Абаза́кт (гӀебарт.-чергаз. Еджыбокъуей, Абазэкт, абаз. Гьабакъвайкыт, Абазакыт) — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштан йукъара эвла. Юкъайоьду муниципалан кхолламан «Псаучье-Дахан йуьртан меттиган».

Эвла
Абазакт
абаз. Гьабакъвайкыт, Абазакыт
гӀебарт.-чергаз. Еджыбокъуей, Абазэкт
44°15′12″ къ. ш. 41°54′04″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Кхарачой-Чергазийчоь
Муниципалан кӀошт Хабезан кӀошт
Йуьртан меттиг Псаучье-Дахан
Истори а, географи а
Йиллина 1862 шарахь
Хьалхара цӀерш 1925 шо кхачале Егибоковски
Центран локхалла 511 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 423[1] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам чергазий, абазой
Динан хӀоттам бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш абаза́ктхой, абаза́ктхо
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87873
Поштан индекс 369 413
Автомобилан код 09
Код ОКАТО 91240000002
Код ОКТМО 91640430106
Картин тӀехь
Абазакт картан тӀехь
Абазакт
Абазакт картан тӀехь
Абазакт

Эвла лаьтта Хабезан кӀоштан къилбаседа декъехь, Жима Зеленчук хин аьрру бердаца. КIоштан центран Хабезан 25 км къилбаседа-малхбалехь а, Черкесск гIалан 14 км малхбузехьа а лаьтта, Р265. ЧеркесскАрхыз новкъаца. Доза ду нах бехачу меттагийн латташца: Ново-Хумарински къилба-малхбалехь, Псаучье-Дахе къилбехьа, Икон-Халк къилбаседехьа. Эвла лаьтта республикин ломан кIажошкахь. Меттиган рельеф коьртаниг шунаш долуш ю, акъари таьIна ю малхбалехьа эркан тогIенехьа. Йуьртан меттиган мехкан локхаллин юккъера барам бу 511 метр хIордан тIегIанера. Гидрографин маша коьртаниг гайтина Жима Зеленчук эрко.

Климат барамера. Шеран юккъера хIаваан температура + 10°С ю. Уггаре шийла бутт — январь (беттан юккъера температура -1,5°С), ткъа уггаре бовха — июль (+21°С). ГIуоролаш йолало декабрь болалуш, чекхйовлу апрель болалуш. Йочанийн шеран юккъера барам шарахь 700 мм гергга бу. Дукхах дерг догIу апрель-июнь муьрехь.

ХIинца ша лаьттачу меттигехь эвла кхоьллина 1862 шарахь. Цул хьалха Егибоковски эвла лаьттара Уруп а, Кяфар а хишна юкъахь.

1925 шарахь Егибоковски (Гьабакъвайкыт) элан цIе хийцира, кхечу чергазийн а, абазойн а эвланийн санна, царна элийн цIераш техкина хиларна. Цуьнан жамI эвлан таханлера Абазакт цIе ю. ЦIе схьаяьлла «абаза» этнонимах а, гӀебарт.-чергаз. кыт — «юрт» дашах а[2].

Бахархойн дукхалла
2010[1]
423
Къоман хIоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамIашца[3]:

Къам Барам,
ст.
Берриг бахархойх
дакъа, %
чергазий 380 89,8 %
абазой 21 5,0 %
оьрсий 12 2,8 %
кхин берш 10 2,4 %
берриг 423 100 %
  • Юкъардешаран ишкол — урам Центральни, 32.

Инфраструктура

бӀаьра нисйан

Коьрта социалан инфраструктуран объекташ лаьтта Псаучье-Дахе йуьртан юккъехь.

  • Джамбековн
  • Джилакановн
  • Калмыковн
  • Нови
  • Подгорни
  • Пушкинан
  • Центральни

ГIарабевлла юьртахой

бӀаьра нисйан

Сахьтан аса

бӀаьра нисйан
 

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 октябрь. Архивйина 2014 шеран 10 октябрехь
  2. Кумахов М. А. Адыгская (черкесская) энциклопедия. — Москва: ФОНД им. Б. Х. Акбашева, 2006. — С. 735. — 1066 с. — ISBN 5-99003-371-0.
  3. База микроданных Всероссийских переписей населения 2002 и 2010 годов. Архивйина 2014-06-09 — Wayback Machine