Абу-Шайх
Абу-Шайх йа Шейх Абу Башир ал-Яхсави (1810 шо — 1873 шо Таьшкичу, ДегӀаста) — Нохчийчоьн а, ДегӀастанан а авлияъ, Накъшбандин тӀарикъатера шайх. Шайх Абу Башир ал-Яхсави (Таьшкичура Башир) имам Шемалан наибех цхьаъ хилла[1][2]. Тайпана дишний.
Абу-Шайх | |
---|---|
Абу Башир ал-Яхсави | |
Говзалла | Авлияъ |
Вина терахь | 1810 |
Вина меттиг | Ӏаьндари, ДегӀаста |
Кхелхина терахь | 1873 |
Кхелхина меттиг | Таьшкичу, ДегӀаста |
Къам, некъе | Нохчо |
Да | Гоги |
Бераш | Апти, Ӏаьрби, СаӀид, Халид |
Динлелор | Ислам |
Лоруш волу динаш | Ислам |
Биографи
бӀаьра нисйанДинан некъ
бӀаьра нисйанЛеррина динан Ӏилма шегахь Абу-Шайхехь дацара. Дуьххьарлера Исламан дешаран бух цунна Ӏамийра шен устазо Умалат-Шайха Сиржа-Эвлара. Цуо тӀаьхьуо тӀедиллира шен муридан хьайн вирдан тоба вовшах тоха аьлла. Иштта, Абу-Шайх коьрте хӀутту керлачу накъшбандийн тӀарикъатан, цуьнан орамаш даьржа Нохчийчохь (Теркйист, Хьалха-Марта, кхин а) а, ДегӀастанан дозанашца а[3].
Дешархой
бӀаьра нисйанАбу-Шайха даржийна накъшбандин тӀарикъат Къилбаседа Кавказехь. Цуо кхиийна, "даражатуль-авлияъ" тӀегӀан тӀекхачийна Лаха Неврера Шайх Ӏусман-Хьаьжа Хантиев, ЧӀаьнта-Йуьртара Шайх Элах-молла (Алихан Дебиров), Таьшкийчура Хож-Ахьмад, Коьсткера Герехан-Хьаьжа[4].
Весет
бӀаьра нисйанЦарех шен дӀаверзоран весет дина Абу-Шайха Ӏусман-Хаьжа Нуран Неврига. Цуьнан весето веллачул тӀаьхьа Ӏусмане ша дӀаволла аьлла хилла. Абу-Шайха кхочуш дина цуьнан весет – ша аьтту агӀора а ца вуьллуш, йуьхь хьала ерзош дӀаволла аьлла долу, ткъа иза бусалбанаш лело хӀума дац. Башир Шайха кхетийна цунах, нагахь Ӏусмана ша ма-бохху весет кхочуш дахь, Нохчийчохь а, ДегӀастанахь цкъан а мацалла гур йац, кхечу динашкарчара новкъарло а йийр йацаьлла. Шайх Ӏусман-Хьаьжас кхочуш дина шайн устазан весет[5].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://qumuqlar.blogspot.com/2016/10/blog-post_9.html
- ↑ https://as-salam.ru/news/48/
- ↑ http://xn----ftbmbixfmd1a8g.xn--p1ai/index.php/2013-11-17-17-33-18/svyatye-mesta-chr/item/809-%D0%B0%D0%B1%D1%83-%D1%88%D0%B5%D0%B9%D1%85 Архивйина 2018-08-22 — Wayback Machine
- ↑ https://igshid.com/p/BCIz9XJtYm5/ Архивйина 2021-01-29 — Wayback Machine
- ↑ Аджаматова Б.А, История Кавказа и селения Эндирей. Башир -шейх аль-Яхсави
Литература
бӀаьра нисйан- Баширов М. С.-Э., Хасмагомадов Э.Х. Этническая история Терско-Сулакского междуречья (на примере семьи Башир-шейха Аксайского) . — Грозный: АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 60 с. — ISBN 9 78-5-4 314-0294-4.
- Акаев, В. Х. Тюркское этнокультурное влияние на народы Северного Кавказа . — Комплексный научно-исследовательский институт им. Х.И. Ибрагимова Российской академии наук. — Грозный: Известия вузов. Северо-Кавказский регион. Общественные науки, 2018. — С. 7. — 4-8 с.