Ӏабдул Ӏузза ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим йа Абу ЛахӀаб (Ӏаьр. عبد العزى بن عبد المطلب‎‎‎‎) — Мухьаммад пайхамаран ﷺ деваша ву, цуьнан луьра мостагӀех цхьаъ ву. Къуръан чохь хьехош ву «Аль-Масад» сурат чохь.

Абу ЛахӀаб
Ӏаьр. أبو لهب‎‎
Абу ЛахӀаб, Абу Ӏутбат
Говзалла совдегар, политик, диссидент
Вина терахь 549
Вина меттиг
Кхелхина терахь 624
Кхелхина меттиг
Да Ӏабдул-МуттӀалиб
Нана ПетӀимат бинт Ӏамр
Зуда Умм Джамиль
Бераш Ӏутбат, МуӀатаб, Ӏутайбат, Даррат

Цкъа хьалха Мухьаммад-пайхамарца бертахь Ӏаш вара Абу ЛахӀаб, цуьнан кӀентехь марехь йара цуьнан йоӀ. Амма Мухьаммадан пайхамаралла дӀадола делча, цунна дуьхьала дара Абу ЛахӀаб а, цуьнан зуда Умм Джамиль а. Оцу шинна АллахӀ-дала сурат доссийра — аль-Масад (Диттан хьаса).

И бахьана долуш аьлла цунах Абу ЛахӀаб (Алун да).

Сурат аль-Масад Сурат — диттан хьаса
Таббат йада Аби ЛахӀабин ва табба ХӀаллак хили Алун ден ши куьг, иза а хили
Ма агӀна ӀанхӀу малухӀу ва ма касаба Хьалха ца ваьккхи и шен бахамо а, ша гулдинчо а
Сайасла наран зата ЛахӀабин Алу йолун цӀерга гӀур ву иза а,
Вамра атухӀу хьаммаль-хьатӀаб Цуьнан зуда а, дечиг кхоьхьуш йолу
Фи джидихӀа хьаблун мин масада Шен кочахь хьесан муш болуш.'

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан