Ахме́д Султанали́евич Ата́вов (1961 шеран 23 февраль, Хаси-Эвл, Дагестан, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀата кепара латархо, СССР а, Российн а, Европин а, дуьненан а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, абсолютни йозаллин категорехь дуьненан чемпион, дуьненан Кубок йаьккхинарг, СССР Сийлахь спортан говзанча (1989).

Ахмед Султаналиевич Атавов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла паргӀата кепар латархо
Клуб Спартак, Черкесск, Динамо[d], Красноярск
Вина терахь 1961 шеран 23 февраль({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Хаси-Эвл, Дагестан, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1974-1990
Тренераш
Локхалла 184 сантиметр
Йозалла 100 кг

Лата Ӏама волавелира 1974 шарахь Хаси-Эвлехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Салимхан Нуцалханов. 1977 шарахь шен тренерца цхьана иза Черкесске дӀавахара. 1982 шарахь цо чекхйаьккхира Карачаево-Черкесски пединститутан фазкультуран факультет.

1983 шарахь иза Красноярске дӀавахара. Цигахь цуьнан тренер вара Дмитрий Георгиевич Миндиашвили. 1987 шарахь цо СССР чемпионатехь дато мидал йаьккхира. Иштта цу шарахь цо йаьккхира дуьненан Кубкан дато мидал. 1988 шарахь цо дуьненан Кубок йаьккхира.

1989 шарахь иза СССР а, дуьненан а чемпион хилира, дуьненан абсолютный чемпион а хилира. Ахьмад ву дуьненахь цхьаъ бен воцу паргӀата кепара латаран дуьненан абсолютный чемпион.

1991 шарахь спорт йитинчул тӀехь иза Москва дӀавахар. Цигахь цо бизнес лелира. Тахана Хаси-Эвлахь вехаш ву иза.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан