Беки́м Абдю́ль Баля́й (алб. Bekim Abdyl Balaj; 1991 шеран 11 январь, Шкодер) — албанера футболист. Иза ловза «Штурм» цӀе йолу клубехь а, Албанин гулйина тобанехь а.

Футбол
Беким Баляй
Bekim Balaj 2016.jpg
Юкъара хаамаш
Вина терахь 1991 шеран 11 январь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})[1][2][3][…] (30 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
2002—2009 Албани Влазния
Клубан карьера[* 1]
2009—2010 Албани Влазния 30 (9)
2010—2011 Туркойчоь Генчлербирлиги 1 (0)
2011—2012 Албани Тирана 37 (15)
2012—2014 Чехи Спарта (Прага) 25 (6)
2013—2014 Польша Ягеллония 31 (7)
2015—2016 Хорвати Риека 46 (18)
2016—2019 Росси Ахмат 61 (12)
2019—таханналц Австри Штурм 13 (5)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Клубашкахь ловзарНисйе

Баляй ловза волавелира «Влазния» цӀе йолу Албанера клубехь. 17 шо кхаьчча цо дакъалецира шен Албанера лакхара лигехь хьалхара ловзарехь «Беселидья» (Лежа) цӀе йолу тобанан дуьхьула 2008 шеран 17 майхь[4]. 2009/10 шерийн сезонехь Баляй хилира «Влазнин» коьрта тобанан декъашхо. 2010 шарахь кхоьчу Албанера футболистца Одисе Роши и шиъ ваханера Франци «ПСЖ» клубе шаьш гайта, амма Францехь царне реза ца хилира. 2010 шеран 17 июнехь Баляйс 4 шеран контракт йира «Генчлербирлиги» цӀе йолу Турцера клубац. Турцин Суперлигехь иза цкъа бен ца левзира, 90-гӀа минутехь «Галатасарайн» дуьхал хьешахь ловзуш кхоьчу футболистан меттан араваьлла[5]. 2011 шарахь Баляй «Влазния» а, «Тирана» а цӀе йолу Албанин клубаш шайгхьа ловза кхайкхира. Оцу шеран 20 январехь цо «Тиранехь» шина шарахь ловзур ву аьлла барт бира. Оцу бертахь цуьнан шеран алап хуьлура €70 000 сезонехь. Оцу шеран 18 августехь Баляйс цхьа гол чутуьхира 2011 шеран Албанин Суперкубкехь. И гол йоцург кхи чутоха аьтту ца белира цунан цу шарахь. 2016—2019 шерашкахь иза левзира Соьлжа-ГӀалин «Ахматехь».

Гулйина тобанехь ловзарНисйе

Беким Баляй масийттуза левзира Албанин берийн а, кегирхойн а гулийна тобанашкахь. 2010 шаран 17 февралехь иза дуьххьара левзира Албанин коьрта гулйина тобанехь иза Косово пачхьалкхан гулйина тобанан дуьхьала ловзуш. Оцу ловзарехь цо шен гулйина тобанехь хьалхара гол туьхура. Иштта Португалехь оцу пачхьалкахн гулйина тобанан дуьхьуьла ловзуш Баляйс чутоьхна голас нахана тамашена хетта толам беккхира цуьнан тобанан.

Ловзарийн статистикаНисйе

ТобананНисйе

2018 шеран 12 октябрь хьолан
Команда Сезон Чемпионат Кубок Кхи ериг Еррига
Лига Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш
  Влазни 2009/10 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 30 9 0 0 4 0 34 9
Итого 30 9 0 0 4 0 34 9
  Генчлербирлиги 2010/11 шерийн Турцийн футболан чемпионат Лакхара 1 0 1 0 2 0
Ерриг 1 0 1 0 2 0
  Тирана 2010/11 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 13 2 1 1 14 3
2011/12 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 24 13 0 0 2 0 26 13
2012/13 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 2 0 2 0
Ерриг 37 15 1 1 4 0 42 16
  Спарта (Прага) 2012/13 шерийн Чехин футболан чемпионат Лакхара 12 3 0 0 5 1 17 4
Ерриг 12 3 0 0 5 1 17 4
  Ягеллони 2013/14 шерийн Польшан футболан чемпионат Лакхара 31 7 6 2 37 9
Ерриг 31 7 6 2 37 9
  Славия (Прага) 2014/15 шерийн Чехин футболан чемпионат Лакхара 13 3 1 0 14 3
Итого 13 3 1 0 14 3
  Риека 2014/15 шерийн Хорвати футболан чемпионат Лакхара 15 9 3 1 18 10
2015/16 шерийн Хорватин футболан чемпионат Лакхара 31 9 4 1 2 0 37 10
Ерриг 46 18 7 2 2 0 55 20
  Ахмат 2016/17 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 26 9 1 0 27 9
2017/2018 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 13 0 0 0 13 0
2018/2019 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 7 0 1 1 8 1
Ерриг 46 9 2 1 48 10
Массо цхьаьна 216 61 18 6 15 1 249 68

Гулйина тобанехьНисйе

Ерриг: 35 ловзар / 6 гол; eu-football.info.

КхиамашНисйе

Тобанан кхиамашНисйе

  «Влазния»

  • Албанин Кубкан толамхо: 2007/08

  «Тирана»

  • Албанин Кубкан толамхо (2): 2010/11, 2011/12
  • Албанин Суперкубкан толамхо: 2011

  «Спарта Прага»

  • Чехин чемпионатехь 2-гӀа меттиг: 2012/13

  «Риека»

  • Хорватин чемпионатехь 2-гӀа меттиг (2): 2014/15, 2015/16

Шен кхиамашНисйе

  • Албанин Суперлиган тоьлла къона футболист: 2011/12

БилгалдахаршНисйе

  1. http://www.tff.org/Default.aspx?pageId=30&kisiId=1343828
  2. Transfermarkt.com — 2000.
  3. (unspecified title)
  4. Beselidhja Lezhe 4:2 Vllaznia Shkoder (ингалс.). — footballdatabase.eu. Теллина 15 апреля 2016.
  5. Galatasaray 0:2 Genclerbirligi (ингалс.). — soccerway.com. Теллина 15 апреля 2016.

ХьажоргашНисйе