Багаман ГӀайренаш
Бага́ман ГӀайренаш (инг. Bahamas), юьззина официалан цӀе — Бага́ман ГӀайренийн ДоттагӀалла[1] (инг. Commonwealth of the Bahamas) — Карибийн хӀордан а, Кубан а къилбаседехьара, Флорида ахгӀайренан къилба-малхбалехьара иштта цӀе йолчу гӀайренаш тӀиера пачхьалкх. Архипелаг йукъадогӀу 700 гергга гӀайре (царех нах беха 30 гӀайрен тӀехь) а, 2000 маржанийн гӀайре а.
Багаман ГӀайренаш | |||||
---|---|---|---|---|---|
Commonwealth of the Bahamas | |||||
| |||||
Девиз: «Forward Upward Onward Together» | |||||
Багаман Гимн | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 10 июль 1973 (Йоккха Британех) | ||||
Официалан мотт | ингалсан | ||||
Коьрта гӀала | Нассау | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Нассау | ||||
Урхаллин тайпа |
Йоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин йукъара маьрша пачхьалкх[1]; конституцин монархи[2] |
||||
Пачхьалкхан корта Генерал-губернатор Премьер-министр |
Елизавета II Пиндлинг Маргерит Муннис Губерт |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 13 878 км² (156-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 28 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 321 834[3] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2012) | $11,055 миллиард долл. (151-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | $31,382 долл. | ||||
АДКИ (2013) | ▲ 0,794[4] (лакхара; 49-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Багаман доллар (BSD, код 44) | ||||
Интернет-домен | .bs | ||||
Код ISO | BS | ||||
Код МОК | BAH | ||||
Телефонан код | +1-242 | ||||
Сахьтан аса | -5 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[5] | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Этимологи
бӀаьра нисйанЦӀеран маьӀна билггала хууш дац, оцу хьокъехь шиъ коьрта гипотеза йу. Цхьана гипотезца, цӀе схьаяьлла меттигера метта декъан фраза «Taíno ba ha ma» («доккха лакхара йуккъера латта»)[6]; вукха гипотезца, цӀе схьаяьлла испанхойн дешнех «baja mar» («гомха хи» / «гомха хӀорд» я «хӀорд чубожар»), цуо гойту оцу кӀоштара хи гомха хилар. Кхин цхьа ойла а ю, и цӀе схьаяьлла хила тарло меттигерчу «Гуанахани» метта декъан дешах, маьӀна цуьнан билгал ца даьлла[7].
Истори
бӀаьра нисйанДуьххьара Багаман гӀайренаш тӀехевшинарш лору лукаянаш (кхузара йу цӀе Лукайн гӀайренаш[8]), аравакийн тайпанан га, уьш кхуза кхаьчна IX бӀешо гергга долуш. ГӀайренаш дӀадиллина Колумб Христофора 1492 шарахь. Архипелаган цхьа гӀайре —Уотлинган гӀайре (Сан-Сальвадор) — 1492 шеран 12 октябрехь дӀадиллинчу Керла Дуьненан латта ду. Цул тӀаьхьа кхо шо даьлчи дуьххьарлера испанийн колонихой дӀатарбелира архипелаг тӀехь.
Испанхоша меттигера бахархой дӀабуьгура Эспаньоле (Гаити) лайш бан, 25 шо даьлчи индахойн бахархой берриг аьлча санна дӀабевлира, ткъа испанхоша йитира и меттиг.
Кхин а бӀешарахь гӀайренаш лаьттира нах кӀезиг болуш, оьшуш доцуш, Ингалсан паччахьо Карл I-чо инарлан прокуроран уьш дӀадаллалц. 1650 шарахь кхуза кхечира Бермуда гӀайренаш тӀиера кӀеззиг мухажираш-ингалсхой, цара эвла йиллира Эльютера гӀайрен тӀехь. Оццу хенахь Багамаш тӀетарбала буьйлабелира хӀордан талорхой, кхоьллира архипелаган масех гӀайрен тӀехь шайн кеманаш тодан а, садаӀа а базанаш. Багаман гӀайренаш тӀиера талорхой лаьхкира ингалсхоша 1718 шарахь.
-
Багаман гӀайренаш
-
Багамаш космосера 2009 шарахь. NASA сурт
-
Багамашкара ишкол
-
Круизан лайнер-кеманаш Нассаун бухтехь
-
Багаман гӀайренаш тӀиера колледж
Хьажа ишта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 84. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
- ↑ Censimento Bahamas 2010 .
- ↑ Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Peter Barratt. Bahama Saga: The epic story of The Bahama Islands. — 2004. — P. 47.
- ↑ https://www.etymonline.com/word/bahamas
- ↑ Лукайские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Официальный сайт Багамских Островов.
- Багамские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Багамы на карте мира Архивйина 2010-12-22 — Wayback Machine.
- Энциклопедия «Кругосвет».