MediaWiki (оьрс. Медиавики) — леррина Википеди йазбина вики-движок, лелабо Викимедиан фондан дуккха а кхечу проекташкахь, кхин а доллара а, пачхьалкхан а кхолламашкахь. Йу маьрша ПКх, йаржайо GNU йукъараллин лицензин хьелашца.

MediaWiki
Программин логотип MediaWiki
Программин скриншот MediaWiki
Тайпа вики-движок
Кечдархо Wikimedia
Программа хӀотторан мотт PHP[3], JavaScript
Операцийн система кроссплатформалла[4]
Интерфейсан меттанаш афарский язык[5], Арберешский диалект[5], Абхазхойн мотт[5], амбонезский язык[5], ачехский язык[5], Сент-люсийский франко-креольский язык[5], иракский диалект арабского языка[5], адыгийн мотт[5], Тунисский диалект арабского языка[5], Tunisian Arabic in Arabic script[5], Tunisian Arabic in Latin script[5], африкаанс[5], гегский диалект албанского языка[5], горно-алтайские языки[5], амхарийн мотт[5], амисский язык[5], Арагонхойн мотт[5], древнеанглийский язык[5], Obolo[5], ангика[5], левантийский диалект арабского языка[5], Ӏаьрбийн мотт[5], Ӏарамийн меттанаш[5], Мапуче (мотт)[5], алжирский диалект арабского языка[5], марокканский диалект арабского языка[5], египетский диалект арабского языка[5], ассамский язык[5], амслен[5], астурийский язык[5], aтикамек[5], суьйлийн мотт[5], котава[5], авадхи[5], Аймара[5], Азербайджанийн мотт[5], южно-азербайджанский язык[5], башкирийн мотт[5], Балийский язык[5], австро-баварский язык[5], тоба[d][5], Batak Toba in Latin script[5], южный белуджский[5], Baoulé[5], Бикольский язык[5], баджо западного побережья[5], Белорусийн мотт[5], батавский язык[5], Болгарийн мотт[5], западный белуджский язык[5], бихарские языки[5], бходжпури[5], бислама[5], банджарский язык[5], пао[5], бамана[5], Бенгалхойн мотт[5], тибетский язык[5], бишнуприя-манипури[5], Бахтиярийн мотт[5], бретонский язык[5], Брауи[5], Боснийн мотт[5], мандайлингский язык[5], Rinconada Bikol[5], бугийский язык[5], бурятийн мотт[5]
Дуьххьара арахецар 2002 шеран 25 январь
Пппаратан платформа кроссплатформалла[4]
ТӀаьххьара верси
Репозиторий gerrit.wikimedia.org/g/m…
Лицензи GNU GPL 2+[6]
Сайт mediawiki.org
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

MediaWiki йазйина PHP йукъара лело скриптан маттахь а, хаамаш Ӏалашбан лелайо реляцин хаамийн база (MySQL, PostgreSQL, SQLite йа Oracle DB); memcached а, Squid а программа лелайо. MедиаВикис ло агӀонийн базанца болх бен интерфейс, системин администрированин тӀекхачаран бакъонашна дозанаш туху, вики-могӀаман а, кхин а HTML а, Кеп:TeX а(формулашна) форматашкахь таро ло могӀам тобан, таро ло суьрташ а, кхин файлаш а чуйаха, кхи таронаш а ло. Шорйарийн системо лелочунна таро ло шен керла таронаш а, программин интерфейсаш тӀетоха. MediaWiki шира логотипо (2021 шеран 1 апрель кхаччалц) гойтура лело билгалонан мотт, цигахь хьажоргаш хӀиттош йеакӀов къовларгаш лелайо [[ ]].

MediaWiki йина леррина Википедина немцойн студенто Манске Магнуса. Йуьхьанца лелайора Perl тӀехь йазйина UseModWiki (кхин а йевза, «Фаза I» санна — «Phase I»). Цул тӀаьхьа 2002 шеран 25 январехь (иштта «Манске Магнусан де» цӀе йолу) керла верси («Фаза II» — «Phase II») PHP лело йолайелира.

2009 шеран октябрь кхаччалц проектан коьртехь вара Брион Виббер, иза «Викимедиан» Фондера дӀаваьлча и дарж дӀалецира Старлинг Тима. Версийн урхаллин системин меттана программа йархоша лелайо git. ГӀалаташ нисдархьама а, керла функционалалла кечйархьама а лелайо bugzilla.wikimedia.org адресца лаьтта гӀалатийн ларлелоран система Bugzilla. Йерриг движокан лерина ша www.mediawiki.org вики-проект йу (масех маттахь документаци йу цунна чохь). Движокан гочдаран локализацеш лелайо башха Translatewiki.net сайт тӀехь.

Цул тӀаьхьара, шорйина а, кхин тӀетоьхна а версино цхьаьна хенахь лелайора «Фаза III» («Phase III») цӀе, амма цул тӀаьхьа цӀе хийцира MediaWiki аьлла, хӀунда аьлча и ПКх лело таро хилира Википеди йоцуш, кхин проекташкахь а. «MediaWiki» цӀе — дешнийн бегаш, иза хьакхало «Викимедиа» цӀерах — Википеди кхоьллинчу кхолламах.

MediaWiki кхечу шордаршца лелайо Викимедиан фондан а, вики-хостинган Фэндан а дукхахчу проекташкахь. Цул сов, ду оцу движок тӀехь тӀетодина лаӀарш, уьш лерина корпоративашна лело: Enterprise Semantic MediaWiki+, BlueSpice[7], российн проекты Wiki4Intra[8], WikiVote. MediaWiki кхин а вики-движокан бух бу MindTouch(ингалс.).

Прикладан программа хӀотторан интерфейс (API)

бӀаьра нисйан

MедиаВикихь лерина башха прикладан программа хӀотторан интерфейс, цуо латтадо базера нисса лакхара тӀегӀанан хаамашка. Авторизацина а, хаамаш схьэца а, хийцамаш дӀабахьийта а клиентийн программаша лело таро йу API. Википедица болх беш, нисса оцу интерфейс чухула болх бо веб-агӀон тӀера скрипташа. API кхача таро йу муьлххачу кепара, царна йукъахь front-end и back-end программин чухула а.

Ишттачу программийн масала дало мегар ду Pywikipedia библиотекин, Python маттахь wiki-бот кхоллархьама а, Википеди чура программин ахавтоматан хийцамаш бан лелайо AutoWikiBrowser.

API коьрта аьтту, клиентийн тӀетохар йазйина программин меттан башхалла ца хилар бу, хӀунда аьлча дерриг хеттарш кечдо HTTP протоколца, ткъа жоп ло программа кечйинчун аьтто болу форматехь: XML, сериализацин[9] PHP йа JSON. Иштта, масала, http://ru.wikipedia.org/w/api.php?action=query&list=recentchanges адресца хаттар дича, клиентийн интерфейсана тӀаьххьара 10 хийцаман исписка ло, JSON форматехь (HTML чохь форматировать йина) кхин тӀе хаамашца.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан