Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан ворхӀалгӀа паччахь (2015 дуьйна)
(Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 16 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 13 август).

Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд (Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز بن عبد الرحمن آل سعود‎‎ ; вина 1935 шеран 31 декабрехь, Рияд, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь[3]) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан ворхӀалгӀа паччахь а, Саӏудийн династин куьйгалхо а, Шина Хьараман гӀуллакххо а ву. 2015 шеран 23 январехь паччахь хӀоьттина шен ваша ӀабдуллахӀ паччахь дӀакхелхиначул тӀаьхьа.

Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль Саӏуд
Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز آل سعود‎‎
Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль Саӏуд
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь
Шина Хьараман гӀуллакххо
Хьалха хилларг ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз
Когаметтаниг Мухьаммад бин Салман
 — 2015
Когаметтаниг Мукърин бин Ӏабдул-Ӏазиз
Мухьаммад бин Найиф
 — 2015
Хьалха хилларг СултӀан бин Ӏабдул-Ӏазиз
Когаметтаниг Мухьаммад бин Салман
 — 2011
Хьалха хилларг Бандар бин СаӀуд
Когаметтаниг СаттӀам бин Ӏабдул-Ӏазиз
Дин суннизм
Вина терахь 1935 шеран 31 декабрь({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})[1][2][…] (88 шо)
Вина меттиг Рияд
Тайпа саӀуди, Ӏаьрби
Да Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман
Нана Хьассат ас-Судайри
Зуда СултӀанат ас-Судайри
ФахӀдат Аль Хьислаян
Сарат ас-СабиӀи
Мудави ад-Давиш
СултӀанат аль-Халиди
Бераш СултӀан, Мухьаммад, Ӏабдул-Ӏазиз
Дешар Принцийн школа
ГӀуллакхалла пачхьалкхан гӀуллакххо
Динлелор ислам, суннатхойн кхетамехь
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан орден Файсал паччахьан орден
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Эскаран тайпа Вооружённые силы Саудовской Аравии
ЦӀе Верховный главнокомандующий всеми вооруженными силами Саудовской Аравии
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ХотӀан адрес
Паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
АгӀонан цӀе Шина маьждиган гӀуллакххо
Официальни кехаташ Ши маьждиг лардеш волу паччахь
Альтернативни хатӀ Шина маьждиган гӀуллакххо-эла

Салман — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀант ву, ФахӀд паччахьан[4][5] уггар тешаме хьехамча вара иза, СултӀан принцан уггар уллера ваша а вара иза[6]. Паччахь хилле иза оборонан министр а (20112015), Риядан провинцин губернатор а вара (19632011).

 
Салман жималлехь

Жима волуш

бӀаьра нисйан

Ӏабдул-Ӏазизан воӀ Салман вина 1935-чу шеран 31 декабрехь, Риядехь, СаӀудийчохь, Ӏабдул-Ӏазизан 25-гӀа кӀант хилла иза, цуьнан нана йара Хьассат ас-Судайри[7][8]. Дуьххьарлера образовани йаьккхина цо Принцийн школехь, Риядехь[9]. Дин а, вайн заманан Ӏилма а Ӏамийна Салмана[10].

Салман принцан 18-шо кхаьчча, цуьнан дас Ӏабдул-Ӏазиза, 1953-чу шеран мартехь иза шен векал а, Риядан эмир (мэр) а хаьржина[10][11]. ТӀаьхьо, цуьнан вашас СаӀуд паччахьа, министран чинехь, иза Риядан мэр (куьйгалхо) хаьржина[10][11]. Салман отставке вахна 1960-чу шеран декабрехь[9].

Риядан губернатор

бӀаьра нисйан

1963-чу шеран февралехь, Риядан провинцин губернатор хилла Салман[9]. Оцу хенахь 48-шо хилла цунна, 2011-чу шаре кхаччалц губернаторан болх бина цо[10].

Оборонан министр

бӀаьра нисйан
 
Салман принц АЦШ-н министр оборонца Леон Панеттаца, Пентагонехь 2012-чу шеран апрелехь

2011-чу шеран ноябрехь, Салман принц оборонан министр хаьржина, шен вешина СултӀанан метта[12], ткъа Риядан хаьржина губернатор СаттӀам принц вара. Иштта Советан къоман кхерамзаллин дӀахӀоттаман чувахана Салман[13]. 2012-чу шеран апрелехь иза хьажа вахана Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Йоккха Британи а йолчу, цигахь АЦШ-н президентца Барак Обамаца цхьаьнакхетта[14][15].

Паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а

бӀаьра нисйан

СаӀудийчоьнан верасан принц а волуш, 2015-чу шеран 23 январехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а хилла Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз, шен цхьана цӀийнах волу ваша ӀабдуллахӀ паччахь кхелхина чул тӀаьхьа. Иштта Салманан ваша Мукърин хаьржинера верасан принц а, премьер-министран когаметтаниг а. Цул тӀаьхьа верасан принц хаьржира Салманан вешин кӀант Мухьаммад бин Найиф[16].

Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз кхузза зуда йалийна ву[17]. Цуьнан хьалхара зуда хилла СултӀанат бинт Турки ас-Судайри[18], 71-шо долуш кхелхина иза 2011-чу шарахь[19]. Иза Салманан ненавешин йоӀ йара, Турки бин Ахьмад ас-Судайрин[19], Асир провинцин хинволчу губернаторех цхьаъ хилла Турки бин Ахьмад[20].

Цуьнан шолгӀа зуда Сарат бинт Файсал йу, цо вина кӀант СаӀуд принц ву. КхоалгӀа зуда йу ФахӀдат бинт Фалахь, цуьнан берш ду: Мухьаммад принц, Турки принц, Халид принц, Найиф принц, Бандар принц а, Ракан принц а[21]. Салманан воккхах волу кӀант ФахӀд велла хилла дог лазадаьлла 2001-чу шарахь[22]. Цуьнан кхин кӀант Ахьмад иштта дог галдаьлла велла 2002-чу шарахь[23]. Цуьнан кӀант СултӀан ву дуьххьара космосе вахана бусалба стаг а, дуьххьара вахана Ӏаьрбо а[24]. Цуьнан кӀант Ӏабдул-Ӏазиз 1995-чу шарахь, нефтан министран когаметтаниг хилла[25].

2013-чу шеран февралехь цуьнан кӀант Турки Saudi Research and Marketing Group олучу компанин председатель хилла, цуьнан воккхах волчу вешица Файсалца хийцина иза[26].

2010-чу шеран августехь АЦШ-хь Салманан букъсуьртан операци йина[27]. Цо инсульт лайна, цуьнан аьрру куьг аьтту куьйгал чӀогӀа вон лозуш дара[28][29]. Цхьаболчара дуьйцу, цунна Альцгеймеран лазарх зен хилла бохуш[30].

Къуръанан конкурс

бӀаьра нисйан

2015-чу шарахь СаӀудийн Ӏаьрбийчура Джиддат шахьарахь дӀайаьхьира Сийлахь Къуръан дешеран дуьненайукъара бархӀалгӀа конкурс. Иза дӀайахьарна тӀехь верасалла деш вара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль-СаӀуд.

«Хьафизийн тоьлла школа» номинацехь, жюрин берриге а декъашхойн цхьабарт хуьлуш, хьалхара меттиг йелира Нохчийчуьрчу хьафизийн школашна. СовгӀаташ дӀадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Джиддатан губернатор Амир Миш аль бин Маджид бин Ӏабдул-Ӏазиз а, ткъа иштта шуьйра бевзаш болу Ӏеламнах а. И деза совгӀат схьаийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Адама Шахидова.

Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара шайх ӀабдуллахӀ бин Басфара шен къамелехь лаккхара мах хадийра Нохчийчохь Къуръанан Ӏилма Ӏалашдарехь, кхиорехь, даржорехь беш болчу белхан. Цо къаьсттина билгалдаьккхира бусалба дин къоначарна Ӏамадайтарехь, хьафизаш кхиорехь Кадыров Рамзана лелош долу доккха маьӀна. Нохчийн хьафизийн школаш дуьненахь уггаре а тоьлла а, хаза а йу бохура цо.

Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара конкурсехь дакъалоцуш хиллачеран а, хьешийн а тидам тӀебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун ворхӀ бер — Ӏайшат, Хадижат, ХутӀмат, Табарик, Ахьмад, Ӏела, Адам — хьафизаш хиларна. И хаам цара кхаъ хиларца тӀе а ийцира. Царна бевзина бацара кхул хьалха шен чохь ворхӀ хьафиз волу доьзал[31].

Цуьнан доьзал

бӀаьра нисйан
Зударий Церан бераш
СултӀанат бинт Турки ас-Судайри ФахӀд, СултӀан, Ахьмад, Ӏабдул-Ӏазиз, Файсал, Хьассат
ФахӀдат бинт Фалахь Аль Хьислаян аль-Ӏаджами Мухьаммад,[32] Турки[33][34], Халид[35], Бандар[36], Найиф, Ракан
Сарат бинт Файсал ас-СабиӀи СаӀуд[34] (Шайх Мухьаммад бин Халидан йоӀ маре йигина цо[37])
Мудави бинт Маджид ад-Давиш цуьнан бераш дац
СултӀанат бинт Мандиль аль-Халиди цуьнан бераш дац

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

СаӀудийн Ӏарбийчоьнан совгӀаташ: