Ӏаламан зона
Ӏаламан зо́на (желт. ζώνη — «аса»), физикин-географин зона — Дуьненан географин чкъоьран а, географин асанан а дакъа, цуьнан хуьлу амалера Ӏаламан компоненташ а, хьесапаш а. Уьш — климат, рельеф, гидрологин а, геохимин а хьелаш, кхин а латташ, ораматаш, дийнаташ. Климатан хьелаш (температура, тӀуналла, уьш хийцадаларан циклалла) билгалйоху факторш йу.
Ӏаламан зонашна цӀе тиллина цигахь долчу ораматийн тайпанашца — церан уггаре къегина географин башхаллашца. Зонаш законашка терра хийцало экватор тӀера полюсашка кхаччалц, Ӏапказашна тӀера континенташна кӀорге. Ӏаламан зонаш — Физикин-географин кӀошташйаран цхьа тӀегӀа йу[1][2].
Истори
бӀаьра нисйанТайп-тайпана Ӏаламан зонаш Ӏамор долийра натуралисто а, новкъахочо а А. Гумбольдта 1807 шарахь[3].
Ӏаламан зонех лаьцна Ӏилма кечдина В. В. Докучаевс 1899 шарахьу[4]
Карташ
бӀаьра нисйанӀаламан зонаш гайтина латта тӀехь а, Ӏапказ тӀехь а, Ӏапказ тӀехь дика ца къастало. Цхьацца тайпана ландшафташца зонин чохь къаьста физикин-географин бухара зонаш.
Дукхаха йолу Ӏаламан зонийн цӀераш ламаста тохку ландшафтан ладаме башхаллаш гойту алсама долчу ораматийн тайпанех, (масала, хьаннийн зонаш, бай-аренан зонаш, саваннийн зонаш)[5].
Ӏаламан зонаш дукха хьолехь озийна хуьлу шораллин йа субшораллин агӀора (масала, Евразехь). Амма, коьртаниг орографин Ӏаткъамца, церан дахдалар хийцало меридианан йа субмеридианан агӀора (масала, АЦШ а, Канадера а Тархийн лаьмнийн кӀажошкара бараман асанера бай-аренан зонин субмеридианан хьал). Лаьмнашкахь локхаллин асаналла хилар гойту Ӏаламан зонийн тайпана йолу локхаллин асанаша[5].
Латтан тӀехулара йолу Ӏаламан зонийн карта
бӀаьра нисйанБилламан билгалонаш | ||||
---|---|---|---|---|
Арктикин шен-аре Тундра Тайга Ийна хьун, гӀаш долу диттйн хьун | Хьун-аре, бай-аре Муссонийн а, гуттара сийна а субтропикин хьун ЧӀогӀа гӀа долу аьхка йекъа субтропикин хьун Муссонийн тропикин хьун | Йекъа гӀум-аре АхгӀум-аре Йекъа бай-аре Ахйекъа гӀум-аре | Бецан саванна Диттийн саванна Йекъа тропикин хьаннаш ТӀуьна тропикин хьаннаш | Альпийн тундра Ламанан хьун |
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- [human_ecology.academic.ru/1671/Ӏаламан_зона Ӏаламан зона] Экология человека. Понятийно-терминологический словарь. Б. Б. Прохоров. — Ростов-на-Дону. 2005
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Зоны физикин-географические — йаззам бу «Большой советской энциклопедии» (3-е издание)
- ↑ ӀАЛАМАН АСАА И ЗОНЫ. Лесная энциклопедия / Гл. редактор Г. И. Воробьёв. — М.: Советская энциклопедия, 1986. — Т. 2. — 631 с. — 100 000 экз.
- ↑ Гумбольдт А. Эссе о географии растений. 1807.
- ↑ Докучаев В. В. К учению о зонах природы: Горизонтальные и вертикальные почвенные зоны. СПб.: тип. СПб. градоначальства, 1899. 28 с.
- ↑ 1 2 Зоны географические // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2.