Батыркин

Невран кӀоштара дӀатесна йурт, Нохчийчоь.

БатыркинНохчийн Республикин Невран кӀоштара дӀатесна нах беха меттиг.

ДӀатесна нах беха меттиг
Батыркин
Батыркин
43°46′15″ къ. ш. 45°40′33″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Невран
Истори а, географи а
Йиллина 1890
Центран локхалла 68 м
Климатан тайпа Барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Идентификаторан терахьаш
Автомобилан код 95
Картин тӀехь
Батыркин картан тӀехь
Батыркин
Батыркин картан тӀехь
Батыркин
Батыркин картан тӀехь
Батыркин

Лаьттара кӀоштан йукъ йолчу Новр-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьа.

Уггаре гергара нах беха меттиг — Постни кӀотар — 6 км къилба-малхбузехьа яра.

Топонимаш

бӀаьра нисйан

Батыркин кӀотаран кӀоштахь лаьтта Ӏам Яманкую. Гидрониман цӀе ногӀийн маттара йолчух тера ду: «яман» - гӀуо, «кую» - гӀу. Аьлча а боьха, мала пайден доцу хи долу гӀу (хьост)[1].

Батыркую – Савельевски эвлан къилбаседа-малхбалехьара гIу йолу меттиг Батыркинан кIотар лаьттинчохь. ЦIе, билггала, туьркийн маттах яьлла: бух «Батыр» - ногӀийн долара цIе (Турпал), «кхую» - гIу. «Батыран гIу»[2].

Батыркин кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. КӀотар хилла хьалдолчу гӀалагӀазкхийн Жуков Григорийн а, Дериглазов Федотан а. ЦӀе схьаяьлла церан даьхнашца кхуза охьахиинчу ялхочун Батыркан цӀарах. Амма миска белхало хьийзош, жашшан дайша олуш хилла цунах шайна луъург – Ахтырка, Бахтырка, Батырка, цундела, хетарехь, оцу кӀотаран кхо цӀе ю: Батырка, Ахтырка, Бахтырка. Ялхочун Батыркин цкъа а даьхний ца хилла, я шен доьзал ца хилла. Дерриг шен дахарехь ваьцна хьалдолчу гӀалагӀазкхашна, диина гӀийла даар, шарахь цкъа хьоладайша цӀуокан я бассамин коч, хеча луш хилла.[3]

1947 шеран картин тӀаьхь Батыркин билгалаяьккхина жима кӀотар санна[4]. ТӀаьхьа гуттаренна а бахархой болу нах беха меттигах йира уьстагӀийн сурсатан ферма (УСФ; 1985 шеран хьолашкахь)[5]. 1980-гӀа шераш чекхдовлуш дуьйна УСФ Батыркин билгалйоккхура карташ тӀаьхь «нах ца беха меттиг санна»[6][7]. 1995 шарахь хьалха кӀотар лаьттинчохь Батыркинан жоьла бен яцара[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.625
  2. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.626
  3. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.625-627
  4. Карта Дагестанской АССР, масштаб 1:400000. — М.: ГУГК, 1947.
  5. Топографические карты. К-38-8. Свх. Шелковский
  6. Топографические карты. К-38-IV. Наурская
  7. Топографические карты. К-38-Б. Грозный
  8. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь Объём 8 МБ.