Бамба (гӀирс)
Бамба — бамбин хӀуш къовлу ораматан тай; ораматийн тайнех уггаре даьржина ладаме а, бораха а бу[1].
Оьрсийн техникин литературехь XIX бӀешеран шолгӀа декъе кхаччалц «бамба» дешан меттана лелайора «бамбин кехат» термин, их ахӀинца а йисина дешнашкахь: бамбин кехатан кӀади, бамбин кехатан промышленность, кхин а[1].
ХӀоттам
бӀаьра нисйанБамбин тай цхьа ораматан клетка йу, иза кхуьу хӀун чкъуьйригах. Цхьаьна тайн стоммалла — 15—25 мкм; цуьнан дохалле хьаьжжина (5 – 60 мм), цунах кечдина эханган классификаци йо доца тай, йуккъера тай, дуткъа тай олий, цул тӀаьхьа тайп-тайпана кечйо. Тай йеса шен семан гуонаха хьаьрчина биргӀа йу (1 мм йукъахь 7—10-зза). Тай кхиаре хьаьжжина, ӀаьӀа целлюлоза, тӀаккха тайн чӀогӀалла тӀекхета. Химин хӀоттамца 95 % лаьтта целлюлозех, йисина 5 % — даьттан а, минералийн а эдарш ду[2][3].
Башхалош
бӀаьра нисйан- Йу лакхара гигроскопалла (тӀуналла озоран таро). Тай дистича доккха хуьлу шен чухоамца 40 % гергга. Кхечу кӀадех къаьсташ, бамбин чӀогӀалла тӀунбелча лагӀ ца ло, ткъа тӀекхета (15 % гергга).
- Шен чӀогӀаллица буста мегар ду дарица (нагахь натуралан тайнийн датӀаран Ӏаткъам буьстича); чӀогӀаллица ормил оьшу, амма тоьлу тӀергӀал.
- Муьлхха а натуралан кӀади санна, экаме ду серлонна — 940 сахьтехь маьлхан зӀаьнарша Ӏаткъам бинехь чӀогӀалла шозза охьайолу.
- Дарел алсама экама ду йехачу хенахь лакхара температурийн Ӏаткъамна — кхаа дийнахь-бусий 150 °C дохдина лаьттича чӀогӀалла шозза охьайолу.
- Йовхонан пластикалла йу — дохдинчул тӀаьхьа таро йу кеп «дагахь латто» (кхечу дешнашца аьлча — иту тохало), цуо таро ло бамбин костюман кӀадешна синтетикин тайнаш йукъатоха, иза тодархьама.
- Тайн бе́са хӀоттам хиларна дика йовхолатторан амалаш йу.
- КӀадеш кеч а ца деш атта хьерча а хьерча, даа а ло; даадаларна дуьхьала латтар тодо тӀе синтетикин кӀадеш тухий (капрон); лакхара хьерчар дӀадоккху карбамидоформальдегидан йа меламинформальдегидан силамца ца хьерчийта болх бой.
- Кхин натуралан тайш санна, ца деша органикин дашоргаш чохь (масала, зингатийн мусталлаш, къонзин, спирт чохь), цуо таро ло и атта карош йолу реактиваш кӀадеш тӀера томмагӀаш дӀадохуш лело. Амма, экама ду Органикин доцу мусталлашна а, щелочашна а; щелочашца кечдо (масала, дагош долу натрца), кӀадеш деш лела а до (хьаьжа Мерсеризаци).
- Экаме ду микроорганизмашна (кхечу дешнашца аьлча — дахкало).
Богучу хенахь бамбанах йолу дагийна кехатан[4] хьожа. ТӀуналлин-йовхонан кечдаран маго температура — 130 °C.
Бамбийн тайнех дина кӀади тоьлуш хилар: арахецар дорах хилар, дика гигиенин хьелаш хилар (гигроскопилла а, хӀаваъ чекхдаларца а цхьаьна), тӀехь дика кепе хӀоттар. Иэшамаш: тилар, даадалар, хьерчар (башха кеч ца дича), серлонна экаме хилар (дукхаха долу натуралан кӀадеш санна), онда деформацин жима барам бахьнехь кӀади дукха озадалар.
Истори
бӀаьра нисйанБамбин йиъ кеп (лат. Gossypium arboreum, Gossypium barbadense, Gossypium herbaceum, ма-барра бамба), дика хьаьжча хӀора ша-ша, лело йолийра кӀадеш дан, бамба лело болийра Шира а, Керла а Дуьненан йеа регионехь[5].
Органикин бамба
бӀаьра нисйанОрганикин бамба[en] — генетикин модификаци ца йеш, химин удобренеш, инсектицидаш, пестицидаш ца лелош хӀух кхиийна бамба, аьлча а «экологин цӀена сурсатан» низамца кхиийнарг[6].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Орленко Л. В. Хлопок // Терминологический словарь одежды. — 1996.
- ↑ Баженов, В. И. Материалы для швейных изделий. — 1982.
- ↑ Мальцева, Е. П. Материаловедение швейного производства. — 1986.
- ↑ Шульпин, Г. Эти разные полимеры (ru) // Наука и жизнь. — 1982. — № 3. — С. 80—83.
- ↑ C. Wayne Smith, J. Tom Cothren. Cotton: Origin, History, Technology, and Production. John Wiley & Sons.1999, p.3
- ↑ Made in USA — Органический хлопок . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 30 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 20 майхь Архивйина 2014-05-20 — Wayback Machine
Цитатийн гӀалат: Тег <ref>
«BSE_3» цӀарца, кху <references>
йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.
<ref>
«BES» цӀарца, кху <references>
йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.Литература
бӀаьра нисйан- Хлопчатобумажные ткани // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Хлопок // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Русское хлопковое сообщество
- Хлопковая одиссея — статья из № 25/1999 газеты «География» издательского дома «Первое сентября».
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Cotton(ингалс.) |