Алиев, Ильхам Хьайдар охӀлу
Али́ев Ильха́м Хьайда́р охӀлу (Али́ев Ильха́м Гейда́рович) (азерб. İlham Heydər oğlu Əliyev; 1961 шеран 24 декабрехь, Бакох, Азербайджанийн ССР, ССРС) — азербайджаний пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, азербайджанан эскаран инарла-полковник а, 2003 шеран 31 октябрехь дуьйна волу Азербайджанан президент а, тӀеман ницкъийн коьрта баьчча а.
Ильхам Алиев | ||||
---|---|---|---|---|
азерб. İlham Əliyev | ||||
| ||||
|
||||
Хьалха хилларг | Алиев Хьайдар | |||
|
||||
Хьалха хилларг | Расизаде Артур | |||
Когаметтаниг | Расизаде Артур | |||
|
||||
Дин | ислам | |||
Вина терахь | 1961 шеран 24 декабрехь | |||
Вина меттиг | Бакох, Азербайджанийн ССР, ССРС | |||
Тайпа | Алиевы | |||
Да | Алиев Хьайдар | |||
Нана | Алиева Зарифа Ӏазиз кызы | |||
Зуда | Алиева, Мехрибан Ариф кызы | |||
Бераш |
кӀант: Хьайдар йоьӀрий: Арзу а, Лейлаъ а |
|||
Парти | ||||
Дешар | ||||
Динлелор | ислам | |||
Автограф | ||||
СовгӀаташ | ||||
Сайт | president.az(азерб.)(оьр.)(ингалс.) | |||
Буьйр дар | Азербайджанан ТӀеман ницкъаш | |||
Латар | ||||
Болхбаран меттиг | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Азербайджанан президентан Алиев Хьайдаран (1993—2003) кӀант а, когаметтаверг. Доьазза тоьлла президентийн харжамашкахь (2003, 2008, 2013, 2018 шерийн).
Дуьненайукъара цхьа могӀа тидамчашна хетарехь, Алиев Ильхаман президенталла дара мехкан политикин дахар цхьаьнаэшшара долуш. Оццу хенахь, цхьа могӀа хьосташа, Азербайджанехь Алиев Ильхама хӀоттийна режиман амал диктаторийн[1] лору, йа авторитаран[2] лору.
Схьавалар
бӀаьра нисйанАлиев Ильхам вина 1961 шеран 24 декабрехь Бакохахь, Азербайджанийн ССРн Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитетан Контрталламан декъан хьаькаман Алиев Хьайдаран а, офтальмологин институтан лакхара Ӏилманан белхалочун Алиева Зарифан[3] а доьзалехь.
Иза воцуш доьзалехь йара цуьнан йоккхаха йолу йиша — Севиль. Цуьнан кӀант, Алиев Ильхаман йишийн кӀант — Азер , ву Азербайджанан йеза атлетикин федерацин вице-президент[4].
Ден агӀо
бӀаьра нисйанЦуьнан да — Алиев Хьайдар хилира Азербайджанан ПКХК куьйгалхо, цул тӀаьхьа Азербайджанан ССР Компартин ЦК Хьалхара секретаран даржехь куьйгалла дира республикехь, Москох дӀакхалххалц, цигахь болх бира ССРС министрийн советан (правительствон) Председателан гӀовс. Цуьнан схьавалар Нахичевань гӀалара дара. АлиевгӀер доьзал схьабаьллера азербайджанийн[5] Зангезуран уездан (тӀаьхьа Сисианан кӀошт, хӀинца Эрмалойчоьнан Сюникан область) Джомартли йуьртара, амма Хьайдар дуьнен тӀевалале дай кхелхира Нахичеване[6][7]. Хьайдаран денана схьайаьллера Уруд (хӀинца Эрмалойчоьнан Воротан эвла) эвлара[7].
Алиев Ильхаман воккхаха волу деваша — Хьасан белхаш бина Азербайджанийн ССР ӀА Ботаникан институтан, Географин институтан директор, ткъа иштта Йерригсоюзан латтаӀаморан йукъараллин Азербайджанан филиалан председатель; вара бакъонца волу академик. Иза хаьржира Азербайджанийн ССР Лакхара Советан (парламентан) депутат а, Азербайджанан географин йукъараллин президент. Цуьнан кӀант, Алиев Ильхаман шича — Расим архитектор вара, тӀаьхьа Азербайджанийн ССР Хьакъдолу архитектор, Азербайджанан Архитекторийн бертан вице-президент. 23 шарахь (1966—1998) иза Бакох гӀалан коьрта архитектор вара.
ШолгӀа деваша — Хьусейн, художник вара, Азербайджанийн ССР Компартин «Коммунист» газетехь зорбанан меженан редакцин коьрта художник болх бира. Цунна йелира Азербайджанан Халкъан художникцӀе. Ильхаман кхоалгӀа деваша — Агиль вара Ӏилманча-экономист, Азербайджанан КЪӀА декъашхо-корреспондент.
ВоьалгӀа деваша — Джалал хилира Ӏилманча-селекционер, академик, ӀА Президиуман декъашхо. Иза кхузза хаьржира Милли Меджлисан (парламентан) депутат, вара Российн йуьртабахаман Ӏилманийн академин, Украинин Аграрийн Ӏилманийн академин, Республика Беларусан Аграрийн Ӏилманийн академин кхечу пачхьалкхера декъашхо.
Дейиша — Рафигах кхечира химин Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа, профессор, хилира Азербайджанан КЪӀА бакъонца йолу декъашхо. Иза Азербайджанан ССР некъаш дахкаран министрехь Халафов Рафикъехь марехь йара. Церан йоӀ, Алиев Ильхаман шича — Фахрия — художник-модельер, Азербайджана говзаллийн хьакъдолу гӀуллакххо.
Ненан агӀо
бӀаьра нисйанЦуьнан нана — Алиева Зарифа, йара лор-офтальмолог, Азербайджанийн ССР ӀА академик, профессор. Иза йина Нахичеванан автономин Шахтахты эвлахь. Ден агӀора санна, Алиев Ильхаман ненан агӀора а эрмалойчуьра бевлларш.
Цуьнан ненада — Алиев Ӏазиз[8] ваьлла Эриванан уездера Хамамлы эвлара[9].Лор хилла, цуо тӀаьхьа куьйгалла дина Азербайджанан медицинан институтехь, цул тӀаьхьа Азербайджанан пачхьалкхан университетан ректор хилла, кхин дӀа – Азербайджанийн ССР могашалла Ӏалашйаран халкъан комиссар. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш А. Алиевх хилира Азербайджанийн ССР Лакхара Советан председатель, цул тӀаьхьа хӀоттийра ДегӀастанан ВКП(б) обкоман Хьалхара секретарь (де-факто ДегӀастанан куьйгалхо).
Ший а ненаваша — Тамерлан а, Джамиль а хилира лоьраш, медицинийн Ӏилманийн докторш. Алиев Тамерлан эндокринолог вара, болх бира Азербайджанан Могашалла Ӏалашйаран министраллан коьрта терапевт, йелира сийлахь цӀе – Республикин Хьакъдолу Ӏилманан гӀуллакххо а, Пачхьалкхан преми (1981). Алиев Джамилах онколог хилира, тӀаьхьа профессор, КЪӀА бакъонца волу декъашхо. Джамилан кӀант, Алиев Ильхаман шича — Ӏазиз ву медицинийн Ӏилманийн доктор, И. М. Сеченовн цӀарах Хьалхара Москохан пачхьалкхан медицинан университетан Бакохан филиалан ректор.
Цхьаъ бен йоцу ненайиша — Гюлара хилира пианист, композитор, хьехархо. Цуо йина музыкин гӀирсийн ансамбль «Дан улдузу »; цунна йелла сийлахь цӀе Хьакъдолу говзаллийн гӀуллакххо (1977), говзалла Ӏаморан кандидатан Ӏилманан тӀегӀа (1966)[10].
Биографи
бӀаьра нисйанДешар
бӀаьра нисйан1977 шарахь чекхйаьккхина Бакох гӀалан № 6 йолу йуккъера ишкол, деша хӀоьттина Москохан пачхьалкхан дуьненайукъара йукъаметтигийн институт (МГИМО). Институт чекхйаккхарца, 1982 шарахь иза МГИМОн аспирантуре вахна. Оццу шарахь, Андроповс кхайкхарца, АлиевгӀеран доьзал кхелхина Москоха. Журналиста Михаил Гусмана МГИМО хӀоттарх хаттар дича, Алиев Ильхама жоп делира:
Со дӀаийцира исправкица, цуо официалан чӀагӀдора, ма-дарра сан пхи бутт баьлча 16 шо кхачар. Хьалхара дешаран шо дара уггаре жоьпаллин. Цхьаъ ду Азербайджанан Компартин ЦК секретаран кӀантана Бакохахь дешар, ткъа кхин ду — Москохахь, кхечу хьолехь, кхин тӀе къуоначу шерашкахь. Амма аса да йуьхьӀаьржа ца хӀоттийра, институтехь дика дийшира, цул тӀаьхьа аспирантурехь[11] а дика дийшира. |
Карьера
бӀаьра нисйанХьехаран гӀуллакх
бӀаьра нисйан1985 шарахь историйн Ӏилманийн кандидатан Ӏилманан тӀегӀа йоккхуш диссертаци чекхдаьккхина, иза висира Москохан пачхьалкхан дуьненайукъара йукӀаметтигийн институтехь хьехархочун балхахь[12].
Бизнес
бӀаьра нисйанХьехархочун гӀуллакхал тӀаьхьа Алиев Ильхам долара бизнес лело волавелира. 1991 шарахь иза куьйгалле хӀоьттира «Ориент» фирман[13], ткъа 1992 шарахь кхелхира Истмале, хӀунда аьлча фирман коьрта гӀуллакх Туркойчоьнца доьзна дара. Даймехка вирзира Алиев Хьайдар республикин президент хилча.
Политикин карьерин йуьхьиг
бӀаьра нисйан1994 шерера 2003 шеран август кхаччалц — вице-президент, цул тӀаьхьа «SOCAR» (Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан Мехкдаьттан Компанин) хьалхара вице-президент. Дакъа лецира «Алиев Хьайдаран мехкдаьттан стратеги» кхочушйеш. Иштта жигара дакъа лецира дозан арахьара мехкдаьттан компанешца дийцаршкахь, уьш чекхдевлира, «БӀешеран контракт» цӀе тиллинчу бартан куьг йаздарца. Алиев Ильхам автор ву маьрша Азербайджанан цхьа могӀа мехкдаьттан политикин геополитикийн аспектийн талламан белхийн.[14]
1995 шарахь хаьржира, ткъа 2000 шарахь йухахаьржира Азербайджанан Милли Меджлисан депутат[13]. Амма 2003 шарахь Азербайджанан премьер-министран дарже хӀоьттина охьабиллира депутатийн болх.
Президенталла
бӀаьра нисйан2003 шеран 15 октябрехь махкахь хилира президентан харжамаш, цигахь толам баьккхира Алиев Ильхама, 79,46 % кхаьжнаш тесна[15]. Дуьненайукъара тергончийн хаамашца, харжамашкахь шортта кхачам бацарш билгалбехира. Оппозицис харжамийн жамӀ къобал ца дира, шолгӀачу дийнахь Мусават партера 3 эз. сов оппозицин президентан кандидатийн агӀончаш буьйлабелира йуккъерачу урамашкахула Азадлыг майдане. Оцу меттиге йеира чоьхьарчу гӀуллакхийн эскаран полк. Ӏиттабаларшкахь хилира бохам хилларш а бара[16]. Шен инаугурацин къамелехь Алиев Ильхама кхайкхийра:
Со теша Азербайджанан ирсе тӀаьхье хирг хиларх. Тешна ву, вайн мохк кхин дӀа а кхуьур бу, чӀагӀлур бу аьлла. Демократи Азербайджанехь кхин дӀа а кхуьур йу, хуьлийтар йу политикин плюрализм, дешан маршо. Вайн мехках хӀокху заманан пачхьалкх хир йу. Иза дархьама, Азербайджанехь дукха хӀумнаш дан деза. Амма иза дерриг дан, Азербайджанах онда пачхьалкх йан, уггаре хьалха, махкахь дӀайахьа йеза Алиев Хьайдаран политика[17].
|
Азербайджанехь а, дозанал арахьа а пачхьалкхан керлачу куьйгалхочо тӀаьхь-тӀаьхьа хийцамаш бийр бу моттара, Малхбузен герга боьлхуш, политикин дахарна либерализаци йеш, пачхьалкх чӀагӀйеш. Шуьйра йаьржинчу ойланца, къона президент тоъал зиеделла вацара, политика йовза хьожуш вацара, ден йолу харизма йацара, ткъа цундела цуьнгара урхаллин онда хатӀ гурд у аьлла цхьан а хеташ вацара. Йуьхьанца Алиев Ильхам верриг а воьзна вара ширачу урхаллин элитех, хӀунда аьлча дерриг ладаме министрийн даржашкахь бисинера, цуьнан дас хӀиттийнарш[18]. Ему потребовалось два года, чтобы подготовить смену аппарата.
2008 шеран 15 октябрехь президентан харжамашкахь, харжамхойн 88 % сов аьзнаш гулдина, тоьлла, Алиев Ильхам шолгӀа а хаьржира Азербайджанан Республикин президентан дарже. Правительствон хӀоттам хийца ца белира ала мегар ду.
2013 шеран июнехь «Керла Азербайджан» партин V гуламехь Алиев Ильхаман кандидатура аратеттира президентан харжамашка, уьш хилира 9 октябрехь[19]. Харжамийн жамӀашца пачхьалкхан карара куьйгалхочо Алиев Ильхама 84,6 % кхаьжнаш гулдира. Иза кхайкхийра Азербайджанан ЦХК куьйгалхочо Панахов Мазахира. Харжамашка баьхкира 72 % харжамхой[20].
Французийн талламан OpinionWay институто 2019 шарахь 9 хаттар дира азербайджанан халкъе, цара меттаха йехира тӀаьхьарчу (2018—2019) шарахь хилла процессаш. Хеттарийн жамӀашца 85,1 % декъахочо дикачу агӀора хастийра карара президентан гӀуллакх[21][22].
Ӏедал чӀагӀдар
бӀаьра нисйанАлиев Ильхам Ӏедале веира, 1993 шарахь дуьйна Азербайджанан куьйгалла дина шен да Алиев Хьайдар хийцина. Цул сов иза куьйгалле веира дас кхоьллинчу «керла Азербайджан» партин, иза а республикин куьйгаллехь йу 1993 шарахь дуьйна. Азербайджанан ша политикин а, пачхьалкхан а кечйина Алиев Хьайдар волуш, 1995 шарахь тӀеийцира керла Конституци (цул хьалха йара 1978 шеран Азербайджанийн ССР Конституци, кхечу тайпанан пачхьалкхан). 2003 шарахь октябрехь «Российн газетан» йеллачу интервьюхь, Алиев Ильхама элира, «хӀинцалера Азербайджан — Алиев Хьайдаран кхоллам бу, цуо мехкана диначух сахьташкахь дийцина вер вац. Цуьнан некъ дӀабахьа беза вай а», «со даиман а гӀиртина, гӀертара а ву дех тера хила».[23]
2005 шеран октябрехь Азербайджанехь кхайкхийра пачхьалкхан харцам бан гӀортарх лаьцна, цунна бехкен вина лецира 12 стаг, царна йукъахь вара экономика кхиоран министр Ф. Алиев, финансийн министр Ф. Юсифов, могушаллаӀалашйаран министр А. Инсанов, «Азерхими» пачхьалкхан концернан президента Ф. Садыгов, Азербайджанан ӀА экс-президент Э. Салаев[24][25]. Дуьненайукъара къоьллин тобанан (International Crisis Group) аналитикин докладца, оппозицин йукъахь йуьхьанца
лорура, Алиев Ильхьаме мехкан урхалла дан лур дац аьлла. Цхьаболчарна гора иза тайпанан кхечу декъахочунна аьттонца дехьаваларан кеп. ТӀаккха а, Алиев Ильхам хилира говза политик, иза ца везачарна хетарг ца хуьлуш. Иза кхетара, урхаллин уггаре боккха кхерам гӀийла оппозицех ца хилар, ткъа урхаллера элитех хилар. Алиев Хьайдар валаро куьйгаш даьстира оцу «ширачу гвардин» дукхаха болчу ладаме декъашхойн, царна лаара къоначу, зеделла воцучу президентан тӀехь урхалла дан. Цунна куьйгалла дира президентан девашас Алиев Джалала а, цуьнан гергара нийсархочо, Инсанов Ӏалис — ладаме еразийн тайпанан [Эрмалойчуьра бевлла азербайджанаш] корта болчу, урхаллера «Керла Азербайджан» парти кхоьллина волчу, могушаллаӀалашйаран министро. Йуьхьанцалерачу Ӏедалан консолидаци йан гӀертаран шен белхашкахь Алиев Ильхама билгалдоккхура, шен ден политика дӀахьур йу олий, ца гӀертара правительствехь цхьан а ладаме хийцам бан…
Ильхам морса чекхвелира шен политикин мостагӀашца. Инсанов а, Алиев Фархад а лецира харцам бан гӀортарх бехке бина, кхел йира коррупци а, къоланаш а дарна. Правительство буьрса охьатаӀийра оппозици 2005 шеран ноябрехь хиллачу парламентан харжамаш чекхбевлча. Оцу белхаша гӀодира гӀийла президент хетар дӀадоккхуш, амма цара новкъарло йира цуьнан хийцамхочуьн имиджан…
Еразийн лидер Инсанов лацаро, чекхйаьккхира азербайджанан политикин факторан регионашкара тайпанийн сийлалла. Нахичеванхоша а, мелла а кӀезиг еразаша латтабора алсама коьрта меттигаш, амма президентан муьтӀахь хилар а, гергахь хилар а ладаме дара оцу я кхечу регионан тайпанех хиларал. Шен дех къаьсташ, Ильхаман болх бар гӀоле хийтира, Бакохахь кхиинчу, дукха хьолехь бизнесехь аьтту хиллачу, алсама цивилизаци йолчу адамашца. Мехкдаьттан экспортан ладаме сано таро йира кхин дӀа а президентан Ӏедалан консолидаци йарехь а, олигархийн хӀучӀагӀдеш а[26].
Президентан шолгӀачу заманахь, 2009 шеран 18 мартехь, махкахь хилира Конституцин чохь хийцамаш баран референдум. Иза дагадаийтинарг йара куьйгаллера «Керла Азербайджан» парти. Референдуман жамӀашца хийцамашна кхаж тесира 90 % кхаж таса баьхкинчех. Къобал бинчу хийцамех цхьаммо бара (цунна кхаж тесира 92,17 % харжамхоша) бакъо йелира цхьаьна стаганна шиннал сов харжа[27]. Шуьйра йаьржина ойла йу, референдумо мостагӀалла лелочу урхаллин элитин тобанашна хаийта дезара, гергарчу заманахь Ӏедал хийцадаларх кхерам ца хилар. Оппозицис бехке вира Алиев, Азербайджанах монархи йарах, ткъа Европин комиссис референдуман мах хадийра демократии кхиорехь «йуханехьа ладаме гӀулч йу аьлла[26]. Венецин комиссис шен жамӀехь Азербайджан «президенто шен кара шуьйра Ӏедал лаьцна мохк бу»[28] аьлла.
Цул тӀаьхьара конституцин референдум хилира президентан кхоалгӀачу заманахь, 2016 шеран 26 сентябрехь. ХӀинца иза дагадаийтинарг хилира ша Алиев Ильхам[29]. Гражданашка кховдийра президентан хан 5 шеран тӀера 7 шере йахйарна кхаж таса аьлла, Хьалхара вице-президентан а, вице-президентан[29] а даржаш кхоьллира. Кховдийначу хийцамашна йукъахь йара кхин а ши пункт, уьш хьакхалуш йара законашкхолларан а, кхочушдаран а Ӏедалан гӀуллакхех. Алиев Хьайдар волуш, Ильхам премьер-министран даржехь волуш, хилира референдум, цуьнан жамӀашца мехкан президентан бакъонаш, нагахь иза хенал хьалха дӀавалахь, дӀа ца ло парламентан председателан, ткъа дӀало премьер-министран. Оцу хенахь гражданашка кхаж таса кховдийра, нагахь президент шен лаамца дӀавалахь цуьнан бакъонаш премьер-министран дӀа ца ло, ткъа Хьалхара вице-президентан ло аьлла а, президентана Милли Меджлис (парламент) дӀасахеца бакъо ло аьлла а, пачхьалкхан куьйгалхочун рогӀера боцу харжамаш кхайкхо а[29]. 2016 шеран референдуман берриг 29 хийцам къобал бира 90 - 95 % харжамхойн кхаьжнашца. И референдум йемал йира Европин Кхеташоно, цуо мехкан демократии кхиоран хӀума тохар санна мах хадийра цуьнан.[30]
ТӀаьхьадогӀучу шеран 21 февралехь Алиев Ильхама шен зуда Мехрибан Азербайджанан Хьалхара вице-президентан дарже хӀоттийра[31]. Цул хьалха (2005 шарахь дуьйна) иза йара Милли Меджлисан депутат. Нагахь РӀА ДЭДЙИ Советийн хилла талламийн центранкоьрта Ӏилманан белхалочо В. Мухановс Азербайджанера политикин системин «неомонархи» аьлла мах хадийнехь, ткъа ӀаьржахӀордан регионан мехкийн социалан-политикин институтан лакхарчу Ӏилманан белхалочун В. Новиковн хетарехь «из ахӀотторо цуо рогӀера гӀулч йаьккхира кхин дӀа а шен Ӏедал некъашка дӀадаларехьан новкъа»[32]. АЦШан Азербайджанехь хиллачу векало Казларич Ричарда иштта элира: «Зуда мехкан хьалхара вице-президентан дарже хӀоттор монархин агӀора гӀулч йу" аьлла[33].
2016 шеран 29 ноябрехь парламенто, инарлин прокуроро Гаралов Закира кховдорца, закон тӀеийцира, цуьнца зуламан жоьпалле озаво азербайджанийн президент публикехь вистхуьлуш, публикера кхолламашкахь йа МХГӀ сийсазваккхарна[34]. Иштта, бехкечарна гӀуда туху 500—1000 манат (оцу хенан 19—37 эзар сом), йа шина шеранна гӀуданан белхаш бойту, йа чувуллу шина шаранна, ткъа бакъо «интермашин хаамийн ресурсашкахь» йохийнехь, тӀаккха кхел йу 1000—1500 манат гӀуда (оцу хенан 37—58 эзар сом) йа чувулла кхаа шаранна[35]. Цул тӀаьхьарчу шарахь Президентан администрацис парламенте оцу йаззаман проектан хийцам кховдийра[36], аьхка парламенто кхин а чӀагӀйира кхел, цунна хӀинца гӀуда айира 1500—2500 манате кхаччалц, йа хан тухура 5 шаре кхаччалц, ткъа нагахь иштта сийсазвар интермашера шен йоцу аккаунташка а, профилашка а хӀиттайахь, тӀаккха лерина 2000 - 3000 манат[37] гӀуда.
Политикин ражан амал
бӀаьра нисйанАзербайджанехь хӀоттайелла политикин раж цхьаболчара дустура Советийн Азербайджанан ражца (цу тӀе Советийн политикин ражаш иштта тайп-тайпана йара, белхалойн классан Ӏедалера, Сталинан долара Ӏедалан ражера, Хрущёвн а, перестройкин а либерализаце кхаччалц). Румянцев Сергейс чӀагӀдарца «тайп-тайпана нахера сих-сиха хаза тарло, хӀинцалера политикин раж кхин а „гӀуо“ йа авторитаран йу советийнчул»[38]. Азербайджанан политикин хӀоттамехь шена цунна гучудаьлла хиллачу пачхьалкхан (аьлча а Советийн) тӀаьхьенан институцин дуккха хьесапаш: Ӏедало кхоьллина «Керла Азербайджан» партино чӀогӀа дагайоуьйту Компарти; президентан Милли Меджлисо (парламенто) а, министрийн гӀуллакхо а беш болу Ӏаткъам, Лакхара Кхеташоно бийриг санна бу; ССРС йохара тайпанийн хӀоттам бохам муххале а ца бира, иза кхин а бисира Алиев Ильхам волуш[38] а. Цу тӀе Румянцев ца гӀерта хӀинцалерачу ражан специфика советийн ражан тӀаьхьенан ойлане, иза хьоьжа Азербайджанехь хӀоьттина раже ерриг авторитаран[38] йолуш санна. Оттавей Марина гӀиртира азербайджанан политикин системин специфика ах-авторитаран йу ала[38].
Америкин правительствон боцу Freedom House кхолламан бакъо ларйаран эксперташ дийцарехь Азербайджанера политикин раж чӀагӀйар 1993 шарахь Ӏедале Алиев Хьайдар варца йолайелира, ткъа иза кӀанта Ильхама хийцинчун тӀаьхьа, «репрессеш» цӀеххьана чӀагӀйелира, тӀаккха 2015 шеран кхолламан чоьтехь жамӀ до, «Азербайджанехь урхалла деш йу авторитаран раж»[39][40]. Economist Intelligence Unit хӀоттийна «2016 шеран дуьненан мехкийн демократин индексехь», Азербайджано йаьккхира 148-гӀа меттиг авторитаран ражан мехкашна йукъахь[41].
Гулиев Зафара политолого санна тидам барца, 2003 шарахь Алиев Ильхьам махкахь Ӏедале варца, Азербайджанехь доладелира планан барамца веллачу президентан адамаллин культ чӀагдар, Азербайджанан керла исторега йухахьажаран кампани йолайелира[42]. «Дуьненайукъара къоьллин тобано» шен докладехь билгалдоккху, Алиев Хьайдаран адамаллин культ — Азербайджанан идеологин бух, иза лаьтта, Алиев Хьайдара Азербайджан кӀелхьарайаьккхина бохучу тӀехь, цу тӀе и адамаллин культ дехьайолу цуьнан кӀантана Алиев Ильхьамна[43].
Экономикин политика
бӀаьра нисйан2003 шарахь Алиев Ильхьам Ӏедале варца волавелира экономика кхиоран леррина программаш тӀеэца, царна йукъахь йу «Азербайджанан Республикин Къоьлла а, экономикин кхиор а охьадаккхаран пачхьалкхан программа (2003—2005 шераш)», «Азербайджанан Республикин регионаш социалан-экономикин кхиоран пачхьалкхан программа (2004—2008 шераш)», «Азербайджанан Республикин мукъазаллин стратеги» (2006—2015 шераш), «Азербайджанан регионаш социалан-экономикин кхиоран пачхьалкхан 2014—2018 шерашна лерина программа» иштта дӀа а.[44]
Алиев Хьайдаран мехкдаьттан стратеги дӀахьуш, Алиев Ильхьама 2004 шарахь «Мехкдаьттах а, газах а хилла сан урхаллин йехачу ханна йолу стратеги (2005—2025 шш.)» цӀе йолу Омар даьккхира[45].
Алиев Ильхаман президенталлин йуьхьанцара муьрехь гуора энергоресурсийн экспорт чоьтах экономика айайалар. Алиев Ильхаман хьалхара президентан хенахь болх бан йолайелира Российн гуо тесна йехкина коьрта экспортан биргӀанаш: мехкдаьттабиргӀа Бакох—Тиблиси—Джейхан (йолайелла 2005 шеран майхь, мА-балло чӀогӀа болх бан йолайелла 2006 шеран июль кхочуш), газбиргӀа Бакох—Тиблиси—Эрзурум. Нагахь 2002—2005 шерашкахь ДЧС тӀекхетаран шеран йуккъера болар 10 % гергга хиллехь, ткъа 2005 шарахь ДЧС тӀекхетар хилира 26,4 %, ткъа 2006 шарахь кхечира рекордан тӀегӀане – 34,5 %. 2007 шарахь и гайтам охьабелира 25 %, цул тӀаьхьа экономика кхиаран болар цӀеххьана охьадуьйжира.
2014 шарахь ДЧС кхиар хилира 2,8 %, мехкдаьтта даккхар охьадаккхарна а, мехкдаьттан доцу дакъа шордарна, мехкдаьттан дакъа охьаделира ДЧС барамах 37 % кхаччалц[46]. ТӀаккха а, ДВФ хаамашца 2014 шарахь экспортан берриг чухоамах долу мехкдаьттан а, газан а дакъа хилира 87 % а, 7 % а, хӀоранна[47]. Алиев Ильхьама ма-кхайкхадарра, 2015 шарахь Азербайджанан экономикера мехкдаьттан фактор хилира 30 %[48].
«2004—2008 шерашкахь регионаш социалан-экономикин кхиорехь йолу пачхьалкхан программин» гуран чохь Ӏалашонаш хӀиттийра ахмиллион белхан меттиг йар а, йерриг ДЧС декъехь аьргаллин йоцу секторан дакъа кхиор, долара бизнес кхиор, инфраструктура кхиор — масала, гӀишлошйар, некъаш тодар, медицинин, дешаран, спортан гӀишлошйар[49].
2010 шеран хьелашца Азербайджанехь доккхура 1 млн сов баррель мехкдаьтта дийнахь. Углеводородийн декъана кхочура ах сов мехкан ДЧС. Мехкдаьттан экспортах йолу йоккха са, мах хадорца, тӀедогӀучу ткъа шарахь хила йеза 350—400 млрд АЦШ доллар, цуо таро йира правительствон цӀа хилла йоцу бюджетан харжаш йан. 2009 шарахь уьш хилира ДЧС 34,8 %, коьртаниг Пачхьалкхан мехкдаьттан фондера (SOFAZ) оьху ахча бахьнехь. Миллиардаш доллараш йукъадохкура инфраструктура кхиоран а, реконструкцин а йаккхий проекташна. И ахча лечкъош йа эффект йоцуш дойуш ду аьллат шуьйра йаьржина ойла йу, тӀаккха а SOFAZ ахча дайар президентан омарца дара, парламента нагӀора терго а йоцуш[26].
2003 – 2010 шерашна йукъарчу муьрехь, правительствон хаамашца, махкахь йира 840 эз. белхан меттиг, къоьллин официалан тӀегӀа охьайелира 45 % тӀера 11 % тӀекхаччалц. Амма социалан трансферташ йоцуш къоьллин гайтам дикка айалур бара. Дерригдуьненан банкан хаамашца, 2008 шарахь хӀора син санан тӀегӀа кхечира 3830 АЦШ доллар, амма бахархойн доккхаха долу дакъа дехаш дара правительствон пособех[26].
2006 шерца дуьстича, 2007 шарахь дуьйна чоьхьара инвестицеш алсама йевлира базарахь. Ткъа 2008 шарахь коьрта капиталан 77,5 % инвестицийн йукъара чухоам хилира чоьхьара инвестицеш, цу тӀе церан доккхаха долу дакъа хьажадора мехкдаьттан доцучу декъе[50].
Алиев Ильхьаман мехкдаьттин политико дика Ӏаткъам бира мехкан экономикина. 2006 шарахь болхбан йолайелира мехкдаьттабиргӀа Бакох — Тиблиси — Джейхан, 2007 шарахь — газбиргӀа Бакох — Тиблиси — Эрзурум. Уггаре йаккхийчех цхьаъ мехкдаьттин экспортер йолу Азербайджан кхин а экспорт йан йолайелира Ӏаламан газ а. 2010 шарахь мехкдаьттин а, газан а декъан кхочура 97 % экспорт а, 39 % пачхьалкхан са а[50].
ТӀаккха а, энергоресурсийн экспортан санех тӀех сов йазаро, 2014 шарахь дуьйна, мехкдаьттин мах охьабожарца гӀуо Ӏаткъам бира мехкан экономикин. Азербайджанан экономика зийра арахецар охьадожаро, йуьйжира дахаран тӀегӀа, айайелира болх ца хиларан тӀегӀа, гуш дара йехачу хенан экономикин план ца хилар, банкийн дакъа гӀийла хилар. Цуо кхачийра бахархой Ӏедалан дуьхьалоне, уьш ницкъала охьатовӀийра Ӏедало[51].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанДозанал арахьара совгӀаташ
бӀаьра нисйан- Маршонан орден (2013 шеран 18 ноябрехь, Украина) — украинин-азербайджанийн пачхьалкхашнайукъара йукъаметтигаш чӀагӀйарехь ша доккха дакъа лацарна[52]
- Элан Ярослав Хьекъалечун І тӀегӀанера орден (2008 шеран 19 май, Украина) — украинин-азербайджанийн йукъаметтигаш чӀагӀйарехь ша доккха дакъа лацарна[53][54]
- «ЦӀетоьхна долу герз» (2010 шеран 28 октябрь, Украина)[55]
- Къаьмнийн доттагӀаллин орден (2010 шеран 24 декабрь, Белорусси) — Республика Беларусин а, Азербайджанан Республикин а йукъахь доттагӀаллин йукъаметтигаш а, стратегин цхьаьнагӀуллакхдар а хӀотторехь ша ладаме дакъалацар[56][57]
Динан
бӀаьра нисйан- «Сийлаллин а, сийн а» орден I тӀегӀанан (2010, РПК)[58]
- Веза беркатетешаме элан Даниил Москохан орден I тӀегӀанан (РПК)[59]
- Радонежский Сергийн орден I тӀегӀанан (РПК)
- «Шейх уль-исламан» орден (Кавказан бусалбанийн синмехаллин урхалла)
Йукъараллин, ведомствийн, спортан совгӀаташ
бӀаьра нисйан- «ДоттагӀалла» орден (2012 шо, ЛДП)[60]
- «Аштаркханен областан гӀуллакхаш дарна» орден (2018 шеран 18 декабрехь, Аштаркханен область, Росси) — Аштаркханен областан а, Азербайджанан Республикин а йукъахь аьттунашца цхьаьнагӀуллакхдар, доттагӀаллин йукъаметтигаш кхиорехь доккха дакъа лацарна[61][62]
- «Партина гӀуллакхаш дарна» орден (2015 шо, Российн Федерацин Коммунистийн парти)[63]
- «Сийлахь Кардо» сийлаллин орден (Дуьненайукъара ТӀеман-Спортан Кхеташо)[64]
- ЛДП мехкийн Спортан Кхолламийн Дуьненайукъара Конфедерацин Сийлаллин орден[64]
- ФИЛА «Спорта легенда» Сийн залан лакхара орден[64]
- Атаман Головатыйн орден (2012 шо)[65]
- Желтойчоьнан парламентан дешин мидал[66]
- ИСЕСКО 30 шо кхачаран юбилейна иэсан дешин мидал (2012 шо)[67]
- ГӀазакхаллин лакхара орден — Турпалхочун Дешин седа[68]
- Йерригйукъара говзбертан конфедерацин «Говзболарна гӀуллакхаш дарна» Сийлахь дешин билгало (2012)[69]
Ахчанан совгӀаташ
бӀаьра нисйан- Дограмачи Ихьсанан совгӀат, ло машарна а, дуьненайукъара йукъаметтигашна а (Туркойчоь)[64]
- «2009 шеран адам» совгӀатан «Гран-прин» лауреат (Росси)[70]
- «Журналистийн доттагӀ» совгӀатан лауреат[71]
- Дуьненайукъара совгӀат «Балканийн хьакъ долу доттагӀ»[72].
- «Тюркийн меттанийн республикашкара уггаре аьтту болуш волу пачхьалкхан гӀуллакххо» совгӀат (Туркойчоь)[73]
Сийлахь цӀераш
бӀаьра нисйан- «Шеран стаг-2010» «Balcanii şi Europa» журнала версица (Румыни)[74][75]
- Туркменийн пачхьалкхан Махтумкулин цӀарах университетан сийлахь профессор (Туркмени)[64][76].
- Белоруссин пачхьалкхан университетан сийлахь профессор (Белорусси)[76][77]
- Ломоносовн цӀарах МПУ сийлахь профессор (2008)[78]
- Евразин къоман Л. Н. Гумилёвн цӀарах университетан сийлахь профессор (Кхазакхстан)[64]
- Къоман а, дуьненан а экономикин университетансийлахь профессор (Болгари)[64][тешам боцу хьост? 2620 де][79]
- Линкольнан университетан сийлахь доктор (АЦШ)[64][тешам боцу хьост? 2620 де]
- Москохан пачхьалкхан дуьненайукъара йукъаметтигийн университетан сийлахь доктор(2004)[80][64]
- Билькентан университетан сийлахь доктор (Туркойчоь)[64]
- Къоман налогин академин сийлахь доктор (Украина)[64]
- Плостин мехкдаьттан а, газан а университетан сийлахь доктор (Румыни)[64]
- Кёнхи университетан сийлахь доктор (Къилба Корей)[64][81]
- Урданан университетан сийлахь доктор (Урдан)[64]
- Корвинус Университетан йукъараллин Ӏилманийн сийлахь доктор (Мажаройчоь)[64][тешам боцу хьост? 2620 де][82]
- Киевн къоман Шевченко Тарасан цӀарах университетан сийлахь доктор (Украина)[64]
- Аштаркхне гӀалин сийлахь гражданин (2011)[83]
- Бакохан пачхьалкхан университет сийлахь доктор (Азербайджан)[76]
- Анкаран университетан сийлахь доктор (Туркойчоь)[76]
- Чукуран Университетан сийлахь доктор (Туркойчоь)[76]
- Таджикийн къоман университетан сийлахь доктор [84]
Самукъане факташ
бӀаьра нисйан- Алиев Ильхаман хаьа азербайджанийн, оьрсийн, ингалсан, французийн, туркойн меттанаш.
- 2009 шарахь Алиев Ильхам йукъатоьхна «Дуьненан 500 уггаре ладаме бусалбачарна» йукъа[85][86].
- 2010 шарахь Ульяновскехь волуш хилира В. И. Ленинан ЦӀа-музейхь, цигахь диканиг аларан жайнин тӀехь йоза дитира, цуо йаздира: «ЧӀогӀа хазахетарца девзира Ленин Владимира Ильичан ЦӀа-музей. Музейн экспозицино гойту УльяновгӀеран доьзалан дахар. Доьзалан берриг декъашхойн цхьатерра доцуш хьуьнарш хилла, шайн похӀма гайтина тайп-тайпанчу сферашкахь. Владимир Ильича йоккха лар йитина адамаллин исторехь. Цуьнан иэс йу дуьненара миллионаш адамийн дагчохь»[87].
- Алиев ву маьрша Азербайджанан цхьа могӀа мехкдаьттан политикин геополитикин аспектийн талламан белхийн автор.
- Алиев Ильхаман 50 шо кхочуш Сумгаитехь 50 метр йеха торт йира[88].
Белхаш
бӀаьра нисйан- Алиев, Ильхам. Каспийская нефть Азербайджана. — М.: Известия, 2003. — 712 с. — ISBN 5-206-00618-1.
Генеалоги
бӀаьра нисйанМир Паша-бек | Кербалаи ГӀурбанӀали | ИбрахӀим-бек Сулейманбеков | Кербалаи Аббасгулу | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Мир Ӏали Мир Ашрафи | Юсиф-бек Султанзаде[az] | Мамедкерим Алиев | ЗахӀра | Джаббар Аббасов | Кербалаи Джафар | Гюльджахан | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Мир Джалал Пашаев (1908—1978) | Пистаханум | Насир Имангулиев (1911—1998) | Говхар[az] (1909—1982) | Ӏазиз (1897—1962) | Лейлаъ | Иззет (1895—1956) | ӀӀалирза Алиев | Нарынгюль | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Хьафиз[en] (1941 ш.в.) | Ариф (1934 ш.в.) | Аида (1939—1993) | Тамерлан[az] (1921—1997) | Гюляра[az] (1933—1991) | Джамиль[az] (1946 ш.в.) | Зарифа (1923—1985) | Хьайдар (1923—2003) | Агиль (1926—2006) | Джалал (1928—2016) | Рафига (1932—2017) | Рафикъ Халафов[az] (1939—1998) | Хьасан (1907—1993) | Хьусейн (1911—1991) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Араз Агаларов (1955 ш.в.) | Наргиз[az] (1962 ш.й.) | Мехрибан (1964 ш.й.) | Ильхам (1961 ш.в.) | Севиль (1955 ш.й.) | Махьмуд Мамедкулиев[az] (1949 ш.в.) | Ильгар | Фахрия (1969 ш.й.) | Расим (1934 ш.в.) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Эмин (1979 ш.в.) | Лейла (1985 ш.й.) | Арзу (1989 ш.й.) | Самед Курбанов (1988 ш.в.) | Хьайдар (1997 ш.в.) | Азер[az] (1986 ш.в.) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Ӏали (2008 ш.в.) | Микаил (2008 ш.в.) | Айдын (2012 ш.й.) | Ӏазиза (2016 ш.й.) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Hill S. Europe’s Promise: Why the European Way is the Best Hope in an Insecure Age. — University of California Press, 2010. — P. 217.
Solomon N. War Made Easy: How Presidents and Pundits Keep Spinning Us to Death. — John Wiley & Sons, 2010. — Ch. 6 (см. на последней странице главы).
Lushnycky A. N., Riabchuk M. Ukraine on Its Meandering Path Between East and West. — Peter Lang, 2009. — P. 28.
Scahill J. Blackwater: The Rise of the World’s Most Powerful Mercenary Army. — Profile Books, 2011. — P. 238, 242.
Chomsky N., Achcar G. Perilous power: The Middle East & U.S. Foreign Policy: dialogues on terror, democracy, war, and justice. — Paradigm Publishers, 2008. — P. 44.
Warshal B. Provocative Columns: A Liberal Rabbi Reflects on Beliefs, Israel & American Politics. — iUniverse, 2009. — P. 259.
Noble H. B. Cheney’s War Crimes: The Reign of a de Facto President. — Author House, 2013. — P. 153.
Martin D. Now Prince Andrew comes under fire for links to ruler of second corrupt former Soviet state // Daily Mail. — 9.3.2011:Дуьххьарлера йоза (ингалс.)Prince Andrew has developed a 'close friendship' with a billionaire dictator accused of torturing protesters, and lobbied the president of another of the world's 'most corrupt' countries, it has emerged.
Harris M. Why is a crucial conference on internet freedom taking place in a dictatorship? // The Daily Telegraph. — 7.11.2012.Peck T. The Prince, the brutal dictator and a friendship he just won’t give up // The Independent. — 1.11.2012.Weiss M. The Corleones of the Caspian. // Foreign Policy. — 10.6.1014.Hiatt F. Obama needs a freedom agenda he can believe in. // The Washington Post. — 7.2.2011.[Editorial Board] Azerbaijan prosecutes a prominent human rights defenderon absurd charges. // The Washington Post. — 13.8.2014. - ↑ "Azerbaijan: Vulnerable Stability"(ингалс.). International Crisis Group. 3 September 2010. Архивйина 2017-10-18 — Wayback MachineДуьххьарлера йоза (ингалс.)
Ilham Aliyev’s presidency has been marked by stabilisation of the political life of the country and economic growth driven by oil exports. This stability, however, has come with the consolidation of authoritarian rule, greater suppression of freedoms and an increased reliance by elites on corruption and patronage networks to dominate virtually all aspects of public life.
...
The anticipated reforms have failed to materialise. Each subsequent election has resulted in more concentration of power in the hands of the executive. Civil and political freedoms have been drastically curtailed. As a result, Azerbaijan has gone from a semi-authoritarian to a fully authoritarian state.
...
Like many authoritarian governments, the Azerbaijani regime is highly insular and opaque.
...
International watchdogs have consistently ranked Azerbaijan as one of the world’s most corrupt countries. The government denies corruption is systemic, but as in many authoritarian states with clientelist systems, pervasive corruption is not a spontaneous phenomenon stemming only from low salaries, lack of competence and unawareness of rights.
CIA The World Factbook — Azerbaijan Архивйина 2016-07-09 — Wayback Machine:
Дуьххьарлера йоза (ингалс.)Corruption in the country is widespread, and the government, which eliminated presidential term limits in a 2009 referendum, has been accused of authoritarianism.
Landell-Mills P. Citizens Against Corruption: Report from the Front Line. — Troubador Publishing Ltd, 2013. — P.. XVI.Amnesty International Marks Golden Anniversary. Радио «Свобода», 12.12.2014.(ингалс.)Macalister T. UK energy quest highlights human rights concerns in gas-rich countries/ // The Guardian. — 22.4.2014. - ↑ Новодевичье кладбище. Алиева Зарифа Азиз Гызы (1923-1985) (2012 шеран 3 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 3 ноябрехь Архивйина 2012-11-03 — Wayback Machine
- ↑ "Племянник президента поразил всех". Sputnik Азербайджана. 12.02.2017.
{{cite news}}
: Проверьте значение даты:|date=
(справка) - ↑
- А. Г. Симонян. Бои в Сисиане под руководством Андраника против турок и азербайджанцев (август-сентябрь 1918 г.) // Вестник Ереванского университета /Общ. Науки/. — Ер., 2005. — № 2 (116). — С. 36. Прибыв в Сисианский район, Андраник со своими силами попытался утихомирить разбушевавшихся азербайджанцев. Несмотря на все попытки армянской стороны убедить их подчиниться решениям Центрального национального совета Зангезура и прекратить междоусобную войну, азербайджанцы продолжали свои вражеские действия. В этой ситуации по решению Андраника были захвачены наиболее агрессивные азербайджанские сёла Агуди, Вагуди, Джомартлу, Ортакюз, Аравус, Урут и оттуда изгнаны вооруженные формирования мусаватистов.
- Кавказский календарь на 1910 год. Часть 1. — Тифлис. — С. 240. Джамартлу, сел. Елисаветп. Зангезурск. 400 жит. 1908 г. Татары.
- Кавказский календарь на 1912 год. Отдел статистический. — Тифлис. — С. 149. Джамарлу с., Елис., Занг., тр.. 381 жит.
- Кавказский календарь на 1915 год. Отдел статистический. — Тифлис. — С. 120. Джомартлу с., Елис., Занг., тр.. 405 жит.
- Памятная книжка Елисаветпольской губернии на 1910 год. Отдел IV. — Елисаветполь. — С. 90. (там указано 292 жителя, все татары-мусульмане — прим.)
- ↑ Thomas de Waal. Black Garden: Armenia and Azerbaijan through Peace and War. — New York University Press, 2004. — С. 306, прим. 7. — ISBN 0-8147-1944-9, 0-8147-1945-7.Дуьххьарлера йоза (оьр.)
Some maintain that Heidar Aliev was actually born in Armenia in 1921, not in Nakhichevan in 1923. His younger brother, Jalal Aliev, interviewed on 4 November 2000, said that the Aliev family came from the village of Jomartly in Zangezur but had moved to Nakhichevan by the time Heidar was born.
- ↑ 1 2 Э. Ахундова. Гейдар Алиев. Личность и эпоха. Часть 1. — Баку: Озан, 2007. — С. 19—29.
- ↑ Президент Ильхам Алиев принял заместителя председателя Совета Федерации Российской Федерации и председателя Народного Cобрания Республики Дагестан . АЗЕРТАДЖ (2017 шеран 2 ноябрь).
- ↑ Азиз Алиев. Каталог. — Баку: Зия, 2013. — С. 59.
- ↑ "Алиева Гюляра Азиз гызы". Энциклопедия мугама.
- ↑ Формула власти: 55 интервью в золотом галстуке. - М.: ТЕРРА-Книжный клуб, 2005. - 580 с.
- ↑ Управление международных и общественных связей МГИМО (У) МИД … Архивйина 2008-10-03 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 ВАСИЛИЙ МИХАЙЛОВ (11.08.2003). "И. о. отца". Журнал «Власть.
{{cite news}}
: Проверьте значение даты:|date=
(справка) - ↑ Официальный сайт президента Азербайджанской Республики - ПРЕЗИДЕНТ » Биография . ru.president.az. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 29 март.
- ↑ "Столкновения в Баку: есть две жертвы"(оьр.). Русская служба Би-би-си. 2003-10-16.
- ↑ Сергей Ъ-Николаев, Борис Ъ-Волхонский (2003-10-17). "Оппозиции намяли Баку"(оьр.). Газета «Коммерсантъ».
- ↑ Цыганов, Олег Владимирович. Ильхам Алиев: открытый мир = инг. Ilham Aliyev: Open world. — М.: Хроникёр, 2008. — С. 8. — ISBN 978-5-901238-52-3, ББК 63.3(2)6-8.
- ↑ Наргиз Асадова (2005-10-31). "Ильхамово царство"(оьр.). Еженедельник "Коммерсантъ".
- ↑ V съезд партии «Ени Азербайджан» выдвинул кандидатуру председателя партии, Президента Азербайджана Ильхама Алиева на предстоящих в октябре 2013 года президентских выборах. Официальный сайт президента Азербайджана.
- ↑ Ильхам Алиев победил на выборах в Азербайджане . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 23 февралехь
- ↑ President Ilham Aliyev increased last year’s rating and voters’ high confidence VIDEO (инг.). azertag.az. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 апрель.
- ↑ As EU-Azerbaijan Partnership Strengthens, survey shows strong support for Aliyev’s policies | Eupoliticalreport (инг.). www.eupoliticalreport.eu (2019 шеран 11 апрель). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 16 апрель.
- ↑ Владимир Богданов (2003-10-21). "Ильхам Алиев: Новаторство в политике? Ни в коем случае!"(оьр.). «Российская газета».
- ↑ Евгений Шестаков (2005-10-24). "В Баку ждут переворота"(оьр.). «Российская газета».
- ↑ "Азербайджанский экс-министр сознался в подготовке переворота"(оьр.). Лента.Ру. 2005-11-02.
- ↑ 1 2 3 4 "Azerbaijan: Vulnerable stability"(ингалс.). International Crisis Group. 2010-09-03.
- ↑ "Ильхам Алиев получил право избираться бесконечное количество раз". Лента.Ру. 2009-03-19.
- ↑ Zarema Velikhanova. "Азербайджанская оппозиция критикует поправки к конституции"(оьр.). Institute for War & Peace Reporting.
- ↑ 1 2 3 "Конституционный референдум в Азербайджане: продление президентского срока и не только"(оьр.). Би-би-си. 2016-09-24.
- ↑ "Азербайджан: диктатура использует процедуру"(оьр.). Русская служба Радио Свобода. 2016-09-26.
- ↑ Владислав Воробьев (2017-02-21). "Президент Азербайджана назначил свою жену первым вице-президентом"(оьр.). «Российская газета».
- ↑ "Эксперты о назначении жены Алиева вице-президентом: «В Азербайджане формируется неомонархия»"(оьр.). Московский Комсомолец. 2017-02-21.
- ↑ Комментарии Казларича для Meydan TV Архивйина 2019-02-18 — Wayback Machine // Meydan TV, 22.02.2017.
- ↑ "В Баку приняли закон об ответственности за оскорбление президента в сети". РИА Новости. 2016-11-29.
- ↑ "В Азербайджане ввели наказание за оскорбление президента в интернете". РБК. 2016-11-30.
- ↑ "В Азербайджане предложили ужесточить наказание за оскорбление президента". Интерфакс. 2017-04-19.
- ↑ "За оскорбление президента накажут тюрьмой до 5 лет". meydan.tv. 2017-06-01.
- ↑ 1 2 3 4 Сергей Румянцев (2015-09-30). "Ускользающая современность: постсоветская модернизация Азербайджана. Социологическое эссе". Historians.in.ua(оьр.).
- ↑ "Freedom in the World 2018 Azerbaijan"(ингалс.). Freedom House. Архивйина 2019-07-16 — Wayback Machine
- ↑ "Freedom in the World 2015 Azerbaijan"(ингалс.). Freedom House. Архивйина 2019-10-02 — Wayback Machine
- ↑ "Democracy index 2011" (PDF)(ингалс.). Economist Intelligence Unit. 2011. Архивировано (PDF) 2012 ш. 17 июнехь.
- ↑ "Зафар Гулиев: Азербайджан в тисках клана и культа личности". ИА REGNUM. 2011-07-06.
- ↑ International Crisis Group. Europe Report N°207 — 3 September 2010. Azerbaijan: Vulnerable stability Архивйина 2012-07-28 — Wayback Machine
- ↑ Управление делами Президента Азербайджанской Республики — Президентская библиотека — Общая информация .
- ↑ Указ Президента Азербайджанской Республики «Об утверждении Долгосрочной стратегии по управлению доходами от нефти и газа» . base.spinform.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 январь.
- ↑ World Bank Group Azerbaijan Partnership Program Snapshot — апрель 2015. — С. 2.
- ↑ Доклад МВФ по Азербайджану 2014 года (Republic of Azerbaijan: 2014 Article IV Consultation-Staff Report). — С. 4.
- ↑ Президент Ильхам Алиев: «Нефтяной фактор в нашей экономике составляет 30 %» . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 2 июнехь
- ↑ Цыганов, Олег Владимирович. Судьба и время Алиевых // Ильхам Алиев: открытый мир = инг. Ilham Aliyev: Open world. — М.: Хроникёр, 2008. — С. 40. — ISBN 978-5-901238-52-3, ББК 63.3(2)6-8.
- ↑ 1 2 Основные черты экономики Азербайджана . www.webeconomy.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 13 мартехь Архивйина 2018-03-13 — Wayback Machine
- ↑ Freedom House, доклад «Nations in Transit 2017: Azerbaijan», стр. 2: Дуьххьарлера йоза (ингалс.)
The referendum came against a backdrop of social tension driven by deteriorating economic conditions. The dramatic drop in global oil prices in summer 2014 sent the economy into a tailspin and exposed both the lack of long-term economic planning and the weakness of the banking sector. Overreliance on energy revenues (80 percent of the 2015 state budget), combined with heavy dependence on imports for basic commodities, has proven disastrous for the economy. The millions spent hosting the Formula 1 Grand Prix in June was an indulgence the government could ill afford in the wake of the economic crisis.
In January, a series of public protests against price hikes and unemployment erupted around the country. The response was swift and brutal, delivered through tear gas, water cannons, rubber bullets, and mass arrests. - ↑ Указ Президента Украины от 18 ноября 2013 года № 639/2013 «О награждении И. Алиева орденом Свободы»
- ↑ Указ Президента Украины от 19 мая 2008 года № 458/2008 «О награждении И. Алиева орденом князя Ярослава Мудрого»
- ↑ Виктор Ющенко наградил Ильхама Алиева орденом князя Ярослава Мудрого І степени
- ↑ Указ Президента Украины № 982/2010 от 28 октября 2010 г.
- ↑ Указ Президента Республики Беларусь от 24 декабря 2011 года № 594 «О награждении И. Г. Алиева орденом Дружбы народов» Архивйина 2021-08-30 — Wayback Machine
- ↑ "Президент Ильхам Алиев награждён орденом Дружбы народов". AZE.az. 2011-12-24. Архивировано 2014 ш. 22 февралехь. ТӀекхачаран де: 2011 ш. 25 декабрехь. Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine
- ↑ "Патриарх Кирилл вручил президенту Азербайджана орден "Славы и чести"". РИА Новости. 2010-04-24.
- ↑ "Завершился исторический визит Патриарха всея Руси Алексия в Азербайджан". Православие.Ру. 2001-05-29.
- ↑ "Президенту Азербайджана вручён орден МПА СНГ "Содружество"". Агентство Международной информации TREND. 2012-04-09.
- ↑ Распоряжение Губернатора Астраханской области от 18 декабря 2018 № 842-р «О награждении орденом „За заслуги перед Астраханской областью“ Алиева И. Г.» Архивйина 2020-05-27 — Wayback Machine
- ↑ Ильхаму Алиеву вручен орден «За заслуги перед Астраханской областью»
- ↑ Зюганов вручил Ильхаму Алиеву орден
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 "Биография президента Азербайджана Ильхама Алиева". Официальный интернет сайт президента Азербайджанской Республики.
- ↑ "Землячество казаков наградило президента Азербайджана высшим орденом". Агентство Международной информации TREND. 2012-04-04.
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуДейаз
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ "Ильхам Алиев награждён памятной золотой медалью по случаю 30-летнего юбилея ИСЕСКО". Агентство Международной информации TREND. 2012-05-03.
- ↑ "Президент и первая леди Азербайджана удостоены высших наград казачества". Агентство Международной информации TREND. 2012-11-16.
- ↑ "Президент Азербайджана удостоен Почётного золотого знака Всеобщей конфедерации профсоюзов". Агентство Международной информации TREND. 2012-07-03.
- ↑ "Президенту Азербайджана Ильхаму Алиеву присуждена высшая награда – Гран-при ежегодной премии "Персона года 2009"". Информационное агентство TREND. 2010-02-26. Архивировано 2010 ш. 04 майхь. ТӀекхачаран де: 2010 ш. 26 апрелехь.
- ↑ "Президенту Азербайджана Ильхаму Алиеву вручена награда «Друг журналистов» (ФОТО)". Информационное агентство TREND. 2010-12-29. Архивировано 2011 ш. 01 январехь. ТӀекхачаран де: 2011 ш. 01 январехь.
- ↑ "Президенту Ильхаму Алиеву вручена международная награда «Достойный друг Балкан»". 1news.az. 2012-02-27.
- ↑ В Стамбуле состоялась церемония вручения награды «Государственный деятель десятилетия»
- ↑ "Президент Азербайджана Ильхам Алиев объявлен в Румынии «Человеком года»". Газета Бакинский рабочий.
- ↑ "Azerbaijani President is designated "Man of the Year" by "Balcanii si Europa" magazine". Financiarul. 2010-11-26. Архивировано 2016 ш. 01 июлехь. ТӀекхачаран де: 2010 ш. 28 ноябрехь. Архивйина 2016-07-01 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуБиография
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ "Ильхаму Алиеву присвоено звание почетного профессора Белорусского госуниверситета". The First News. 2009-11-12.
- ↑ "Студенты ФГП приняли участие во встрече с президентом Азербайджана И. Г. Алиевым". Факультет глобальных процессов МГУ имени М. В. Ломоносова. 2008-02-22.
- ↑ Почетные титулы на сайте Университета национальной и мировой экономики Болгарии
- ↑ [1] журнал День за днём, 03.2004
- ↑ President Ilham Aliyev awarded title of Honorary Doctor of Korea’s Kyung Hee University // Azertag. 24.04.2007.
- ↑ Почётные титулы на сайте Университета Корвинус Венгрии (Díszdoktorok, díszpolgárok)
- ↑ "Президенту Азербайджана вручена медаль «Почетный гражданин Астрахани»". Агентство Международной информации TREND. 2011-11-30.
- ↑ "Ильхаму Алиеву вручен диплом Почетного доктора Таджикского национального университета". Информационное Агентство "The First News". 2014-10-16.
- ↑ Azerbaijani president included in «500 most influential Muslims of world» book . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 22 июлехь
- ↑ Президент Азербайджана вошел в книгу «500 самых влиятельных мусульман мира» Архивйина 2011-07-06 — Wayback Machine Кеп:Ru icon
- ↑ Александр КРУГЛИКОВ (2010-03-15). "Символ надежды и веры". Газета «Правда». Архивировано 2012 ш. 10 июлехь.
{{cite news}}
: Неизвестный параметр|deadlink=
игнорируется (|url-status=
предлагается) (справка) - ↑ "Торт длиной 50 метров изготовлен к юбилею президента Азербайджана". «Новости-Азербайджан». 2011-12-24.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Президент Азербайджана Ильхам Алиев
- Алиев, Ильхам — статья в Лентапедии. 2012 год.
- (азерб.)Речи, выступления, интервью, заявления Президента Азербайджанской Республики Ильхама Алиева
- (азерб.)Ильхам Алиев и нефтяная дипломатия Азербайджана Архивйина 2011-10-09 — Wayback Machine
- (азерб.)Внешнеполитическая деятельность президента Азербайджанской Республики Ильхама Алиева