наследственные мероприятия . Ъ — Первый рейтинг (9 января 2006). Архивйина 2012 шеран 22 июнехь
- ↑ Алексеев А. Короля играет баррель . Коммерсантъ (4 августа 2005). Архивйина 2012 шеран 22 июнехь