Аракуьл
Аракуьл, Аракоьл, Аракюль[1] (азерб. Arakül, Araköl, эрм. Առաքյուլ[2]) / Аракел (эрм. Առաքել)[3] — Азербайджанан Ходжаваьндан кӀоштара йуьрт.
Эвла | |
Аракуьл | |
---|---|
азерб. Arakül | |
39°26′16″ къ. ш. 46°59′51″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Азербайджан |
КӀошт | Ходжаваьндан кӀошт |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 812 метр |
Сахьтан аса | UTC+4 |
Бахархой | |
Бахархой |
|
Картин тӀехь | |
Советийн муьрехь йуьрт йукъайоьдура Азербайджанийн ССР Ламанан-Карабахан автономин областан ХӀадрутан кӀоштана.
1991 шарахь эрмалойн бахархой арабехира.
1993 -2020 шерашкахь йуьрт къобал йанза Ламанан-Карабахан Республикин (ЛКР) карахь йара[3]. 2020 шеран 9 ноябрехь ШолгӀа карабахан тӀом бахьнехь йухайирзина Азербайджанан кара[4][5]., амма ЛКР дог доху оцу эвлана а, гуонахьарчу мехкана а.
Этимологи
бӀаьра нисйанДийцарехь, кхузахь дӀадоьллина I бӀешарахь Сийлахь Эрмалойчохь керсталла даржийна Фаддей асхьабан доӀан дакъа. Цунах схьайаьлла эрмалойн цӀе Առաքյալ[6] [Арак`ял] — асхьаб.
Истори
бӀаьра нисйанАракюль[6][7][8] — Карабахан ширачу эвланех цхьаъ йу.
Аракуьлан бахархойн тайп-тайпана историн муьрашкахь дийзира шайн меттиг йита тӀемаш бахьнехь, ткъа йухабирзича, йохийна ширачу эвлана гергахь керла йуьрт йуьллура[9]. Историн йевза Аракуьл лаьттина кхо меттиг, билламаца царех олу:
- Уггаре шира Аракел[6][7] (V-XIV вв.), лаьттара хӀинцалерачу йуьртан 2 км. къилба-малхбалехьа, ,,Шинатех,, эрм. Շինատեղ олучу меттигехь..
- Шира Аракел[6][7][8] (XVI—XIX бӀешераш).
- Аракуьл[6][7][8](йиллина 1828 шо / 1840 шо).
Шира Аракел (XVI—XIX бӀешераш) йара эрмалойн Дизак меликаллин (олаллин) йукъахь, лаьттара таханлерачу йуьртан кӀеззиг къилбаседехьа. ААК епископан Макаран (Бархударянцан) тешаллица, оцу эвлахь килсан саьлнаш йара, иза Масан цӀе йолу цхьа дикачу тойина зугӀар йина. Напат (эрм. Անապատ [анапат] — гӀум-аренийн) килсан ларраш хӀинца йу Аракюлан кешнашкахь[9]. 1790-гӀа шерашкахь йуьртан бахархой, историн хиламаш бахьнехь, кхин эзарнаш карабахан доьзалшца цхьаьна дийзира шеш беха мохк битина иранан Карадаг регионе охьаховша[6]. 1813 шеран октябрехь Российн империн а, ГӀажарчоьнна а йукъахь Гюлистанан машаран барт бинчул тӀаьхьа, цуьнца Карабахан ханалла дӀайелира Российн империн, бӀенаш карабахан (эмалойн) доьзалш йухабаьхкира шеш баьхначу махка. Аракуьлхойн цхьа дакъа иштта йухабаьхкира шеш баьхначу йуьрта Бердиеткера[6][8] (Բերդիետք).
1828 шарахь[7] или 1840 шо[8], ширачу эвлана кӀеззиг къилбехьа аракуьлхоша йиллира керла эвла (историн хьосташкахь — Керла Аракуьл (Նոր Առաքել[8]). 1873 шарахь дуьйна Аракюль Елизаветполан губернин Джебраилан уездан йукъахь йара[10]Кеп:Привести цитату.
1902—1907 шерашкахь Аракуьлера 1745 шарахь йинчу ширачу килсан меттигехь йиллира Сийлахь Марйаман килс. Килс болх беш йара 1926 шо кхаччалц, 1980-гӀа шарахь тойира[6]. Килсан гаргол (Нижни Новгородан говзанчаша XVIII бӀешарахь боьттина) 1960-гӀа шерашкахь дуьйна лаьтта Арцахан мохкбовзаран музейхь[9].
1890 шарахь Аракуьлехь дӀайиллира килсан ишкол[6].
Советийн заманахь йуьрт Азербайджанийн ССР Ламанан-Карабахан автономин областан Гадрутан кӀоштан йукъахь йара.
Карабахан тӀом
бӀаьра нисйан1991 шеран бӀаьста Азербайджанийн ССРехь къаьмнашнайукъара йукъаметтигаш телхина эрмалойн бахархой арабехира (операци «ХӀоз») ЛКАО ХӀадрутан а, Шушин кӀошташкара 17 эвланара[6][11]. 1991 шеран 13−15 майхь ССРС ЧГӀМ чоьхьара эскарша[12] а, Азербайджанан ЧГӀМ ОМОНа[13] а арабехира Аракуьлан бахархой[14]. Бахархойн цхьа дакъа дӀабигира Азербайджанийн а, Эрмалойн а ССР дозанан кӀоштара Хндзореск эвлана гергарчу арабохучеран лагере. Бисинарш дӀабахара ХӀадруте[6]. Арабохуш меттигера бахархошна ницкъ бира, сийсаз бехира. Иштта «Мемориало» даладо азербайджанан ОМОНан тӀемлой йоӀ хьийзо гӀиртинчу меттигерачу йахархочун дери. ЙоьӀан да гӀоьртира иза кӀелхьарайаккха, амма омонхоша цунна къиза йиттира. 1991 шеран 15 майхь эвла вертолетахь веира кӀоштан комендант полковник А.М.Жуков, цуо ОМОНан гӀуллакххойн эвла йита йийзийтира, амма бахархоша эвла ларйан тӀеман гӀуллакххой ло, депортации сацайе аьлла динчу дехаран жоп ца делира. Иза дӀаваханчул тӀаьхьа эвлара арабахаран болх кхин дӀабаьхьира[15].
1991 шеран бӀаьста Азербайджанийн ССР махкара, доьдуш Карабахан дов долуш эрмалойн бахархойн депортаци йира ЛКАО Гадрутан а, Шушин а кӀошташкара 17 эвлара (операци «ХӀоз»)[6][11]. 1991 шеран 13−15 майхь ССРС ЧГӀМ чоьхьара эскаран дакъоша[16] а, Азербайджанан ЧГӀМ ОМОНо[17] а арабехира Аракуьлан бахархой[14]. Эвлара бахархойн цхьа дакъа дӀабигира депортацин лагере, иза лаьттара Хндзореск эвлана гергахь, Азербайджанан а, Эрмалойн ССРн а йукъара дозанехь. Бисинарш дӀабахара Гадруте[6]. Арабохуш меттигера бахархошна ницкъ бира, сийсаза бехира. Иштта «Мемориало» даладо меттигерачу йахархочун дери, цуьнан йоьӀан ницкъ бан гӀерташ бара азербайджанан ОМОНан тӀемлой. ЙоьӀан да гӀиртира новкъарло йан, цунна къиза йиттира омонхоша. 1991 шеран 15 майхь эвла веира кӀоштан комендант полковник А.М.Жуков, цуо дезийтира ОМОНан гӀуллакххоша эвла йитийта, амма эвла ларйан а, депортацин новкъарло йан а салтий ло аьлла динчу бахархойн дехарна жоп ца делира. Иза дӀавахча эвлан депортаци карлайаьккхира[18]. Оццу шеран июнехь йуьрта ховшийра Эрмалойн ССРера арабаьхна азербайджанаш.
ШолгӀа Карабахан тӀом
бӀаьра нисйан2020 шеран гурахь, ШолгӀа карабахан тӀом болуш, азербайджанийн эскаро схьайаьккхира Гадрутан кӀошт. 9 ноябрехь Азербайджанан президенто Алиев Ильхьама Аракуьлан цӀе йаьккхира азербайджанийн эскаро схьайаьхна нах бехачу меттигийн[5].
Бахархой
бӀаьра нисйан1970[19] | 2015 |
---|---|
278 | ↘134 |
1886 шеран доьзалийн испискийн материалашца, билгалайоху Елисаветополан губернин Джебраилан уездан III декъан Аргюнашан йуьртан йукъараллин Аракуьл 1-ра а, Аракуьл 2-гӀа а эвланаш. Аракуьл 1-рачун бахархой (334 боьрша стаг а, 311 зуда а; 89 цӀа) гойту эрмалой санна, ткъа Аракуьл 2-гӀачун бахархой (42 боьрша стаг а, 35 зуда а; 15 цӀа) — «гӀезалой» (азербайджанаш), уьш бусалбанаш-суннийш[20] бу.
Аракуьл билгалайаьккхина кхин а 1856 шеран «Кавказан рузманехь», дин – Эрмалойн-Григорийн, бахархойн мотт – эрмалойн.
- 1897 шо — 873 ст., алсама эрмалой (Российн имперехь берриг бахархой багарбаран хаамашца)
- 1909 шо — 1082 ст., коьртаниг эрмалой (1910 шеран «Кавказан рузманца нах беха меттигийн испискица)
- 1911 шо — 1101 ст., алсама эрмалой[21]
- 1912 шо — 1235 ст.
- 1917 шо — 191 доьзал (1917-1921 шерашкара «Нах беха меттигийн испискица»)
- 1921 шо — 1091 ст., 180 доьзал
- 1939 шо — 1380 ст.
- 1970 шо — 307 ст.
- 1976 шо — 195 ст.
- 1979 шо — 330 ст.
- 1987 шо — 253 ст.
- 1991 шо — 257 ст.
- 2005 шо — 107 ст.
- 2015 шо — 134 ст.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Кеп:Карта/Бк/J
- ↑ Нагорно-Карабахская Автономная Область // Армянская советская энциклопедия(эрмал.). — Ер.: Академия наук АрмССР, 1978. — Т. 4. — С. 582. Архиван копи 2022 шеран 26 январехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ 1 2 ЦӀе Ламанан-Карабахан Республикин административан-мехкан бекъабаларца йара
- ↑ Президент Ильхам Алиев: Победоносная Азербайджанская армия освободила от оккупации еще 48 сел, 1 поселок и 8 стратегических высот . ТӀекхочу дата: 2021 шеран 7 август. Архивйина 2021 шеран 11 декабрехь
- ↑ 1 2 Ильхам Алиев объявил об освобождении сел между Шушой и Ханкенди . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 9 ноябрехь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 Е.Каграманян. История Аракюля (арм.яз) ՎԵՐԱԾՆՎՈՂ ԱՌԱՔՅՈՒԼԻ ՀԱՄԱՌՈՏ ՊԱՏՄՈՒԹՅՈՒՆ. — Ереван-Аракюль, 1994—2000-гг,.
- ↑ 1 2 3 4 5 Кеп:Книга:Мкртчян:Историко-архитектурные памятники
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Макар Бархударянц. Арцах (армянский). — 1895. Архивйина 2020 шеран 12 майхь.
- ↑ 1 2 3 Мкртчян Ш.М. Историко-архитектурные памятники Нагорного Карабаха / Ред. В.М. Арутюнян, Б.А. Улубабян. — Ер.: «Парберакан», 1989. — С. 106—107. — 360 с. — ISBN 5-540-00402-7.
- ↑ "Список населенных мест по Кавказскаму календарю 1910 года".
- ↑ 1 2 Карабахская война . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 август. Архивйина 2019 шеран 6 февралехь
- ↑ Министерство обороны СССР . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 август. Архивйина 2019 шеран 26 мартехь
- ↑ ОПОН (Азербайджан) . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 август. Архивйина 2019 шеран 9 майхь
- ↑ 1 2 Мемориал. Хронология конфликта . ТӀекхочу дата: 2008 шеран 14 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 20 октябрехь
- ↑ Хронология конфликта
- ↑ Министерство обороны СССР . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 август. Архивйина 2019 шеран 26 мартехь
- ↑ ОПОН (Азербайджан) . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 август. Архивйина 2019 шеран 9 майхь
- ↑ Хронология конфликта
- ↑ Армянская советская энциклопедия (арм.) / под ред. Վ. Համբարձումյան, Կ. Խուդավերդյան — Հայկական հանրագիտարան հրատարակչություն, 1974.
- ↑ Свод статистических данных о населении Закавказского края, извлечённых из посемейных списков 1886 г.. — Тифлис, 1893.
- ↑ «Кавказский календарь на 1912 год Архивйина 2018-10-23 — Wayback Machine». Типография канцелярии наместника Е. И. В. на Кавказе, казённый дом, Тифлис, 1911 шо Стр. 125.
Литература
бӀаьра нисйан- Кеп:Книга:Мкртчян:Историко-архитектурные памятники
- Макар Бархударянц: Арцах (Баку 1895 г.)