Ӏаьрби́йн Исла́ман Респу́блика (Ӏаьр. الجمهورية العربية الإسلامية‎‎, аль-Джумхури́йя аль-Араби́йя аль-Ислами́йя, al-Jumhuriyya al-ʿArabiyya al-Islamiyya; ян план хилла официалан цӀерийн кхин варианташ: Ливин-Тунисан Барт, я Ливин а, Тунисан а Барт; Алжазаираца цхьаьнатоха кховдийра Къилбаседа Африкин Цхьаьнатоьхна Штаташка, я Къилбаседа Африкин Цхьаьнатоьхна Пачхьалкхашка) — Ливин а, Тунисан а йукъара, кхин а Алжазаира барт юкъаозо таро йолу, федеративан пачхьалкхан кхолламан, 1972—1977 шерашкара чекхъяккханза проект. Цу тӀе, Ливи формалан юкъахь хилла Ӏаьрбийн Республикийн Федерацин (Мисар, Шема, Ливи), юьхьанца план яра оцу конфедерацех Тунис, амма тӀаьхьа, ӀРФ йукъара кхечу декъашхошца дар-дацар хилча, буьйлабелира керла панӀаьрбийн пачхьалкх кхолларан планаш ян.

Историн пачхьалкх
Ӏаьрбийн Исламан Республика
Байракх
Байракх
 
 
 
 
(1972) — 1974
Коьрта гӀала ца хӀоттийна
Мотт (меттанаш) Ӏаьрбийн
Ахча тунисан динар, ливин динар
Майда 1923,2 эз. км² (1974, Алжазаираца цхьаьна: 4304,9 эз. км²)
Бахархой 7,6 млн ст. (1974, Алжазаираца цхьаьна: 24 млн ст.)
Урхаллин тайпа Федеративан республика

Проект кхоллаялар

бӀаьра нисйан
 
Ца хилла йолчу Ӏаьрбийн Исламан Республикин (Ливи а, Тунис а) а, Буркъийбас кховдийна Къилбаседа Африкин Цхьаьнатоьхна Штатийн (Тунис, Ливи, Алжазаира) карта

ӀИР кхолларан проектан хӀостан ойла яра 1930-гӀа шерашкара панӀаьрбийн идеологера МагӀриб цхьаьнатохаран гуранчохь. Ӏедале веина Тунисан президент Хьабиб Буркъийба 1957 шеран 3 январехь дуьйна яржо волавелира, ерриг Къилбаседа Африка цхьаьнатоьхна, «Йоккха Ӏаьрбийн МагӀриб» кхолларан ойланаш, 1958 шарахь цуо оцу проектан, «Ӏаьрбийн МагӀрибан бартан», формула йира. Иштта ойланца вара Ливин тхьамда МуӀаммар аль-Къаззафи, 1972 шеран 15 декабрехь, Буркъийбан Ӏаьрбийн Республикийн Федерацин юкъаваха ойла тӀеяхаре сатуьйсуш, иза веира Тунисан коьрта шахьаре, оцу агӀора дийцарш дуьйладелира. 1973 шеран 5-9 сентябрехь Алжазаирехь хиллачу Цхьаьна ца кхетначу пачхьалкхийн боламан йоьалгӀачу конференцехь, президента Буркъийбас кхайкхам бира Алжазаира, Ливи, Тунис цхьаьнатоха «Къилбаседа Африкин Цхьаьнатоьхна Штаташка» («Къилбаседа Африкин Цхьаьнатоьхна Пачхьалкхаш») аьлла. Оцу шеран июнехь, экономикин барт баран ливин-тунисан дийцаршкахь Буркъийбас кховдийра лулара Алжазаира, хин йолчу Ливин-Тунисан Барт юкъатохар. Цу тӀе, ша Алжазаира чӀогӀа дуьхьалаелира цунна юкъахь дакъалаца.

Джербан деклараци

бӀаьра нисйан

Бартах долу дийцарш дахделира, 1974 шеран 11 январехь тунисан Джерба гӀайрен тӀехь, рогӀера дийцаршкахь барт хилира кхолла Ӏаьрбийн Исламан Республика (Тунис ӀРФ юкъаяхарх къамелаш деш а дацара). Шинне а тхьамдано куьг таӀийра Джербан декларацин — иза керла пачхьалкх кхолла кийча хиларан барт бара: марталлин Ӏаьрбийн Исламан Республика юкъахь Тунис а, Ливи а йолуш, цхьа конституци, байракх (иза кечйина яра), президент, эскар, правительство, законашкхолларан а, суьдан а Ӏедалан меженаш йолуш.

Оцу белхана референдуман терахь хӀоттийра 1974 шеран 18 январан.

Проект йитар

бӀаьра нисйан

Амма, иштта панӀаьрбийн пачхьалкхан цхьаьнакхетар кхолларан хьалха а, тӀаьхьа а даиман ма-хиллара, агӀонийн цхьацца меттигашкахь барт цахилар нисделира, цу тӀе Джербан барт тӀе куьг таӀийначул тӀаьхьа масех де даьлчи. Масала, бартан дуьхьала бара Тунисан бахархой, уьш реза бацара шайн мехкан маршо йита. Хаалора шина политикин режимийн идеологи орамера цхьаьна ца яр: Бургибан Туниса лелайора либерализацин а, социалан хийцамийн а французийн кеп, къастийра динан институташ пачхьалкханчех; Каддафин Ливи, вукха агӀора, яра алсама исламе ерзийна, ткъа ша ливин революцин тхьамда даиман а малхбузан агӀора йолчу дог-ойлан дуьхьала вара. Иштта ладаме дара, тунисан тхьамдан ойланаш конфедерацин кепара бартехьа яра я дуьненайукъара кхолламехьа, ткъа Каддафин лаара юьззина ший а пачхьалкх «малхбузан империалисташна» дуьхьала латта цхьаьнатоха.

ТӀаьххьара шен роль ловзийра Алжазаира: цхьанне ца моьттучу агӀора, цуо гайтира шайн хетарг Ливин-Тунисан Бартах, царна гора шайн къоман кхерам цуьнца. Иза дан атта дара, хӀунда аьлча 1973—1974 шерашкахь ливин-мисран юкъаметтигаш «шевнашкара ястаелира», Ӏаьрбийн Республикийн Федераци хӀинца кехат тӀаьхь бен яцара, оцу бартах кхера Алжазаиран оьшуш дацара, тӀаккха цара атта кхерам тесира Тунисан ӀИР кхайкхаяхь шеш 24 сахьт далале тӀелата тарло аьлла.

ЖамӀ – референдум ца хилира. Массо а кхийтира проект дуьненан тӀе а ялале еллий, 1974 шеран 25 январехь БургӀиба Къаддафица Женевехь цхьаьнакхетча официалан кхайкхийра Джербан деклараци йитар, ткъа 1 февралехь Тунисан парламентан депутаташа официалан йитира кхаж таса хӀоттийна проект. 1977 шарахь Ӏаьрбийн Исламан Республика яран ойла чеккхенца йитира. 1989 шарахь чекхъяьккхира дуьненайукъара кхоллам санна Ӏаьрбийн МагӀрибан Барт кхолларан проект, дика аморфан елахь а, амма берриг МагӀрибан мехкаш экономикин а, политикин а интеграце хьажийна йолу, шена юкъахь Ливи а, Тунис а, Алжазаира а.

  • Aghrout, A. & Sutton, K. Regional Economic Union in the Maghrib. The Journal of Modern African Studies, 28(1), 1990, 115. (ингалс.)
  • Belkhodja, Tahar, Les trois décennies Bourguiba. Témoignage, éd. Publisud, Paris, 1998, p. 136-152. (франц.)
  • Borowiec, Andrew. Modern Tunisia. A Democratic Apprenticeship, éd. Praeger Publishers, Westport, 1998, 34. (ингалс.)
  • Deeb, Mary-Jane. Inter-Maghribi Relations Since 1969. A Study of the Modalities of Unions and Mergers, Middle East Journal, n°43 (1), 1989, 22-26. (ингалс.)
  • Deeb, Mary-Jane. Socialist People’s Libyan Arab Jamahiriya, The Government and Politics of the Middle East and North Africa, éd. Westview Press, Boulder, 386. (ингалс.)
  • El-Kikhia, Mansour O. Libya’s Qaddafi. The Politics of Contradiction, éd. University Press of Florida, Gainesville, 1997, 121. (ингалс.)
  • Hugon, Henri. Les Emblèmes des beys de Tunis: Etude sur les Signes de l’autonomie Husseinite. Paris : Leroux. S. 64. (франц.)
  • Lux-Wurm, Pierre C. Martha Zaragoza Les drapeaux de l’islam: de Mahomet à nos jours. Paris : Buchet-Chastel. ISBN 2-283-01813-7. (франц.)
  • Simons, Geoff. Libya. The struggle for Survival, éd. St. Martin’s Press, New York, 1993, 253—254. (ингалс.)
  • Wright, John. Libya: A Modern History, éd. Croom Helm, Londres, 1981, 165—166. (ингалс.)
  • Zartman, I. William. Foreign Relations of North Africa, International Affairs in Africa, janvier 1987, 18. (ингалс.)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан